ᴅᴊᴜɴᴅᴜʟʟᴀʜ
Open in Telegram
وَذَكِّرْ فَإِنَّ الذِّكْرَى تَنفَعُ الْمُؤْمِنِينَ и напоминай, ибо напоминание приносит пользу верующим. |٥١:٥٥|
Show more341
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
-230 days
Posts Archive
341
IабдуллахI Ибн Мубарака (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
Iилма даржор санна деза хIума ца девзу суна, пайхамарал дIадаьллачул тIаьхьа.
341
Цхьаберш динах дерг даржо нахах кхоьру, амма боьха дерг даржо АллахӀах ца кхоьру уьш, цу тӀехь чӀогӀа майра хуьлу.
341
Абу Умама аль-Бахlирис дуьйцу, Пайхамара ﷺ элира аьлла: «Хlора фарз ламаз ша диначул тlаьхьа Аятуль-курси дешнарг милла велахь а, и йалсамане вахарх валаро бен йуха тухур вац».
Муха йалсамане йу и? – Цхьана а заманчохь, цхьана а бlаьрга гина йоцуш йолу, цхьана а лергана оццул хаза хlума хезна а доцуш йолу, цхьана а заманчохь, цхьана а адманна оццул хаза хlума даг деъна а доцуш йолу йалсаманца бекхам беш бу хьуна.
341
Дуьненахь кlеззиг долчух нах lеха баларц Аллахlан дин lамадарха дlадирзинчу хенахь, Аллахlа вайна нийсо а гайтина, цу нийсонна тlехь дазар а гайтина, цу тlехь даза кхетам а баларна, валлахlи хьакъ ма вара хlора а шен дисина дахар Аллахlан шукур деш даккха.
341
Хьадис чекхдаккха: Пайхамара аьлла: «Аллахlан уггаре дукха езаш йолу меттигаш маьждигаш ду, ткъа Аллахlана уггаре ца езаш йолу меттигаш …..»
341
Пайхмар (ﷺ) дlаваьлчул тlаьхьа шовзткъа шарахь сов ша ехаш lаишатас (Аллахl реза хуьлда цуьнна) мосузза Пайхамар (ﷺ) вина де даздина?
341
Хьадис чекхдаккха: Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шух цхьамма тохаз а ца ваьлла тухуш хилахь, ….. тохарх ларлойла».
341
Хьадис чекхдаккха: Пайхмара (ﷺ) аьлла: «Ша елла йолу хlума юхайоьхуш верг, …..»
341
Дуьненчохь кураллаш еш лелларш, къемат дийнахь махьшар майдан балочу хенахь муха догlмаш долуш хир бу?
341
Пайхмара (ﷺ) шен къомо шена цlий а доуьйтуш йиттинчу хенахь хlун аьлла?
341
Хьо дlа ца тесна хьан Дала, ян хьоьца гамо а ца лаьцна Цо. Са кlад а делла, воьжча, кхайкха И цхьаъ ву-кх. Бlаьрхиш а lенош хьо Шега вирзича, дог паргlата доккхуш верг ву-кх И. Дехча жоп лушверг ву-кх.
