ي
Open in Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
Show more189
Subscribers
No data24 hours
-27 days
-530 days
Posts Archive
189
يا طالب الجنة ، بذنب واحد أخرج أبوك منها ، أتطمع في دخولها بذنوب لم تتب عنها؟
التبصرة (٢٩٨/١)
«ХӀай Ялсамани езарг, цхьа къа бахьанехь араваьккхина ма вара хьан да цу чуьра, айхьа тоба дина доцучу хьайн къиношца цу чу вахарх хьоьгу хьо..?»
Имам ибн аль-Джаузи رحمه الله
189
Бусулба стагана тIехь ду, шен берашна бусулба йолу нана харжар, шен Делан хьакъ а, шен майрчун хакъ а, берийн хьакъ а девзаш йолу. Шен динна а, пайхамаран (ﷺ) суннатана а бала болу нана харжар.
АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух хIоранне а хуьлийла баркалле (шукур деш) дог а, АллахI хьехон мотт а, шен майрчуьнан эхарт тодарехь гIо деш йолу бусалба зуда а» Сахьийхьул-жамиI, 4409.
Шайх Нажийб Жалвáхь ал-Жазáирий
189
аьхь хета вайна ше вешега ала:
хьо соьх ву хьуна, ткъа со хьоьх ву!
аьхь ца хета вайна и ала неха йоlе!(((
189
Ибну Iаббаса (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйца, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«АстагIфируллахI дукха бохучунна АллахIа массо гаттонах паргIато йийра ю, массо сингаттамах синтем бийра бу, иштта, цуьнга хьесап далурдоцуш рицкъа а лур ду!»
Абу давуд
189
قال رسول الله ﷺ:
«مَنْ سأَلَ اللَّه تَعَالَى الشَّهَادةَ بِصِدْقٍ بلَّغهُ اللهُ منَازِلَ الشُّهَداءِ وإنْ ماتَ على فِراشِهِ»
АЛЛАХӀАН Элчано ﷺ аьлла: «АЛЛАХӀЕ баккъалла а даггара шахӀид волуш валар дехнарг, АЛЛАХӀА иза шахӀийдийн даржашка кхачор ву, иза шен меттахь лахь а»
(Муслим: 1909)
189
87:14
قَدْ أَفْلَحَ مَن تَزَكَّىٰ
Декъал хилла ц|анвелларг,
87:15
وَذَكَرَ اسْمَ رَبِّهِ فَصَلَّىٰ
Шен Делан ц|е а йаьккхина, ламаз динарг
87:16
بَلْ تُؤْثِرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
Х|етте а, шуна дуьненахь долу дахар г|олехь хетта
87:17
وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ
Эхартара дахар тоьлуш а, деха а доллушехь
87:18
إِنَّ هَٰذَا لَفِي الصُّحُفِ الْأُولَىٰ
Боккъалла а, х|ара ширачу хьарчорашкахь д|айаздина ду -
87:19
صُحُفِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ
Ибрах|иман а, Мусан а хьарчорашкахь
189
ибну Касийрас (Аллах1а къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Бакъо д1ах1оттош, я диканиг де олуш, вониг ма де олуш волу х1ору стаг зуьш ву, цуьнан дарба дац Аллах1ан доьхьа собаре хилар бен, Аллах1ера г1о дехар, Цуьнга верзара бен.»
Тафсиру ибни Касир…
189
Ала: «Нагахь шайна Аллахl везахь, суна тlаьхьадаза - тlаккха Аллахlана шу а дезар ду. Цо шун къиношна геч а дийр ду. Ткъа Аллахl - Гечдийриг, Къинхетамбийриг ву».
189
إِنَّ اللَّهَ وَمَلَائِكَتَهُ يُصَلُّونَ عَلَى النَّبِيِّ ۚ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا صَلُّوا عَلَيْهِ وَسَلِّمُوا تَسْلِيمًا
Баккъалла а, Аллахlа а, Цуьнан Маликаша а, салават дуьллу Пайхмарна. Хlай иман диллинарш! Аша а дилла цунна салават, салам а ло маршаллийца.
Сурат аль-Ахьзаб аят 56
189
ВаллахӀи, со йан ма йац хьан диканех цхьа дика бен!
Дуьххьара баркалла АллахӀана ду-кх, цул тӀаьхьа баркалла хьуна ду-кх, хӀай сан нана, со тахана кхаьчначу хьолана!
АллахӀа уггаре дика хӀуманца бекхам бойла хьуна!
ХӀай хьайгара дика луш ерг!
ХӀай къинхетаме дог хьайгахь дерг!
Хьуна лерина ду-кх хӀара къамел, хӀай, мехала жовхӀар!
ХӀай цӀена хӀума хьайгара схьадолуш ерг!
Сан бӀаьргара хиш дӀадаьхна ерг!
Суна кхачий, маларрий хьайн куьйгаца даийна йолу!
Иза ю-кх и, шен дагах суна Ӏан меттиг йина йолу!
Шен бӀаьргаш суна хехо бина йолу!
Хьуна совгӀат дина кховдадо-кх ас, со олуш ву-кх «АллахӀа хьуна уггаре дика хӀуманца бекхам бойла!»
Йа АллахӀ сан нана ларъе Ахь!
189
قال رسول الله صلى الله عليه و سلم:إذا لم تستح فاصنع ما شئت
Делан Элчано аьлла: (Делера салам маршал хуьлда цунна):Хьайна(Делах) эхь ца хетахь,хьайна луург де ахь
189
Къуръан дагахь Ӏамора - хӀора дийнахь хьан уггаре коьрта Ӏалашо хила езаш ю. Цхьа аят, цхьа могӀ, цхьа агӀо йа цулла сов, цу къуръан чуьра хӀумма ца Ӏамош цхьа-а де дӀа ма дахийта хьайн, тахан дуьйна дӀаволлой. Цхьа могӀ Ӏамийна а, ца Ӏамош-м Ӏийра вац хьуна со - але.
189
Шен динах а вели и, йа зуда а ца хили цун)
«Бусалба а волуш, кхалхар ло Ахьа суна. Дикачу нахах дlа а тоха Ахьа со!». 12:101
189
«Дагчохь Делах кхерар бахьана долуш Ӏенийначу бӀаьрхиша, цу чуьра (дагчуьра) боьхалла дӀайойъу, дӀайоккху гӀайгӀаналла а. Ма ирсе ву-кх, шен бӀаьргаш Далла хьалха кхоьруш белхийнарг!»
189
Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда хьуна, хlай нахалахь уггаре а тоьлла верг.
اللهم صل وسلم على نبينا محمد
189
Адам пайхамарна суджуд цадина аьлла, АллахIа Шен къинхетамах а даьккхина эккхийна шайтIа. Ткъа, хьо Адам пайхамаран Дела волчу АллахIана суджуд (ламаз) деш вац, тIаккха хьайн хьал мел тиша хир ду аьлла хета хьуна?!
189
Шуна ца деза тарло хlума, шайна дика долу. Шуна деза а тарлуш ду шайна вуодерг. Аллахlана хаьа шуна гlолехь дерг, ткъа шуна ца хаьа. 2:216
