en
Feedback
Ирсе т1аьхье

Ирсе т1аьхье

Open in Telegram

(Ирсе т1аьхье гулам лелош волчунга) юха йоьрза заьl.↙️ @irsetehe_bot Хаттаршна жоьпаш кху чу дохкар долуш ду.⬇️ @irsetehe_hattar_jop

Show more
1 050
Subscribers
-324 hours
-87 days
-3530 days
Posts Archive
اللهم صل على محمد وعلى آل محمد كما صليت على إبراهيم وعلى آل إبراهيم إنك حميد مجيد، اللهم بارك على محمد وعلى آل محمد كما باركت على إبراهيم وعلى آل إبراهيم إنك حميد مجيد.

📚Хьехам:Мекка Охlлунах хилла болу Табиlуйнаш. Ворхlалгlа дакъа......

Мекка_Охlлунахl_хилла_болу_Табиlуйнаш_7_.m4a51.94 MB

📚Хьехам:Мекка Охlлунах хилла болу Табиlуйнаш. Ялхолгlа дакъа......

Мекка_Охlлунахl_хилла_болу_Табиlуйнаш_6_.m4a39.02 MB

Аллахlа къинхетам бойла вайна дика хилболчу Салафшах, Аллахlа даржаш лакха дохийла церан. Аллахlа Ислам,Суннат тlехь дахар,кхалхар лойла вайна. اللهم أمتنا على الإسلام والسنة.

"lилма хьаэцар" lилма lамош верг сиха вала ца веза иза lамош, Йа дерриге хlума цхьанне хьаэца хьажа ца веза, lилма жим-жима хьаэца дезаш ду, коьрта-коьртаниг хьалха доккхуш: قال ابن شهاب الزهري رحمه الله تعالى: العلم إن أخذته بالمكاثرة غلبك ولم تظفر منه بشيء، ولكن خذه مع الأيام والليالي أخذا رفيقا تظفر به.حلية الأولياء. Хьиль-Ятул Авлияъ чохь деан Ибну Шихlаб Аз-Зухlрис (Аллахlа къинхетам бойла цунах) элар аьлла: lилма ахь дукха хьаоьци хьуна тlехь тоьлар ду хьуна иза,тlакх цунах цхьанне хlумне кхочар вац хьо, Делахь эца ахь иза схьа деношца,буьйсанашца (жим-жима схьаоьцаш) кlеда схьа эцарца тlаккха кхочар ву хьо цунга (тоьлар ву хьо цуна тlехь). قال ابن شهاب الزهري رحمه الله تعالى: مكثت خمساً وأربعين سنة أختلف بين الشام والحجاز، فما وجدت حديثا أستطرفه! -أستبعد مكانه.حلية الأولياء. Хьиль-Ятул Авлияъ чохь деан Ибну Шихlаб Аз-Зухlрис (Аллахlа къинхетам бойла цунах) элар аьлла: Шовзткъе пхиъ шарахь lийна со (лелла со) Шема воьдаш, Хьижазе вогlаш, Цхьаъ хьадийс долу меттиг,суна генахь дар-кх иза аьлла хетта ма дац (мел гена махкахь хиларх иза схьа эца воьдар со, хьадийс схьа эца воьда меттиг гена лаьрра ма яц ас). قال علي بن الحسن بن شقيق: كنت مع عبد الله بن المبارك في المسجد في ليلة شتوية باردة فقمنا لنخرج فلما كان عند باب المسجد ذاكرني بحديث أو ذاكرته بحديث، فما زال يذاكرني وأذاكره حتى جاء المؤذن فأذن لصلاة الصبح.الجامع لأخلاق الراوي وآداب السامع Аль-Жамиl Лиахлакъир-Ровий Ва Адабис-Самиl чохь деан lалий ибнуль Хьасан ибни Шакъийкъ боха: lабдуллахl ибнуль Мубарокца Маьждиг чохь вар со lана шийлачу буьйсана, Тхо хьалагlойтира ара довла (маьждиг чуьра), Маьждиган неlре тхо кхойчча цхьа хьадийс хьахира цуо,йа ас хьахдира цунга карла доккхаш, Ас цунга карла доккхаш,Цуо соьга карла доккхаш тхаьшшиъ дlа ма ца велар (оцу хьолехь волчара хьадийс карла доккхаш), Молла кхойкхачо схьа веан lуьйра Ламазан мол кхайкхалца. قال سعيد ابن المسيب رحمه الله إن كنت لأغيب الأيام والليالي في طلب الحديث الواحد.الجامع لأخلاق الراوي وآداب السامع Аль-Жамиl Лиахлакъир-Ровий Ва Адабис-Самиl чохь деан Саlийд убнуль Мусаййиб (Аллахlа къинхетам бойла цунах) элар аьлла: Хийла денош,буьйсанаш дlамайоьлхар сан цхьаъ хьадийс хьоэца воьди (деношкахь, буьйсанашкахь некъ беш лелар цхьаъ хьадийс схьа эца воьди). قال ابن شهاب الزهري رحمه الله: تبعت سعيد بن المسيب في طلب حديث ثلاثة أيام.حلية الأولياء. Хьиль-Ятул Авлияъ чохь деан Ибну Шихlаб Аз-Зухlрис (Аллахlа къинхетам бойла цунах) элар аьлла: Саlийд ибнуль Мусаййибан тlехь хоьттан ма лелла со кхаъ дийнахь цхьаъ хьадийс лохуш . عن قال عكرمة: كان ابن عباس يجعل في رجلي الكبل -القيد-، ويعلمني القرآن والسنن.حلية الأولياء،الطبقات الكبرى. Хьиль-Ятул Авлияъ чохь،ишт Ат-Тlобакъотуль Кубро чохь деан, lикримат боха: Ибну lаббас хилар хьуна сан когашна буржолаш одаш, Къуръан,Сунаташ lамош суна. قال أبو العالية رحمه الله: كنا نسمع الرواية عن أصحاب رسول الله صلى الله عليه وسلم بالبصرة فلم نرض حتى ركبنا إلى المدينة فسمعناها من أفواههم.الجامع لأخلاق الراوي وآداب السامع  Аль-Жамиl Лиахлакъир-Ровий Ва Адабис-Самиl чохь деан Абуль lалиятас (Аллахlа къинхетам бойла цунах) элар аьлла: Тхо Басратехь долуш Аллахlан Элчан (Соллаллохlу lалайхlи васаллам) Асхьабашкар хьадийс хазар тхуна (тхойга схьакхачар иза), Делахь тхо реза ма ца хилар Мадийнате дlа дагlан церан багар иза тхайна хаззалца. سُئل الطبرانى رحمه الله: عن كثرة حديثه , فقال: كنت أنام على البوارى - أي الحصير - ثلاثين سنة.تاريخ دمشق. Тарийх Димашкъ чохь деан Ат-Тlобароне (Аллахlа къинхетам бойла цунах) хаьттан хиллера цунан дукха хуаш долчу хьадийсашах лаьцна? Цуо жоп деллер: Шовзткъе итта шарахь кегий тlулгашна тlе дlавижан со (Цунан мотта иза кегий тlулгех хилла). قال يحيى بن سعيد القطان رحمه الله: كنت أخرج من البيت قبل الغداة فلا أرجع إلى العتمة.الجامع لأخلاق الراوي وآداب السامع. Аль-Жамиl Лиахлакъир-Ровий Ва Адабис-Самиl чохь деан Йахьйа ибну Саlийд (Аллахlа къинхетам бойла цунах) элар аьлла: lуьйра Ламазан ханна хилле ара валар со хусмер, Пхьуьйра хан хиллалца цlа ма ца вагlар со.

📚Хьехам:Мекка Охlлунахl хилла болу Табиlуйнаш. Пхоьалгlа дакъа......

Мекка_Охlлунахl_хилла_болу_Табиlуйнаш_5_.m4a42.57 MB

📚Хьехам:Мадийнат Охlлунахl хилла болу Табиlуйнаш. Доьалгlа дакъа......

Мадийнат_Охlлунахl_хилла_болу_Табиlуйнаш_4_.m4a43.36 MB

"Аль-Асвад ибну Йазийд" عن أبي إسحاف قال:قالت عائشة أم المؤمنين: ما بالعراق أحد أعجب إلي من الأسود بن يزيد. الطبقات الكبرى لابن سعد،الزهد لأحمد. Ибну Саlд дийцан ше Ат-Тlобакъотуль Кубро чохь, Ишта Ахьмад ибну Хьанбал дийцан ше Аз-Зухlд чохь Абу Исхьакъер: Муъмин нехан Нанас lаишат элар аьлла: lирокъехь цхьаъ ва ма вац сан тамашбар шех чlогlа долуш Аль-Асвад ибну Йазийдал. عن أبي إسحاق قال: أن الأسود طاف بالبيت ثمانين ما بين ححة وعمرة.الطبقات الكيرى لابن سعد. Ибну Саlд дийцан ше Ат-Тlобакъотуль Кубро чохь Абу Исхьакъер цуо элар аьлла: Боккъалла Аль-Асвад (ибну Йазийдас) дезткъа Тlоваф дина хьаджехь,lумратехь (цхьан тоьхча). Аллахlа къинхетам бойла вай дик хилболчу Салафшах.

"Пlераскан Де" حدثنا أبو الأحوص،عن أبي إسحاق،عن هبيرة،عن عبد الله قال: إن سيد الأيام يوم الجمعة،وسيد الشهور رمضان.مصنف ابن أبي شيبة. Имам Ибну Аби Шайбат дийцан ше Мусоннаф чохь lабдуллохl элар аьлла: Боккъалла деноши эла дерг Пlераскан Де ду, Батташи эла берг Ромадон бу. حدثنا أبو معاوية،عن الأعمش،عن مجاهد،عن عبد الله بن ضمرة،عن كعب قال: الصدقة تضاعف يوم الجمعة.مصنف ابن أبي شيبة. Имам Ибну Аби Шайбат дийцан ше Мусоннаф чохь Каlб элар аьлла: Пlераскан Дийнахь (луш долу) сагlа сов доккхаш ду. حدثنا ابن فضيل،عن حصين،عن هلال بن يساف،عن كعب قال: وإنه لتضاعف فيه الحسنة والسيئة وإنه يوم القيامة.مصنف ابن أبي شيبة. Имам Ибну Аби Шайбат дийцан ше Мусоннаф чохь Каlб элар аьлла: Боккъалла оцу дийнахь (Пlераскан) дика а,гlо а сов доккхаш ду, Боккъалла иза (Пlераскан Де) Къемат Де (шена чохь дlахуттар дерг) ду. اللهم أمتنا على الإسلام والسنة، اللهم متعنا بالإسلام والسنة وبارك لنا فيهما.

📚Хьехам: Уггаре лакхар lилман тlекъа,lилман бух уьш: Аллахlан Элчан (Соллаллохlу lалайхlи васаллам) Асхьабаш бу. Кхоалгlа дакъа......

Уггаре_лакхар_lилман_тlекъа_Асхьабаш_бу_3_.m4a50.94 MB

📚Хьехам:Уггаре лакхар lилман тlекъа уьш :Аллахlан Элчан (Соллаллохlу lалайхlи васаллам) Асхьабаш бу. Шолгlа дакъа......

Уггаре_лакхар_lилман_тlекъа_Асхьабаш_бу_2_.m4a58.73 MB