en
Feedback
Tolib_

Tolib_

Open in Telegram
348
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
الْأَخِلَّاءُ يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ إِلَّا الْمُتَّقِينَ цу дийнахь (массо) накъости гӀовши мостагӀи хира бу АллахӀах кхерра боцурш...

Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда хьуна, хlай нахалахь уггаре а тоьлла верг. اللهم صل وسلم على نبينا محمد Аллохlумма солли ва саллим lалаа набиййинаа Мухьаммад…

Ӏадиййу ибн Хьатимах дуьйцу (АллахӀ реза хуьлда цунна) АллахӀан элчанас (АллахӀер къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: “Шух хӀоранца а АллахӀа къамел дийра ма ду, юкъахь цхьаъа гочдийриг воцуш, аьтто агӀор хьожур ву иза, цунна ша лелийнаиг бен гур дац, юха аьрро агӀора хьожар ву иза, цунна ша лелийнарг бен гур дац, шен хьалха хьожар ву иза, цунна жӀоьжгӀатий гур йу шен йоьхь доьхьлахь. Цу жӀоьжгӀатах ларлойла шу, ах хурма бен яцахь а (сагӀийна луш).” Бухари…

АллахӀа вайн марханаш къобул дойла, вай мел йина дика Ӏамалш а, доӀнаш а къобул дойла…

АллахӀан Ӏибадат динчунна дӀаболуш бу хӀара бутт, иштта АллахӀан Ӏибадат ца динчунна дӀаболуш бу, амма къемата дийнахь ша динчу Ӏибадатан стоьмаш карор верг Ӏибадат динарг бен вац…

“лайлатуль-къоди хӀара буьйса йу, йа сийсарлерниг йу, йа хӀоккху числохь йу” бохучу къамелах дӀахада хьо, хьан коьртаӀалашо хӀора буса Ӏибадат дар хилийта, билглонашцани буьйсанаш къеста ца еш, хьан Ӏибаданатгахь хьой мал а ца веш. Хьо цу буса Ӏибадат деш хиллехь АллахӀа йал лура йу хьуна, ахь билглонашцани леха оьшаш йац иза, мухле хьай Ӏибадат хӀору буса де, тӀакх шеко йоцуш цу буьйсанна Ӏибадат дина хира ву хьо, цхьа билгло ма гиннехь шен Ӏибадатангахь малвеллачух тера хира вац хьо…!!

بسم الله кӀад ма лолиш, йиснарг йокх ханна йац…

عن عائشة - رضي الله عنها - قالت: قلت: يا رسول الله أرأيت إن علمت أي ليلة ليلة القدر ما أقول فيها؟ قال: قولي: «اللهم إنك عفو تحب العفو فاعف عني» Ӏаишатах дуьцу (АллахӀ рез хуьлийла цунна) цуо элир аьлла: Ас элира: - «ХӀай АллахӀан элча, суна лайлатуль къодр буьйса муьлханарг ю хиъча ас хӀун ала деза? Цуо элира (АллахӀер къинхетам а, маршо а хуьлийла цунна): - ахь ала: «АллохӀумма иннаКа Ӏафуввун, тухьиббуль Ӏафва фаӀфуӀанни». йа АллахӀ, баккъалла Хьо гечдийриг Ву-кх, гечдара дезаш а Ву-кх, гечдехьа суна. 📓ат-Тирмизи, ан-Насаи, Ахьмад, инб МаджахӀ...

чу довла…

мархий бутт дӀабаьлча хьайн дагахьбаллам буьсар болу хӀуманаш ма лела де…

Repost from Tolib_
пlерискан дийнахь цхьа сахьта ду Аллахlа доlан жоп луш – маьркъижа хан хила цхьа сахьта дисича ду иза. Шайн доlанашкахь халонехь болу бусулба нах биц ма бе, Палестинер бусулба нах биц ма бе…

дийнахь шен маттаца а, бӀаьрсаца а, лергашца а марха хилийта деза, веккъа йаахӀумнах юхакхетта воцуш…

Repost from Tolib_
имам Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хаалахь, дийнахь Дела хьехо уггаре а сийлахь, еза хан - Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа йолу хан юйла» "اعلم أن أشرفَ أوقات الذكر في النهار الذكرُ بعدَ صَلاةِ الصُّبح". ал-Азка‌р, ан-Нававий, 155…

марха достуш деш долу доӀа ذَهَبَ الظَّمَأُ وابْتَلَّتِ العُرُوقُ وثَبَتَ الأَجْرُ إِنْ شَاءَ الله хьогалла а дӀаели, пхенаш а тӀундели, йал а хили АЛЛАХӀАН лаамца…

وغير تقي يأمر الناس بالتقى * طبيب يداوي الناس وهو عليل шегахь (АллахӀах) кхерар доцуш нахега кхера бохуш верг — нахана дарба деш волу лор ву, ша цомгуш волуш…

хьайн де АллахӀ хьахаварцани, Цунна хастам барцани доладе…

Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда хьуна, хlай нахалахь уггаре а тоьлла верг. اللهم صل وسلم على نبينا محمد Аллохlумма солли ва саллим lалаа набиййинаа Мухьаммад…

АллахӀа Шен лайшан гечдаран бутт бу из…