en
Feedback
ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

Open in Telegram

Соьх йуьсар йолу лар.. @yurtarayo1_bot

Show more
3 280
Subscribers
-324 hours
+157 days
+15730 days
Posts Archive
Хьуна гондахьа хьарам дерг даржар, и дан магийна ду бохург дац хьуна, нах бахьанехь хьайн дин тӀера ма валалахь, вай массара
Хьуна гондахьа хьарам дерг даржар, и дан магийна ду бохург дац хьуна, нах бахьанехь хьайн дин тӀера ма валалахь, вай массара а дита дезаш ду хьуна хӀара дуьне.

Хьан зуда - хьан lиндагl ду. Хьо нийса хилахь, иза а нийса хир ду.

Voice message09:40

Боккъалла а, хаза масал дара шуна АллахIан Элчанехь.
(Къуръан 33:21)

"..Цуьнан ﷺ бӀаьрса лаьтта охьахьаьжна дара, цхьаьнге а леррина ца хьоьжура иза. Шен накъосташна тӀе воьдура иза, дуьхьалкхеттачаьрга салам а луш."
🪶 ат-Тирмизий.

Делан дуьхьа хилларг дуьсар ду, кхидlа дерг хабар а хилла дlадера ду.

Voice message01:05

Ах метар маж а йина, урам lадийна машенчохь лоькхиташ эшар а йолуш, цlармат кеч а белла, ара бевлла болу мехкаршна юххе машен а кхуьссуш, царна сигналаш а етташ хьо лелаш, Хаттlаб кlантана lумарна ган везар хьо, цо цец воккхур вара хьуна хьо.

«Вовше дезалаш, вовшах къастар хаамца хуьлуш дац шуна. Вовше хатталаш, цхьанне а ца хаьа шуна, шен тӀаьххьарлера цхьаьнакхета
«Вовше дезалаш, вовшах къастар хаамца хуьлуш дац шуна. Вовше хатталаш, цхьанне а ца хаьа шуна, шен тӀаьххьарлера цхьаьнакхетар, къамел маца хир ду. Вовше хуьлу хало ловш хилалаш, «дависарг» бохучу дашо дӀакхелхинарг юха ца валаво шуна. Аша вовшашна олу хаза дош дика ду шуна, веллачул тӀаьхьа цунна хьажа тӀе дохучу бартел а».
Шайх Ӏали ТӀантӀави

«ШайтӀано цхьана стагах (кхин шега галваккхалур вац аьлла) дог диллича, зударийн питане кхойкху цо иза.»
© СаӀид ибн аль-Мусаййиб

САЛАВАТАШ ДАХКАР Аллахlан Элчано ﷺ аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна, Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӀера итт гӀалат а дӀадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву.» Сахьихь ал-ЖамиӀ: 6359.

photo content

Сахьабашка Аллахاах кхера аьлча, бاаьргех хи долура церан. Амма хاокху заманахь «хьайга хьажа, сан сайн каш ду» олу.

sticker.webp0.07 KB

«Ирсе верг - дуьнено ирсе винарг вац хьуна. Боккъалла а ирсе верг - жоьжахатах кӀелхьара ваьлларг ву хьуна.»

Voice message08:29

«Генарчу наханна хьехарш муха до, шена уллерачарна тешаме воцчо?»
Аль-Джáхьиз | «аль-бухалáъ»

«Суна милла а мегаш яцара». Вала вирзина волу воккхачу стаге хаьттина боху: «Хьайн хен зуда хاунда ца ялийнера ахь?» - аьлла.
«Суна милла а мегаш яцара». Вала вирзина волу воккхачу стаге хаьттина боху: «Хьайн хен зуда хاунда ца ялийнера ахь?» - аьлла. «Суна милла а мегаш яцара, къаьсттина иман, оьздангалла, гاиллакх а долуш зуда лоьхуш дاаяхара-кх сан хан», - аьлла жоп делира боху цо. Ткъа оццул хан йоккхуш кху дуьненахь, кара ца йира хьуна цхьа а аьлча, кара-м дера йира, амма иза яра-кх иштта сифаташ долу къонах лохуш, элира боху воккхачу стага.

Адам довзар совгlат ду, ма-дарра довза ца гlиртичхьана.

t.me/setlanguage/chechen3 Нохчийн маттахь телеграмм)