ي
Open in Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
Show more189
Subscribers
No data24 hours
-27 days
-530 days
Posts Archive
189
Iумар ибн Iабдул Iазиза, АллахIа къинхетам бойла цуьнах, аьлла: "Нахана гуш долчуьнгахь иблисан наьIалт кхайкхош, нахах къайлахь долчуьнгахь цунна муьтIахь а хуьлуш ма хила хьо".
ЗахIрул Ада́би, ва Самарул Алба́б, агIо: 1/64.
ي
189
Иман сов мел долу, майралла а совйолу. Вайх уггар майраниг, вайх иман чlогlо дерг ву.
Шайх, Дуктур: Файсал Хьувайтlий
ي
189
Цу Палестинхошна хlора ша бусулба ву бохучо сагат дан дезаш ду, шен ницкъ кхочуш агlора гlо дан а дезаш ву: куьгаца, дехница, къамелаца, дош аларца, доl дарца…!!
ي
189
Ибн Iусаймина, АллахIа къинхетам бойла цуьнах, аьлла: "Дикачу нахаца гергарло леладе ахь, хьо тилвелча нисвийр ву хьуна цара, галваьлча само йийр ю цара, вицвелча хьуна дагадоуьйтур ду цара, хьуна ца хуург Iамадийр ду цара".
ي
189
Бусалба зуда муха хила еза шариlато ма-бохху? Нахаца йолу юкъаметтиг муха хила еза цуьнан? Лело мегарг, ца мегарг хlун ду?
Зударий шина декъе бекъало:
- Марехь боцурш.
- Марехь берш.
Марехь йоцу бусалба зуда хила еза:
1. Аллахlана муьтlахь.
2. Деца-ненаца дика.
3. Божаршца ца мегаш йолчу юкъаметтигах ларлуш.
4. Дегара я цуьнан метта волчу шен велигара пурба даьккхина бен ара ца йолуш.
5. Дала ма-бохху д1акъовлаелла.
6. Бlаьрса хьулдеш.
7. Эхь доцуш, гlиллакх доцуш божаршца къамел ца деш.
8. Эхь хеташ.
Марехь йолу бусалба зуда хила еза:
1. Аллахlана муьтlахь.
2. Хlусамдена муьтlахь, Дела реза волчу хlуманехь.
3. Хlусамда шега хьаьжча цуьнан самукъадоккхуш.
4. Хlусамдена гlо деш, Далла муьтlахь хиларна тlехь.
5. Хlусамда реза воцу адам цуьнан хlусаме ца далош.
6. Шен хазалла хlусамдена бен гучу ца йоккхуш.
7. Хlусамден къайле хьулъеш.
8. Собаре хуьлуш хlусамдеца, цуьнан таронах кхачамбеш.
9. Хlусамда цlера ваьлча, цуьнан сий лардеш, шен дегlехь а, хlусамден ахчангахь а.
10. Иза цlа веъча дашца я леларца цунна халахетар ца деш.
11. Хlусамда цхьаьнге ца вуьйцуш, цунна лен ца луьш, сардамаш ца духкуш.
12. Шеца хlусамда вон хилча, цо дина диканаш ца дина ца бохуш.
ي
189
Цхьайолу йаххьаш цу дийнахь нур лепаш хира йу. Шайн Деле хьоьжуш а хира йу уьш. Ткъа кхийолу йаххьаш цу дийнахь кхоьлина хира йу. Уьш шайна хира болчу бохаман ойла йеш хира йу. 75:22-25.
ي
189
Repost from 𝐥𝐛𝐧-𝐬𝐡𝐢𝐬𝐡𝐚𝐧.
Ассаламу lалайкум.
Вайна канал даржош дакъа лаца луушчунна.
https://t.me/muwahhidsunna
Дала диканца бекхам бойла!
189
Суннат ламазаш:
- Делкъа ламазан хьалхара 4 ракаlат суннат ду, тӀаьхьара 2 ракаlат ду.
- МаьркӀижа ламазан тӀаьхьара 2 ракаlат суннат ду.
- Пхьуьйра ламазан тӀаьхьара 2 ракаlат суннат ду.
- Ӏуьйра ламазан хьалхара 2 ракаlат суннат ду.
ي
189
Олуш масал дукх: «Доттагlчо шех тервеш ву»
Ма йоккха башхалла ю хьа куьг лаьцна хьо ялсмане вуьгачу доттагlни,
хьа куьг лаьцна хьо жоьжагlате вуьгачу доттагlни юккъехь!
ي
189
Элчано, къинхетам а, маршо а хуьлда цунна Аллахlера, аьлла: «Ислам дин лелош волучу муьлххачу АллахIан лайна, шен лаамехь парз-ламазел а сов хIора дийнахь шийтта ракаIат ламаз деш волучу, билггала цIено дугIур ду АллахIа ялсаманехь». Муслим: 728.
ي
189
Аллахlан Элчано ﷺ аьлла: "Суна цхьа салават диллинчунна, Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӀера итт гӀалат а дӀадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккур ву." Сахьихь ал-ЖамиӀ: 6359.
ي
189
Шу вовший дезаш хиллалц.
Элчано, къинхетам а, маршо а хуьлда цунна Аллахlера, аьлла: "Ялсамане гIур ма дац шу - ийман аша диллалц. Дуьззина ийман долуш хир ма дац шу - вовшашна деззалц. Аш и дича шу вовшашна дезар долу хIума дийций ас шуна? Шайна юккъехь салам даржаде".
Муслим: 54
ي
189
وقال مالكٌ، يُلبسون على أنفسهم ؛ ويطلبون من يعرفهم...
Маликас аьлла, Аллахlо къинхетам бойла цунах, Шайна тlе Шеконш юхку цара, цул тlаьхьа иза шайна билгал дийра дерг лоьху цара!
ي
