en
Feedback
CHEBERLO

CHEBERLO

Open in Telegram
997
Subscribers
-424 hours
-367 days
-6330 days
Posts Archive

Лазамах шад а бай, Нохчийчоь, чӀагӀлолахь! Масане хьийзина хьан букъ тIехь чагӀалкхаш!

Хьан Ӏаьржа селхане сирлачу кханенал а серлайуьйлучохь, Дала эзар шерашкахь йáхайойла хьо, сан Нохчийчоь.

МостагӀчунна доьхьал деш долу доӀа: «اللهمَّ مُنْزِلَ الكِتابِ، سَريعَ الحِسابِ، اهزِمِ الأَحْزابَ، اللهمَّ اهزِمْهُمْ و زَلْزِلِهُمْ». «Йа АллахӀ! ХӀай Жайна доссийна верг, хьисап сиха деш верг, тобанаш иэша йе Ахьа, йа АллахӀ уьш иэша бе Ахьа, уьш бега бе Ахьа». транскрипци ⤵️ «АллóхӀумма, Мунзила-аль-Китáб, Сари́Ӏ-аль-Хьисáб, ихӀзим-иль-ахьзáб, АллóхӀумма ихӀзимхӀум ва зальзильхӀум».

IMG_1787.MP43.19 MB

Йалсаманехь син паргIато, могушалла хира ю, цIена ойла, синтем, валар дац цучохь, къастар дац, кхерар дац, бIаьрхиш дац, гIайгIа яц, бала бац, зер дац, хало яц, къинхьегам бац. Даиманна а хир долу ниӀматех дуьззина дахар ду-кх.. Амма воккхавевар ду цучохь. Даиман хин долу ирсе дахар ду цучохь.. Ибн Къаййима (رحمه الله) аьлла: «Кӏеззиг заманчохь бен лаьтташ йоцу марзон дуьхьа, йалсамане йоьхкинаг хьекъал долуш мух хуьлу..!?»

Хьайн къоман ӏадат, гӏиллакх лелош ца хилча, хьан сий ца хуьлу, хьоьца ларам ца хуьлу. Ткъа бусалба стаг - сий, ларам болуш ву. Къуръанна а, суннатна а, динна а дуьхьаладогӏуш доцу гӏиллакхаш лело дезаш ду.

IMG_1349.MP43.04 MB

IMG_0769.MOV35.72 MB

IMG_0696.MOV49.34 MB

IMG_0255.MP46.52 MB

IMG_0191.MOV68.45 MB

*​Гlиллакх - иза нохчийн хlума ду, гlиллакхаш лело оьшуш дац, lадаташ лардан оьшуш дац бохуш, уьш ца леладархьама шайна атталлийна бусалба нахана юкъара и гlиллакхаш дlадаха гlерташ бу вайн цхьаболу нах. Массо а хаза гlиллакх - вайн Делан Элчанера а (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) цуьнан асхьабашкара а, цlена бух болчу хьадисашкара вайга схьакхаьчна ду. Ткъа и гlиллакхаш деккъа вайн къоман юкъахь бен дацахь а, уьш лело мегаш дара бусалба динан уьш дуьхьала дацахь, амма вайна уьш дlадахар аттох ду-кх уьш леладечул а!

Тхан Дела! Тхо лардехьа цIеран Iазапах. Тхан Дела! Ахь цIерга вигнарг сийсаз вина-кх Ахь, зуламхошна гIоьнчий а хир бац-кх (цу дийнахь). Тхан Дела! Тхуна хезира кхайкхархо кхойкхуш: «Шайн Делах теша» - бохуш, тIаккха тхо тийшира. Тхан Дела! Тхан къиношна тхуна гечдехьа, тхан вочу Iамалх тхо дIа а цIандехьа, тхан дикчу нахаца далар а нисдехьа. Тхан Дела! Къемат дийнахь сийсаз а ма де Ахь тхо

Посланник Аллаха, ﷺ, сказал: فَمَنْ أحَبَّ أنْ يُزَحْزَحَ عَنِ النَّارِ، ويُدْخَلَ الجَنَّةَ، فَلْتَأتِهِ منيَّتُهُ وَهُوَ يُؤْمِنَ باللَّهِ واليَوْمِ الآخِرِ، وَلْيَأتِ إِلَى النَّاسِ الَّذِي يُحِبُّ أنْ يُؤتَى إِلَيْهِ «Так пусть же тот, кто желает, чтобы его удалили от огня и ввели в рай, окажется верующим в Аллаха и в Последний день, когда придёт к нему смерть, и пусть обращается с людьми также, как желает он, чтобы (люди) обращались с ним». Муслим, 1844.

1уьйранна а, суьйранна а доьшуш долу азкараш Ша воцург кхин дела воцчу АллахӀац чӀагӀо ма йо аса, цхьа а карор ма вац хьуна халонехь, я цхьа хӀума тӀе Ӏотта делла, я шен доьзала а, дехний а гӀайгӀанаш, баланаш дуьне шена гат делла, цул тӀаьхьа иза азкараш лардеш велахь, АллахӀа цунна оцу дерригенах кӀелхьара волийла йина бен!

азкары).pdf1.86 KB