en
Feedback
Ӏадланан дарсаш

Ӏадланан дарсаш

Open in Telegram

📲Бот: @Adlan_xaracho_bot 📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi 📲Хьоста: @adlan_haracho 📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho 📲Youtube: youtube.com/@adlan_haracho 📲Вконтакте: vk.com/id256357179

Show more
1 616
Subscribers
No data24 hours
-77 days
-2730 days
Posts Archive
Ладоха, бакъо билгала яккхарца а, цу бакъонна гӀо дарца а доӀанаш а де ладухашехь!

👆👆👆👆👆👆👆 👆👆👆👆👆👆👆 🔵Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат! 🔺Къуръанал тIаьхьа уггар ни
👆👆👆👆👆👆👆                  👆👆👆👆👆👆👆 🔵Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат! 🔺Къуръанал тIаьхьа уггар нийса жайна лоруш долу, шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Бухарий» олу хьадис жайни тIера марха кхабаран а, терхьаш даран а, лайлатул-къадр буьйса юьйцу а, иIтикаф даран а меттигаш йоьшуш дарс хир ду. 😌😉😛😌😉😌     😌😚😌😉😌 ✔️Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю, экзаменехь лаххара 50 балл яьккхинчунна. 📆Дарс хIора дийнахь хир ду. 🔘Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 хир ю. ✔️ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду. ✔️Деккъа мутаIеламашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, мелхо а, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхIара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг а девзур ду. 🔊Дарсе юкъавеъначо дан дезарг: 🎙Эфирехь ладогӀар, эфирехь доцуш, вуьштта дарс чудиллича ладоьгӀначун юкъарадаьлла лоруш ду, амма шена пайдана ладугӀур ду. 📝Ца хезаш юкъарадаьлларг дӀаяздар. 🔴Юкъарадаьлларг дӀаяздеш билгал иштта дийр ду: 📖Дарсехь жайни тӀе хьожуш ладугӀуш волчо шена ца хезначу хьадисан лоьмар билгалйийр ю, ца хезнарг хӀокху лоьмарца долу хьадис ду, я ах хьадис ду олуш. 🤎Ткъа жайни тӀе хьожуш воцуш ладугӀуш волчо шен юкъараюьйлуш йолу миноташ дӀаязйийр ю. ✅Юкъарадаьлларг дийнна дарс делахь, цхьа дарс юкъарадаьлла олуш билгалдийр ду. ❌Амма массех дош делахь ца хезнарг, я иштта секундаш елахь юкъараевларш, уьш язъян ца оьшу. ✅И дерриге оьшур ду, дарсаш чекхдевлла, ижазат тIе язъян цIерш схьайохкуьйтучу хенахь, шен юкъарадевлларш ижазат тIехь билгалдархьама, шена ца хезнарг хезна аьлла хьадисан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ца хилархьама. 🔔Жайна дIадолор ду: 11.11.2024 ш 💬Дарс кху хьостан чохь хир ду👆 https://t.me/Hadisash_Live

Ассаламу lалайкум лераме вежарий-йижарий! Хlара видео Австрехь (Венехь) долу вай нехан маьждиг тlехь долу меттиг-латта оьцаш дакъа лацаре кхойкхаш видео ю. Дехар ду дакъа лоцун долучу нахе хlара дlaса тасар, Аллахlа диканца бекхам бойла шуна! Аллахlа шаьш лело чуьнгахь беркат дойла шуна! Ларамца,Табиlийний цlарах долу вай нехан маьждиг, Вена - Австрия.

👆👆👆👆👆 👆👆👆👆👆 ГӀиллакх динехь коьрта хӀума хиларх терра, цу динан гӀиллакхаш, Ӏибадат агӀора долу гӀиллакхаш довзуьйт
👆👆👆👆👆     👆👆👆👆👆 ГӀиллакх динехь коьрта хӀума хиларх терра, цу динан гӀиллакхаш, Ӏибадат агӀора долу гӀиллакхаш довзуьйтуш яздина Шайх Вахьид Балин «Сахьихьул-адабил-исламиййахӀ» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна жайна яздинчу Шайх Вахьид Балица зӀе хотталуш ижазат хир ю. 🖊🖊🖊🖊🖊🖊   🖊🖊🖊🖊🖊 ⏺Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс. ⏺Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра. 🕖Хан: ЦIера хенаца Ӏуьйран 10:30 даьлча. 📝Экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю. Эфирехь ладугӀуш, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо хир яц🚫 🔔Жайна дIадолор ду: 26.09.2024 💬Дарс кху канал чохь хир ду👆 https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy

Пайхамар вина де даздеш дуьххьара мовлид дешнарг мила ву?
Anonymous voting

Repost from Дарсаш LIVE
📢Вайн чекхдаьлла «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» олу жайна яздина волу вайн Шайх Халид ЖухӀанина жайна дӀадоьшуш эфир
📢Вайн чекхдаьлла «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» олу жайна яздина волу вайн Шайх Халид ЖухӀанина жайна дӀадоьшуш эфир хир ю, Шайхаца зӀе хотталуш ижазат хир йолуш. 📆Де: 28.08.2024 ш 🕓Хан: ЦӀера хенаца: 21:10 📺Эфир: кху чохь хир ю ⬆️ https://t.me/Darsash_Live