en
Feedback
ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

Open in Telegram

АллахIан Элчано (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ДIакхачаде соьгара, цхьа айат бен из дацахь а» [Бухари: 3461]

Show more
1 312
Subscribers
No data24 hours
-107 days
-5630 days
Posts Archive
sticker.webp0.00 KB

السلام عليكم ورحمة الله وبركاته кхана цхьа дика болх бу хила безаш, цу балхехь вайг хьалхе яккхийта алий, диканца дерзийта алий шайн доlанна юккъе лацийша вай. Аллахl реза хуьлийла шуна!

sticker.webp0.00 KB

«Малайкех лаьцна»
1:00 - Малайкаш дерриш цхьа босса дац, дозалле диллича. Уггаре деза долу малайк Джабраил ду. 3:00 - Джабраил малайки 600 тlам бу. Иштта малайкех ду шишша тlам берш а, кхоккха, биъ-биъ тlам берш а. 4:30 - Массо малайки цlераш вайн йийцина яц. Бух болуш вайн йийцина малайкин цlераш 8 ю: 1. Джабраил 2. Микаил 3. Исрофил 4. Хlарут 5. Марут 6. Мункар 7. Накир 8. Малик 5:20 - Ялсаманна тlехlоттийна малайк цlе Ридван ю бохаг бух болуш дац. Саоьцу малайк ду, цуьнан цlе lазраил ю бохаг бух болуш дац. Саоьцу малайк аьлла и цуьнан куц ду, цlе яц. 6:30 - Малайкашна тlебехкина баккхий белхаш бу. И белхаш кхочуш бан Аллахlа царна ницкъ а белла. Масала, Джабраил малайкан тlебиллина болх - Пайхамарашна тlедоуьйтуш долу малайк ду иза, Делера хаам дlакхачош. Дерриге Къуръан Аллахlа Джабраил малайке дlадуьйцуш, Джабраил малайко вайн Пайхамарна тlедогlий схьадуьйцуш, юха Пайхамара (соллаллохlу lалайхlи васаллам) шен асхьабашка дуьйцуш, иштта доьссина ду Къуръан дерриге. https://t.me/wayheham

sticker.webp0.00 KB

Тхан Дела! Хьуна хила хьакъ болу хастам бо оха Хьуна, дуьххьара Ахь тхо кхолларна, тlаккха Ахь тхо адамаш кхолларна, цуьнца Ахь тхо кхечу кхолларшна юкъахь сийлахь дарна, тlаккха Ахь тхо бусалба колларна, тlаккха Ахь тхо Хьайна дукха везначу Пайхамаран Мухьаммадан (Делера салават, салам хуьлда цунна) умматах дарна. Ахь тхуна делла диканаш дукха ду-кх, хастам бу-кх Хьуна йа Аллахl!

sticker.webp0.00 KB

иштта деха яз а дой, юха дlадоккху..) кху чохь лераме нах хиларна, цхьаъ нийса ца аларна кхоьруш))
иштта деха яз а дой, юха дlадоккху..) кху чохь лераме нах хиларна, цхьаъ нийса ца аларна кхоьруш))

Враги чохь хlора а жоп бохаг санна ларош дара)) иштта дарсаш аьллачохь а хlинца санна эфираш ма яцарий, чу юьллу запись ларйора, цаьрга Нанас а ладугlуш гуттар самукъа далар

мел эцна болу пайда, йа Робб!

дуьххьара телеграм чохь болийна некъ

дуьххьара вк чохь болийна некъ

юха кхунах дийца а

кхунах дийца ма дукха дара

41:10 – йуха а, ойла йечу нахана... "ӏадланан дарсаш" аьлла хьоста ду сан, цу чохь 26 жайна чекхдаьлла...царна йуккъехь цхьа а жайна дац такфирах, йа бехказлонах... цултӏехьа, "ӏакъидатан Академи" аьлла дӏахьуш дешар ду, цу чохь чекхдаьлларг 5 жайна ду, амма царна йуккъехь цхьа а дац такфирах, йа бехказлонан хьокъехь, йа кхин дӏа цу дешаран йуккъахь хила лерина жайнашна йуккъехь а дац цу такфирах, йа бехказлонан хьокъехь цхьа а жайна... цултӏехьа, "Дарсаш LIVE" аьлла хьоста ду, цу чохь 10 жайна ду чекхдаьлла, царна йуккъехь дац цхьа а такфирах, йа бехказлонан хьокъехь... цултӏехьа, "Хьадисаш LIVE" аьлла хьоста ду, керла долийна, цу чохь долийнарш хьадисаш ду, такфирах, йа бехказлонан хьокъехь цхьа а хӏума дац... "Шайх Вахьид Балий" аьлла хьоста ду, цу чохь шолагӏа жайна ду доьдуш дерг, амма такфирах, йа бехказлонан хьокъехь дац и 2 а...
иштта, айса гочдина 9 жайна ду, йаздина 3 ду, амма царех цхьа а дац такфирах, йа бехказлонан хьокъехь...
ткъа, "HEHAM.TV" сайт чохь 2 национализм йуьйцуш чу диллина къамел ду, 3 суннат марханаш аьлла, 11 мархийн бакъонаш аьлла, 37 марх кхабаран дозалла аьлла, 49 суннаташ аьлла, 73 хьехамаш аьлла, царна йуккъехь цхьа а дац такфирах, йа бехказлонан хьокъехь къамел...адманна урс хьакха мегарг ца хилар дуьйцуш аьлла 2 къамел доцуриг...
иштта, тӏеххьара 4 шо сов хенан йуккъахь "Рузбанан хьехамаш" аьлла, "Мархийн баттахь" дийцинарш (ца хаьа суна мел ду уьш), амма царна йуккъехь цхьа а дац такфирах, йа бехказлонан хьокъехь...цкъа, цхьана рузбанехь дийцара доцуриг маьждигаш дӏадохо мегарг ца хилар...
иштта, "Враги Иблиса" хеттарш делла жоьпаш ду (ца хаьа суна мас эзар уьш хира ду), амма дукхах дерш такфирах, йа бехказлонан хьокъехь дац...и цу хьокъехь дерга а сайга динчу хаттарна жоп делла бен дац ас...даийтина хаттар доцуш цу хьокъехь йазйина цхьа статья йац сан, йа и хаттар къуьйсуш цкъа церан эфире ца вахана со, йа цкъа царна чу комментаришка ца вахана со, йа цкъа а ца каьчйина ас церах лаьцна диканна а, йа вонна а цхьа йоза, йа цхьа видео, йа соьга ладугӏучара а...сайна и хьам каьччина ца хууш иштта каьччинчу цхьана видеон тӏе сой нисвелча хьоллехь цунна инкарло йина ас...иштта, каьччина долчу цхьан суьртан и нахана йукъа а дилале и дӏаъ даккхитан ас...
вуьштта, кхиъ бес-бесара дарсаш хилла ӏакъидатах, фикъхӏанах, хьадисашах, сиратах, тафсирах, гӀиллакхшах, дӀайазйина йоцуш а, сой мисрехь волуш, цӏаваханчу йукъана а, хӏинца сой волчахь, оцу дерригенна йуккъехь дац ас хьехна такфир хьокъехь, йа бехказлонан хьокъехь цхьа а жайна, кхузахь маьждиг чохь цхьа жайна хьехар доцуриг...
айса гочдина ӏеламнахан дешнаш (ца хаьа суна уьш мас бӏей хира ду), амма билггала хира дац 50 совдолуш оцу такфиран, бехказлонан хьокъехь дерш...
телеграм чохь, лакхахь ас хьахийна доцуриш, кхин а хьостанаш ду сан лелош, оцу дерриге хьостанаш йуккъахь цхьа хьоста ду "Такфир" аьлла цӀе йолуш...цу чохь хьоьхуш дӏадоьдуш дерг цхьа жайна ду, хилларга а 30 дарс бен дац... хаттар ду сан тӏаккха...ойла йан, кхетам болчу нахе: хӏинца аса мел дагара динчу хӏуманца мах хадабехьа...
вуй со уьш буьйцуш, кхин дуьйцуш хӏумма а доцуш, царна дуьхьала а бен хӏумма а доцуш..?
деккъа и хаттар ду-кх сан... ©ӏадлан Харачо

Repost from N/a

sticker.webp0.00 KB