564
Subscribers
No data24 hours
-17 days
-630 days
Posts Archive
564
Repost from N/a
Кхоьллина хилла-те вайн синош довза?
Кхоьллина хилла-те гергара хила?
Цкъа мацах вайн тептар йазйечу хенахь,
Хилла-те йазйина, хьан б1аьра хьежа.
Гергара вайн синош,
Терачу амалшца.
Кхочийла эхарте,
Ца къаьсташ д1аса.
Ловр дац сан даго,
Ца хилахь уллехь хьо
Кхин цкъаа ца къастал,
Хьерчи сан синах хьо.
Х1ора а хенахь,
Сан ойланехь веха хьо.
Ца хервина сан даго,
Цкъаа шен до1анах.
Хаалахь хьо ларвар доьху аса доггаха,
Хьо ларван ницкъ кхочуш волчуьнга, даимна.
Ца хилча хьан дог-ойла,
Ца хуьлу сан а.
Хаало сан сина,
Г1айг1ане хьо хилар.
Хьан бала – сайн бала хеташ т1елоцу аса,
Дуй-те иза, вайн синош вовше доьг1на хилар?
