348
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
348
ассаламу lалайкум варохьматуЛлохlи вабарокатухl
т1е бог1уш Ромадан мархийн бутта бу, х1ай къуран ца доьшаш верг, хьан х1ун бехказло ю? Аллах1ан къамел деша ца 1амо х1ун бехказло ю хьан, Аллах1ан доьхьал хоьттича муьлха жоп лура ду ахь? "йиш яцар сан" - эра ду ахь? хьай коьртачохь сурт хотта де ахь иштт Аллах1ан жоп луш. Дуьнен т1аьхь вала йиш хилир хьан, эхартан т1аьхь вала йиш ца хили хьан? Ткъа т1еххьаре мича кхечи хьо? Воьрзу меттиг миче хили хьан? Хьо ма вара "бусулба наха эхарта хаьржин, кериста наха дуьне хаьржин" баьхначерах. Б1аьрса доцуш нах бу вайна къуран деша хаар дуьцара дац, дегге къуран дагахь хууш. Хан яц бохурга харц къамел ду, хьун хан елларг Аллах1 ву, ахь нийса хьажош яц хьан хан. Хьан г1улкхаш хьо велла д1аваллалц хира долуш ду, хьан болх хира бу, накъости хира бу, зуда, бераш, хьеши иштта кхин д1аъ долу г1улкхаш. И х1умнаш цкъа д1адоьрзар долуш дац, ахь айхьа харжа езаш ю хьайн хан. "Г1улкхаш д1адовлац" - бохуш хьо 1аш валахь, хьан г1улкхаш цкъа д1адоьрзар долуш дац. Цхьа х1ума дитни бен къуран 1амош дац, делахь а къуран дитин кхин х1ума муха т1е лоцар ду?
348
Repost from Асланан кIант Iумар
🔗 Со кхан СаIудехь хир ву ин ша АллахI. Вицвелла зеIне валаз висинчун хоуьтуш яздо ас хIара кху чу بارك الله فيكم !
348
рийаъ а, нахана мотталгӀа лелор а: Абу СаӀийд аль-Худрийс (АллахӀ реза хуьлда цунна) дуьйцу “АллахӀан Элча (АллахӀер къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхо долче аравелира тхо дадджал хьехош долуш, цуо элира тхоьга “Ас дийци шуга со шун цу дадджалелла чӀогӀа кхоьраш долу хӀума?” оха элира “Дийца.” Цуо элир “Къайлахь долу ширк ду иза, – стаг ламаз дан дӀахӀоьттина, кхечу стаган ша гича шен ламаз хаза а деш.” иштта шин сохьихьангахь Муслим, Бухари чохь деан ду: “ша хазийта лаьаш верг АллахӀа цу хӀуманцани йоьхьӀаржа хӀоттора ву, ша гайта лаьаш верг АллахӀа цу хӀумангахь гучавоккхар ву иза…”
فصول في بيان الشرك الأصغر…
348
اللهم أصلح أحوال المسلمين في فلسطين
Аллохlумма аслихь ахьваалаль-муслимиина фии филастlыйн.
йа Аллахl, Палестинехь болу бусулба нехан хьелаш та де Ахь…
348
гуттаре ирча, дог Ӏовжош долу хӀума иза – нохчий махках бохуш цу юкъахь дакъа лоцуш цхьаболу шаьш “нохчи” бу аьлла цӀе ерш хил хилар ду…!!
348
дагчохь жимма нохчалла йолчо диц дан мегар дац хӀара тарийх. Мацаллах, хьогаллах, шийлонах леш. Меттахь висин ар ца валлуш верг герза тоьхна вуьш. Лазийна больницехь верг иштта вуьш. Бух цхьа а ца вуьташ, жимниг, вокхниг, зуда, бера, цхьаъа къеста ца веш махкара ара ваьккхина, йа вийна, йа вагийна. Диц дан мегар дац иза ирча хьал…!!
