en
Feedback
𝐒𝐞𝐫𝐥𝐨

𝐒𝐞𝐫𝐥𝐨

Open in Telegram

Массо дарба (молха) къаьхьа ду, Къуръан доцург!

Show more
245
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
-330 days
Posts Archive
И [жоьжахати] тӀех баккхийчу хиламех цхьаъ ма йу, адамашна кхерам тосуш, шух лууш волчунна [диканаш деш] хьалхатаӀа, йа [вонаш деш] юхавала. Къуръан, 74:35-37 https://t.me/serlo_nur

Уьш шайн Делан Элчанна Ӏеса бевлира. ТӀаккха Цо лецира уьш, барам боцуш чӀогӀа катоьхна. Къуръан, 69:10 https://t.me/serlo_nur

Дуккха а АллахӀ а хьехаве, декъалхилархьама. Къуръан, 62:10 https://t.me/serlo_nur

АллахӀа боху: Мал ма ло, гlайгlане а ма эга, шаьш лакхахь дерш хилча, нагахь шу, боккъалла а, муъманаш делахь. Нагахь шуна чов хиллехь [хlинца] – хьалха цу [шуьца тlомбечу] нахана а ма йинерий и санна йолу чов. И денош хуьйцуш дохкуьйту Оха нахана - Аллахlана Шена хаархьама ийманехь берш муьлханаш бу а, шух цхьаболчарах шахlидаш бархьама а. Аллахlана ца беза зуламхой. (Сурат: али-Ӏимран, 139-140 аяташ) https://t.me/serlo_nur

Иза - Шен лайшкара тоба къобалдийриг ву, вонашна гечдийриг ву, аша дийриг хууш верг а ву. Къуръан, 42:25 https://t.me/serlo_nur

4998e1d9.mp35.52 MB

773828eb.mp37.82 KB

4998e1d9.mp35.52 MB

И ву - велорг а, велхорг а. И ву - Ӏожалла йийриг а, дендийриг а. И ву - шиъ кхоьллинарг - боьрша а, стен а - чуӀанош болчу ораллин тӀадамах. Цунна тӀехь лаьтта кхин а цкъа кхоллар. И ву - къоьллах хьалхавоккхург, кхачо йийриг. И ву - Сириусан Дела. И ву - хьалхара Ӏадхой хӀаллакбинарг. Самудхойх а ца витина [Цо] буха цхьа а. Къуръан, 53:43-51 https://t.me/serlo_nur

[ХӀара] Жайна Нуьцкъалчу, Хьикматечу АллахӀера доссийна ду, къиношна гечдеш волчу, тоба къобалдеш волчу, Ӏазап чӀогӀа долуш волчу, комаьршаллин Да волчу. Иза бен кхин Дела вац. Цуьнга дерза дезаш а ду. Къуръан, 40:2-3 https://t.me/serlo_nur

Сийлахьчу АллахӀа боху: «Шайн Деле дерза. МуьтӀахь а хила Цунна, шайга Ӏазап доссале хьалха, хӀунда аьлча тӀаьхьа гӀо дийр дац шуна». Къуръан: 39:54 https://t.me/serlo_nur

ХӀай имандиллинарш!

Сийлахьчу АллахӀа боху: «Оха ца кхоьллина стигал а, латта а, цушинна юккъехь дерг а эрна. Иштта хета цатешачарна. Бала хир бу цатешачарна [жоьжахатин] цӀеран!». [Сод, 27 аят] https://t.me/serlo_nur

photo content

Сийлахьчу АллахӀа боху: «Тахана, мухӀар а тоьхна, дӀакъовлур йу Оха церан батош. Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, ткъа церан когаша тоьшалла дийр ду цара [дуьненахь] лелийначунна». [Йа-Син, 65 аят] https://t.me/serlo_nur

«…Шуна вац, И воцург, доладийриг а, гӀоьнча а. Кхета муха ца кхета-те шу хьехамах?». ас-Сажда, 4 аят. https://t.me/serlo_nur