Dishni
Open in Telegram
💫ХIокху чуьра шайна луург схьаэца, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна. Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна инша́ АллахI
Show more871
Subscribers
No data24 hours
-27 days
-930 days
Posts Archive
871
Цхьан дашца ахь адам ирсе дийр ду хьуна цуьнан де дlадаллалца.
Я ахь аьлла долу цхьа дош бахьан долуш, адам гlайгlане, дог доьхна хира ду хьуна де дlадаллалца. Цундела, леррина хаьржа а хоьржуш алалахь дешнаш, я цкъа хьалха хьайн дешнийн чам баккха, айхьа уьш алале.
871
Repost from ИСЛАМАНСЕРЛО
https://youtube.com/shorts/lKha_hjYHEE?si=uJ-mrYQNonGmlFHV
Бусалба стага аьшпаш ца буьтту! ❌
Шен хьехамехь Шейх Набийл ал-Iивадыйс билгалдоккху, аьшпаш биттар массо а хьекъал долчу нахана (бусалба боцчарна а) дегаза хеташ хилар. Пуьчаш битта марзвелчу стеган нахана юкъахь а, Далла гергахь а сий дов.
АллахIа лардойла вай цу вочу куьцах! 🤲✨
871
«Йа Аллахӏ, Хьо вар-кх дика нах нисбинарг, со а нисвехьа, цу дикачу нахах со хилийта.»
Малик ибн Дийнар
871
Адман дог лазош ду и АллахӀан шаркъан доьхьал даьлча, къа дечу хенахь дагана лазам хуьлуш бу, делахь адмана шена и лазам мичара хуьлуш бу цахаьа, шена и дакъазалла мичара хаьало цахаьа, делахь цу дакъазаллин, сингаттамин коьрта долу бахьана Веза а Сийлахь а Волу АллахӀан гена далар ду, АллахӀан шарӀан доьхьал далар дукх
871
Repost from ИСЛАМАН ТАРИХ
Бусалба нах хIаллак бан мегар ду бохуш паччахьан дика лай хилла ваьхнарг ву хIара!
ХIинца паччахь вац, эхартах хийцина хилла дуьне а дац, хIинца чIир ю-кх!
"Хьуна ма мотталахь зуламхоша лелош дерг гуш вац АллахI" аят.
871
🍂ХЬЕКЪАЛЕ ЗУДЧУЬНАН КЕХАТ🍂
◽️Аса ойла йира Аллахl сайна реза хуьлуш долчу хlуманна
Суна карийра Аллахl реза хилар — цlийн да реза хиларца хlоттаделла.
◽️Аса ойла йира Ялсамане чу боьдучу новкъана
Суна карийра Ялсаманин чу муьлхачу наьlрехула чуяха йиша хилар:
1. Пхи ламаз дарца
2. Мархийн бутт кхабарца
3. Сайн дегl хьулдеш лардарца
4. Цlийн дена муьтӀахь хиларца.
◽️Аса ойла йира Аллахl оьгlаз воьдучу хlуманна
Суна карийра Аллахlан оьгlазло — цlийн да оьгlаз вахарца хилар.
◽️Иштта карийра суна:
Цlийн да оьгlаз вахана волуш яккхинчу буьйсанна малайкаша сайна наьlалт олуш хилар lуьйра хан хиллалца.
◽️Аса ойла йира жоьжахати чохь болчу нахана
Суна карийра цу чохь дукхахберша зударий хилар: элдиташ, гlийбаташ дукха дар, цlийн дена баркалла олуш ца хилар бахьан долуш.
871
Repost from N/a
Халонна тӏаьхьа атто ма ю.
Цамгаран тӏаьхьа гӏоли ма ю.
Сингаттаман тӏаьхьа синтем ма бу.
Дуьненал тӏаьхьа ялсамани ма ю собаре хиллачунна.
Рамзан Гендаргно
https://t.me/khiame_hord_kema
871
Repost from lадлан Харачо
+2
2001 шо тов!
Хаза хенаш, эхӏ, ма чӏогӏа чехка дӏадели-кх 25 шо!
Цӏахь, хьуьжарехь ас лелийна жайна, цу хенахь сой доьшуш хилли дагахь а ма дацар сунам.
-Къоламца яздора маьӏна, гӏалат далахь а нис дан аьтто хилийта, ткъа къолам чӏогӏа ира бан безар, хӏинцалера даш дуьллу къоламаш юкъа довлаза дара, йоза дуьткъа язо, тар далийта оьшар къолам чӏогӏа ира бан, тӏаккха иза сих-сиха каглора, цундела кийча масех къолам хила безар, маьӏна язош тӏехь ца виса, аз дӏаязъдан аьттонаш а дацар, я хьехархочо хьуна собар ца дора, я собар де ала тахан санна атта дуй а ца хаар. Ткъа наггахь кечбина берриге къоламаш каг белчам кхин тӏе дан во хира дацар, чӏогӏа вухий сиха лой ира беш воллара. Цул тӏаьхьа даш дуьллу къолам юкъа баьлча хилла болу кхаъ дахарехь кхин хилла бац моьтту суна!
-Сайна хӏинцца тӏехь марз делла моьттуш вара со жайна долош а, чекх долуш а терахь язор, цу хенахь дуьйна хилла иза сан ӏадат, 03.09.2001 долийна, 29.04.2004 чекхдаьлла.
-Кхин цхьан хӏумане хьоьжуш ваьллина со леррина, шозза жайне хьожуш чекх ваьлча ца карий суна маьӏна ца язъдеш юкъар йисна меттиг, и бохург - цхьа а дарс юкъар ца даьлла, я тӏаьхьа висна а ца вахна бохург ду, я юкъар даьллехь а со вацар аьлла тӏех ца далийтна, цхьаьнгара тӏе кхиъ дина, 254 агӏо йолу жайна, хӏора дашан маьӏна доккхуш деша воьлча жима а дац, иза а 3 шо герга хене дахделла, хӏора дийнахь хилар дарс, пӏераскан-де, шот-де садоӏуш дара суна дагадарехь, юккъехула ишкол яра, цигаран хьуьжаре дӏаваха везаш нис лора сан цхьан юкъанам, хӏум кхалла чу ваха а йиш йоцуш, тахан кегирхошна санна атта дуй ца хаар-кх дарсан юкъар валар, я тӏехь висна вахар, я со вацар ала!
🚀Ӏадлан Харачо
