310
Subscribers
+124 hours
+167 days
+6330 days
Posts Archive
310
Дагалецамаш
Лам хаьрцича тlаьхьабисина берд а
Акхадевлла лела адамаш а.
Берд хаьрцича тlаьхьадисина lиндагlа а Тlома девлла лела кешнаш а.
Шахlидийн йаьххьаш а
Стигланаш а, латтанаш а мел ду
Дlасатоьхна нохчийн цlий а.
Дуьненан маьllехь дlахецна цициган кlорни а
Хlорд болабалийтина пхьидан бlаьрхи
Стигла а йаьккхина дlахецна уьнтlепхьид а
Поллано кагдина кор а
Берлин а
Со а
Сан са а, дегl а мел ду дlасауьду
Дагалецамий зингатий а
Хlора а ламазна тlехь ас деш долу доlа а
Йа Аллахl, Дегlастанахь валар лолахь суна...
Апти Бисултанов 2003.
310
Рицкъанах хаьддаверг рицкъанах lабош
Дех-ненах хаьддаверг ирс леха lамош
Баланех сийсина дегнаш дlатедеш
Хан-зама йогlyp йу дерриг а эдеш
Амма вайн гlaзотехь эгначийн йаххьаш
Йиц ца луш лаьттар ду ламанийн баххьаш.
Апти Бисултанов 1995.
310
- «ше цlийц дукх и шай мохк безар,
цуьнга сатийсар,
цуьн гаьргахь синтеме хилар,
ше синц дукх цух вал хал хилар,
ваьлча сингаттам хьа накъост хилар.
боккъалла, ма дукха къонахи букх цхьан хазчу дине, маьршачу дине сатуьйсуш, шай хьомечу махка юх баьрза лууш..» 🫀
310
Ибн аль-Каййим сказал:
Какая же жизнь может быть прекрасней, чем жизнь человека, чьи все заботы собрались в одну единственную — достижение довольства Аллаха.
الداء و الدواء
310
Ибн Касир:
Всевышний Аллах, Свят Он и Велик, говорит о величие и статусе Священного Корана, который заставляет трепетать и содрогаться сердца при его чтении, ведь в нем изложены правдивые обещания и явные угрозы. ﴾ لَوْ أَنزَلْنَا هَٰذَا ٱلْقُرْءَانَ عَلَىٰ جَبَلٍ لَّرَأَيْتَهُ خَٰشِعاً مُّتَصَدِّعاً مِّنْ خَشْيَةِ ٱللَّهِ ﴿ «Если бы Мы ниспослали этот Коран на гору, то ты увидел бы, как она смиренно раскалывается от страха перед Аллахом». Это значит, что если бы огромная и твердая гора смогла постичь смысл этого Корана, то она бы смиренно раскололась бы от страха перед Аллахом. Так почему же ваши сердца, о люди, не смягчаются и не раскалываются смиренно от страха перед Аллахом, после того как вы уяснили Его предписания и размыслили над Его Писанием ? Поэтому Он сказал: ﴾ وَتِلْكَ ٱلأَمْثَٰلُ نَضْرِبهَُا لِلنَّاسِ ﴿ «И такие притчи Мы приводим людям, ﴾ لَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ ﴿ для того, чтобы они поразмыслили».
310
Если спина будет нагружена грехами, то сердце не сможет стремиться к Аллаху, а части тела не смогут вставать для совершения поклонения Ему.
310
Б1есте ера ю - дуьне хазлур ду
Стигала кхийдаш, делалур ду лаьмнаш
Дуьне хаз дан ас х1у дуьтур ду
Сайна т1ехул т1аьххьар лесташ генаш.
Бода чехош 1уьйре йог1ур ю
Стигала даре ц1арца серла доккхуш
Адмий дагчоьхь ас х1у дуьтур ду
Дийначара т1аьххьар сай ц1е йоькхуш.
Ас делхийна иллеш хьолхур ду
Сан къиношна Деле гечдар доьхуш
Ас адмашна г1ониг гечдийр ду
Со везначий хьомсар б1аргаш лоьхуш.
Лаьмнаш дузош дог1а доьлхур ду
Дуьне мадду хаза ялташ хьекъаш
Ас адмашна иллеш дуьтур ду
Сайна т1ехул т1аьххьар стигал екаш.
Б1аьсте ера ю - дуьне хазлур ду
Стигала кхийдаш делалур ду лаьмнаш
Дуьне хаз дан ас х1у дуьтур ду
Сайна т1ехул т1аьххьар лесташ генаш.
310
Сан синан байракх ю маршо,
Со кхуллуш кховдийна соьга,
Ца йожош д1акхехьа генна.
Цунна сан некъ баккха безна,
Цу новкъахь со вожо г1ерташ,
Дукхаза а цистина и…
Цкъа ц1ен еш, баьццара, 1аьржа,
Къарз а йо, дуьнено и...
Дахаро хам а боцуш хийла
Хьерчайо бехчалг а санна.
И соьга ца лало, денна…
Сайна и езарна к1айн.
Ц1анйина, къагийна, сирла
Аса лекха ойбур ю и…
Т1аьххьара де новкъа доккхуш,
Хадаеш заманца з1е,
Ас валлалц сий дина маршо
Сайна а хилийта марчо.
310
Суна хиара, синтем бан накъост а воцуш, некъ дукха цхьалха буй, т1аккха Къуръан дагахь 1амийра аса.
(Хьасан аль-Басрий)
310
Repost from TOLAME DOG
Хьоьга Аллах1ера парг1ато йог1ар ю хьуна, хьан деношкара халонаш йиц а йойтуш..
310
Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь и даим хилла:
Сагатделча - хьоьжуш г1ийла,
Деладелла - векхна хилча.
Шарал дахлуш доца денош,
Дагах летарх шийла шело,
Цо ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь, сан деган безам.
Яндарбиев З.
310
Ас хастадо - йитаза а ца ваьлла, ша йитина Нохчийчоь гlенах гина, хийрачу махкахь набархаваьллачун бlаьргаш чохь къегина хиш.
