Марха кхабар
Open in Telegram
630
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
630
Repost from Марха кхабар
Зул-хьижжат беттан итт дийнахь марха кхабар
Хаттар: Хьадисехь деана ду Зул-хьижжат беттан итт дийнахь марха кхабар (суннат хилар). Ткъа цхьаболчу наха уьш кхобуш ца хуьлу бах, ахь хIун эр дара цунах лаьцна?
Жоп: Хастам цхьана АллахIна бу, шена тIаьхьа кхин Пайхамар хир воцчу Пайхамарна салават, салам хуьлда. Цул тIаьхьа.
Зул-хьижжат беттан итт дийнахь марха кхабар дикачу Iамалех ду, шеко а яц цу тIехь. Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Цхьа а тайпа денош дац, шайна чохь йина Iамал АллахIна дукхаезаш, хIокху итт дийнахь йинчу Iамалал». Асхьабаша хаьттина: «ХIай АллахIан элча, АллахIан дин толо деш долу жихIад дац?». Цо аьлла: «АллахIан дин бахьанехь деш долу жихIад дац, шен даьхница шá араваьлла стаг воцург, цунах цхьа а хIума духа ца деана волу». Бухарий.
Цундела и марханаш хIокху хьадисо чулоцу. Ткъа Сунан жайнахь, цхьаболчу Iеламнаха дика ду аьлла долу хьадисехь деана, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кхобура и итт марха аьлла, вуьштта аьлча, Iийдан де доцург. Имам Ахьмад ибн Хьанбал а хилла цу ойланца. Нийса дерг уьш кхабар суннат хилар ду. АллахI дика хууш ву.
Салават, салам хуьйла вайн Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а.
Шайх Iусайми́н (АллахIа къинхетам бойла цунах)
https://t.me/marhanash
630
Repost from Марха кхабар
Хьо волчу махкахь шалза буьйса елахь а, кхечу махкахь шала буьйса хуьлуш хуьлу.
Ткъа лайлатул-къадр шарахь цкъа бен хуьлуш яц, цундела хlара итте буьйса денъе.
630
Марха кхобучо мархин хенахь цхьаъ юуш я молуш шена гича, цунна дагадаийта деза марха хилар.
630
Фард лийчар тlехь долуш, марха лаца мегар дуй?
Шайх Мухьаммад Хьассáн (Аллахlа lалашвойла иза)
630
Repost from ИСЛАМАНСЕРЛО
«Кхана марха кхобур ду ас аьлла дагадеанчо - нигат дина».
"من خطر بقلبه أنه صائم غدا فقد نوى".
Ибн Таймийя - ал-Фата́ва́ ал-кубра́, 5/375.
