en
Feedback
ирсехан.

ирсехан.

Open in Telegram

«🤎» дагахь дерг «🪶» пайде дерг

Show more
316
Subscribers
+124 hours
-27 days
-1330 days
Posts Archive
أَعُوذُ بِاللهِ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ аlýзу биллáxlи ан акýна миналь-джáхlилиина. маьlна: «со Аллахlаца ларло жехlaл нахах хиларна».

«Дела дуьхьа хlyма дича, цунна дуьхьал хlyма лоьхур дац ахь». — хьехархо РИУ

ирс ду хьан нохчийн йоӏ – хьо нохчи хиларна. лам санна вежарийн йиша хьо хиларна. оьздачу, дикачу де-ненан йоӏ хиларна. хьайн мехкан сий а деш, хьайн некъ ахь бахьарна!

اللَّهُمَّ صَلِّ عَلَى مُحَمَّدٍ وَآلِ مُحَمَّدٍ‎

факультет ШН звучит посерьёзнее)) новая глава, которую я так ждала, альхьамдулиллахl за новую ступень✨

догӀанан хьожа а йуьтуш, цхьана дикане сатийсам а буьтуш, тийна тӀебогӀу товбецан бутт.

«зуда маьрша ца хуьлу, шарlo шена тlедехкинарш кхочушдарца бен. шарlо охьатеlорах маьрша йаьккхина и, талхарх маьрша йаьккхина и, массо сакхте долчух маьрша йаьккхина. цо дóладина цуьнан, сий а дина, чlагlйина, ларйина».

«пIераскан дийнахь уггаре гIоли, тоьлуш верг – Пайхамарна (ﷺ) дукхаха салават дуьллуш верг ву». Мусаннаф Iабдурраззáкъ, 5337.

IабдуллахI Ибн Абу Бакр ал-Ансáрийс (رحمه الله) аьлла: «пIераскан дийнахь уггаре гIоли, тоьлуш верг – Пайхамарна (ﷺ) дукхаха салават дуьллуш верг ву». Мусаннаф Iабдурраззáкъ, 5337.

IабдуллахI Ибн Абу Бакр ал-Ансáрийс (رحمه الله) аьлла: «пIераскан дийнахь уггаре гIоли, тоьлуш верг – Пайхамарна (ﷺ) дукхаха салават дуьллуш верг ву». Мусаннаф Iабдурраззáкъ, 5337.

хьайна баккъалла дукха везаш волчу бусулба вешийна ахь къайлаха доӏанаш дийр ду, цуьнга вон деача хьоьга а вон догӏур ду. ма ирс дара-кх хьо велчул тӏаьхьа «ма диканиг вара-кх хьенех!» аьлла хьох даггара ала дош долуш бусулба ваша висар, цо хьуна гечдар дехар.

ша зleне а ваьлла, захало кховдош верг ша волчу вита веза, хlyнда аьлча и нийса кхетамца лелаш ца хиларна, эхь дайна хиларна билгало йу.

шена сом делча Даймохк хасточо, ши сом делча и бохка а тарло.

СУРАТ АЛЬ-ХЬАШР [19-21]
«Къуръан доьшуш долуш – ладогӀа цуьнга, гӀовгӀа ма е, шух къинхетам бан тарло».

Аллахӏ хьехорехь йухакхеттачунна дегнаш бодане хуьлуш ду, сингаттаме хуьлуш ду. шайна тӏе цхьа бала беъча, собарца чекх ца бовлало уьш. хӏунда аьлча дегнаш Аллахӏ хьехорехь йуха а кхетта сингаттаме ду церан, боданехь бу уьш. делахь а, Аллахӏ хьехош долу дог иза нуьре ду. Аллахӏ хьехийча хуьлуш ду дегнаш нуьре. Аллахӏ хьехийча хуьлуш ду дегнаш синтеме. Дала ма-аллара: «ца хуьлу тӏаккха дегнаш синтеме Аллахӏ хьехош долу, дац тӏаккха дегнаш синтеме Аллахӏ хьехош долу?!»

photo content

умматан хьал диц ма де шайн доӀанашкахь, гӀелонехь болу вайн бусалба вежарий, йижарий биц ма бе!

сингаттамо дог бодане даьккхича, салават дилларо нуьре доккху и. хlaй, Аллахlaн элча, Делера салават салам хуьлда хьуна.

пlepаскан дийнахь уггаре деза зикр пайхамарна (ﷺ) салават диллар ду, хlунда аьлча деношха уггаре деза де пlераскан де долун дела а, пайхамаршах уггаре веза пайхамар вайн пайхамар хиларна а. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «шун денойх уггаре деза де пlераскан де ду, суна (цу дийнахь) дуккха а салават дилла аша». Шайх lабдул lазийз ат-Тlарифий.

СУРАТ АЛЬ-МАИДА [72-73]
«Къуръан доьшуш долуш – ладогӀа цуьнга, гӀовгӀа ма е, шух къинхетам бан тарло».