Къуръанан охlла
Open in Telegram
838
Subscribers
No data24 hours
-117 days
+330 days
Posts Archive
Repost from MOMSAR
ДӀАВОЛАЛО!
«Къуръан дагахь ӏамадар хьуна хетачул атта ду, хьуна моьттучул мерза а ду, ӏаддита тӏаьхьатеттар.»
Къуръан чуьра уггаре а деха дош 📖
فأسقيناكموه - шуна мала а дина Оха и
(Ал-Хьижр: 22)
https://t.me/Kuranan_ohla
Repost from Нохчийн дешначу нехан кхеташо
864-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Къуръан доьшуш ламаз деш хилча, йозана тӏехь сужудан хьаьрк тӀе кхаьчча хӏун дан деза? Сужуд а дина, юха хьала а гӏаьттина сайн Къуръан дӏа а доьшуш, ламаз чекхдаккха деза, я сужуд дина ламаз дӏадерзо деза? Цунах лаций дийцахьара.
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
853-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дикка хан чохь схьадохьуш хlума ду ас хlара. Сан ваша нийса йоцу тобанах кхетта ву, со lаддаlийча а ца юьту цо, наггахь сан юьхь юьйхуш хlуманаш а дуьйцу, сох ца вешаш, сан кхетам нийса бац, со муржиахо ю олу цо, тlаккха динчуьра араяьлла олу, ас нах динчуьра арабойла бохуш яккхий цlерш ца йийхича, хlинца лан хала ду суна, дог лозу сан цунах, Аллахlе доlанаш а до ас цунна и нисвар доьхуш, ас муха хlун аьлча я хlун дича дика хира дара те ишттачу меттехь? Чӏогӏа холчухӀутту со и суна тlевирзича.
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
«Боккъалла а, АллахI - сан Дела а, шун Дела а ву. Ткъа Цунна де Iибадат, хIунда аьлча нийса некъ бу и [ас шуьга буьйцург]!».
Сурат: Али lимран, 51 аят
Керстанаша, билггал, сатосур ма ду [къемат-дийнахь] бусалбанаш хилла делара шаьш аьлла.
[Къуръан, 15:2]
Repost from Нохчийн дешначу нехан кхеташо
702-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Лакъад жаакум деша деза бохуш, и деза ду бохуш хӏуманаш дуьйцу, и цхьа а бух болуш хӏума дуй?
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:
«Мархано а, Къуръано а къемат-дийнахь лена шафаIат дийр ду, мархано эр ду: «ХIай сан Дела, дийнахь хIумаяарх а, дегIан лаамах а юхатухура-кх ас иза, дайтахьа соьга цунна шафаIат». Къуръано а эр ду: «Буьйсанна набарх юхатухура-кх ас иза, соьга а дайтахьа цунна шафаIат». ТIаккха цушиммо шафаIат дийр ду».
[Муснад Ахьмад: 6626]
