Эхартан-хlонц
Open in Telegram
Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: "Уггар дуьззина иймандолу бусалбанаш - уггар хаза гlиллакхдерш бу". Хьадис Абу-Давуда дийцина (4682).
Show more891
Subscribers
No data24 hours
-117 days
-2930 days
Posts Archive
Бусалба нехан Халиф волчу, бусалба нехан дерриге мехкашна куьйгалла деш волчу lумар Хаттlоба деш долчу весете хьажа хьо Саlд ибн Абу-Ваккъосе, цо йаздина долчу кехате, ойла йехьа, ойла йе ахь иттазза ойла йе ахь, ас йина цунна ойла, со кхетта цунах алий ца дуьтуш, иттазза йехьа цунна ойла ахь, lумар Хаттlоба муха дуьйцу, толам цо хьанах бузу, эшам цо хьанах хутту, хьажахь хьо lумар Хаттlоба муха боху:
"أُوصِيكَ وَمَنْ مَعَكَ مِنَ الْأَجْنَاد، أَنِ اتَّقُوا الله
Ас весет до хьоьга а, хьоьца долчу бусалба нехан эскаре а - Делах кхоьрийла шу,
فَإِنَّ التَّقْوَى أَفْضَلُ الْعُدَّة عَلَى عَدُوِّكُمْ
И Делах кхерар муха ду хаий шуна, цу керстан дуьхьал ахь беш болчу кечамах уггаре чlогlа болу кечам бу хьуна иза,
وَأَقْوَى الْمَكِيدَةِ فِي الْحَرْب
Тlамехь уггаре доккха долу хlилла дуй, иза а и Делах кхерар ду хьуна, и Делах кхерар хьоьгахь хилчхьана - уггаре ас со бохуш долу хlилла лелор а Аллахlа схьалур ду хьуна, цу мостагlчунна дуьхьал уггар чlогlа болу кечам а хьоьгахь бу хьуна тlаккха, Делах кхерар шуьгахь нагахь делахь боху lумара, кхидlа боху lумар Хlаттlоба: ша лардо шу, ларлолаш, кхералаш чlогlа боху
أَشَدَّ احْتِرَاصًا
Чlогlа ларлолаш боху
عَلَى الْمَعَاصِي
Iеса хlуманах чlогlа ларлолаш, lасаллах чlогlа ларлолаш, цу lасалло деш дерг -
فَإِنَّ نَصْرَكُمْ عَلَى عَدُوِّكُمْ مِنْ مَعْصِيَةِ الله
Шуна Аллахlа луш болу толам муха бу хаий шуна, керста стаг Аллахlан lеса хилар бахьана долуш, Аллахlа и толам шуна луш бу шуна,
وَإِنِ اسْتَوَيْتُمْ مَعَهُ فِي الْمَعْصِيَةِ
Нагахь и lассалица шу а, и керста а цхьатерра хуьлий, цу керста наха лелош йолу lасалла лелош шу а хуьлий -
كَانَ الْفَضْلُ لَهُمْ عَلَيْكُمْ بِالْقُوَّة".
Тlаккха нуьцкъаллица уьш шуна тlехь тоьлу шуна".
Уьш ницкъаца сов ма-бевллина цхьа мискъала зарратал а, цхьа топ кхосса а стаг церан сов ма-веллинехь уьш шуна тlехь тlаккха тоьлу шуна, шуна толам бохьуш дерг - шу Делах кхерар ду шуна, и Делах кхерар аш дlахоттийнчул тlехь, толам а, тlамехь лело деза хlилла а, и дерриге Аллахlа схьалуш ду шуна, lумар Хаттlоб, мужахlидо деш долу къамел ду хьуна хlара!
"Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахlу́ ла́ шари́ка лахI, лахIул-мулку ва лахIул-хьамду, йухьйий ва йумийту ва хIува Iала́ кулли шайъин къади́йр".
Iуьйр-ламаз дича а, маьркlаж-ламаз дича а ша этхьагехь хиин lаш ма-хиллара кхин меттах а ца волуш иттазза хlара дешнаш аьллачунна хин дерг дуьйцу Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
1) "бlе дика йаздийр ду цунна
2) бlе вон дlадоккхур ду цунах
3) бlе даржехь лакхавоккхур ву и
4) итт муъма лай хьалхавитнарг санна хир ву и
5) массо вонах ларвийр ву и (lуьйран аьлча - сарралц, суьйран аьлча - lуьйре хиллалц)
6) шайтlанах ларвийр ву и (lуьйран аьлча - сарралц, суьйран аьлча - lуьйре хиллалц)
7) оцу дийнахь (йа оцу буьйсанна) цунна lамал йохор ма йац Делаца накъост вар доцчо.
-(Iуьйр-ламаз дича и аьллачунна и йал йу, и ларвар а ду)-
Цо сарахь и алахь а изза ду цунна".
Хьадис Ахьмада дийцина (23568), Тирмизис а дийцина (3534), (3474).
@ehartan_hons
