putnik
Open in Telegram
فاصبر صبرا جميلا Пᴩᴏяʙи жᴇ ᴋᴩᴀᴄиʙᴏᴇ ᴛᴇᴩᴨᴇниᴇ.
Show more265
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
265
кху заманахь бусулба уммат уггаре а хьашт дерг ду зударий шайн динехь ч|аг|балар. х|унда аьлча цхьа зуда шен динехь ч|аг|ъялар эзар стаг ч|аг|валарал а новкъ ду мунафикъашна. ткъа цхьа зуда шен динах йохаран бохам нисбийр бац хьуна эзар стаг ч|аг|валора а! хьо лахара м хетахьа! хьуна хаийла, ша лахара хета йиш йоцу рицкъ лоруш дуй хьо! зуда шен динах йохар, г|иллакхах йохар, цунна шена хилла ц |аш, массарна а бохам бу! ткъа динехь зуда нисъялар, шен оьздангалла, г|иллакх цо лардар - массарна а толам а бу!
265
Мы таим в наших сердцах боль, которую делим только со Всевышним, и только Он видит наши сердца, поглощённые временами отчаянием и бессилием, всякий раз, когда тухнет свеча, помните, что свет Аллаха никогда не потухнет
И когда опустятся руки, вспомните, что вслед за тяжестью всегда приходит двойное облегчение .
Помощь от Аллаха близка, и мы сильнее, чем мы думаем .
265
ВаЛлох1и, шунна ца хаьа и мал парг1ато йу, хьайга цхьа а вуо ойланца, меца ж1ала санна хьожур воцийла хууш, дерриге дег1 д1а а хьулдина, г1ийла мохо хьайн духар лаьста даьш, Аллах1ан хьой хаза хетий хууш, наханна йуккъехула йахар, Йа Робби, ма ирс ду-кх и. ма ца хаьа-кх шуна, аша и лелийна дацахь, ма ч1ог1 а ирс дайна ду-кх шу...
265
- Стеган даг чохь тавхьид ч|аг| мел ло а. Цуьнан ийман а, синтем а, Далла т|е болх биллар а, делах тешар а ч|аг| ло.🍂
265
Эхарталла дуьненан дахарна рез хилла-теш уьш, м к|еззиг х|ума йу-кх и дуьненан дахар, эхартаца юьстича.(9:38)
265
Ибну Мас|уда (رحمه الله) аьлла: «Шегара къа дожарна кхоьруш, лекха лам буьххьера ша чу вожарна кхоьруш санна хьал хуьлу хьуна, бокъалла а ийман диллина волу бусулба стеган кийрахь. Амма |еса волчунна, шен т|е хиина болу моз санна, кхи цхьа а новкъарло ц хуьлу цунна шен къиношха… .»
265
«Аллах|ан а, цуьнан элчанна а муьт|ахь хилалаш, къийса а м лолаш вовшашца - нагахь аша и леладахь, дог - ойла а йужур йу шун, ницкъах а девр ду шу. Собаре хилалаш, х|унда аьлча Аллах| - собаречаьрца ву» 8:46.
265
Цхьана а адамана ца хаьа, шайн б|аьргашна хьулдина х|ун самукъа ду, цара динарг бахьанехь, бекхамна. 32/17
265
Къинош дар адмо шен лагах тосуш заь|а ю, и цун лагах тесчера д|амацайастало цо Деле гечдар дехарци бенна, тоба дарци бенна.
