243
Subscribers
No data24 hours
+37 days
+1430 days
Posts Archive
АЛЛАХ|АН Шен лай нисван лиача Къуръан дезар сов доккху Цуо цун даганна..
Хlунда аьлча, и долун дела муьлхачу а диканин догlа, нийса некъ и болун дера муьтlахь хиларна.
Оцу лайна и шен дагчохь хаалахь, Къуръанан тlе гlертар ву иза, паччахьи Паччахьан къамее ладогlа сатесса…
Дlабаханчеран, тlебогlунчеран а Дела Ша волу!
Бакъ долуш, иза юкх билгало АЛЛАХ|А Шен лай нийсачу новкъа ваькхан хиларна..
«Цкъа а стаг валаран бала кхочур ма бац, Мухьаммад ﷺ веллачу дийнан балане
Оцу дийнахь царах дӀахедира Делера догӀуш долу хабар.»
© Хьассан ибн Са́бит
«(Кешнашкара) шайца шайн Пайхамар ﷺ а воцуш, сингаттаме болуш цӀа бахара уьш
Баккъаш хедда, куьйгаш лехнера церан
Уьш боьлхура Шена тӀаьхьа цу дийнахь стигаланаш а, латта а тӀаьхьадоьлхучунна, ткъа нах кхин а сингаттаме ма бу...»
© Хьассан ибн Са́бит
АЛЛАХ|ЕРА къинхетам а, маршо а хуьлда хьуна, хlай нахалахь уггаре а тоьлла верг.
اللهم صل وسلم على نبينا محمد✨
Цхьа кlеззиг хан йу хьуна и, цхьа бlаьрг-негlар тоххал хан йу хьуна и, йуха йогlур йоцуш цкъа а, цунах марзо эцалахь хьайн ненаца цхьаьна (хьан нана хьоьца йолу хан - и дашо хан йу хьуна хьан дахарехь, цунах пайда эца хаалахь), хьан нана хьоьга тlех хьашт йу хьуна - хьо зlейнашка (телпоне) хьашт хиларал а чlогlа, и телпонаш а, программаш а хир йу хьуна йух-йуха а (керл-керла), амма хьан нана йуха йогlур йац хьуна (дахарах дlакъаьстинчул тlаьхьа).
أقُولُ، ولا يُلْفَى لِقَوْلي عَائِبٌ
منَ الناسِ، إلا عازبُ العقلِ مبعدُ
Аса эли хӀара (байташ), суна ма хаалойла сан дош емал деш
Нахах цхьамма а, ша гена ваьлла хьекъална эшна воцучо
وَلَيْسَ هَوَايَ نازِعاً عَنْ ثَنائِهِ
لَعَلّي بِهِ في جَنّة ِ الخُلْدِ أخْلُدُ
Сан лаам ма бац иза хесточар соцура болуш
Хир вац те со даимана йолчу ялсаманехь Цуьнца цхьана вехаш даима?
معَ المصطفى أرجو بذاكَ جوارهُ
وفي نيلِ ذاك اليومِ أسعى وأجهدُ
МустӀафаца ﷺ цхьана, Цуна уллехь хиларе сатуьйсу аса (Иза ﷺ хесторца)
И цхьана дийнахь кхочуш хилийта къахьоьгуш, лелаш а ву-кх со.
Суфйану-сСавриса аьлла:
«Цхьа хӀума, йух-йуха бахара хаза дац, АЛЛАХ|Е деш долу доӀа доцург».
