en
Feedback
Гlиллакхийн хазна 🌴

Гlиллакхийн хазна 🌴

Open in Telegram

Рад тем, кто будет извлекать для себя пользу. Да воздаст вам Аллаxl благом!

Show more
546
Subscribers
No data24 hours
+17 days
-330 days
Posts Archive
«ПIераскан дийнахь Дела хьехоран таж - Пайхамарна салават диллар ду (ﷺ). Алсам салават дуьллуш верг - стиглахь а алсам хьехор ву, лаьтта тIехь а алсам синтем хир бу цунна». Шайх ат-ТIарийфий •┈┈┈••✵☁️✵••┈┈┈• АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Нана... Хьуна хаьий тӀаккха Нана мила ю? Баккъалла а, хьан дахарехь хуьлучу хазахетарна юккъехь уггаре а чӀогӀа долу хазахетар ду-кх иза. Гӏайгӏа-бала, сингаттам хьуна тӀебеъча хьо шега воьрзу меттиг ю-кх иза. Хьан хӀусамехь долу чиркхех уггаре сирла болу чиркх бу-кх иза. Хьан хазахетаран бух бу-кх иза. Баккъалла а, хазахетар алсам ма долу хьуна уллехь Нана елахь! Баккъалла а, гӏайгӏа-бала, сингаттам бай ма ло хьуна уллехь Нана елахь! Халахетар кхаьчча, хьо хьайн хӀусаме вирзича, бухахь Нана карийча и халахетар дицло-кх, гӏайгӏа-бала, сингаттам байло-кх. Баккъалла а, и Нана ю-кх иза, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) шен хьокъехь аьлла йолу: «Хьайн Ненаца дика хилалахь, хьайн Ненаца дика хилалахь, хьайн Ненаца дика хилалахь», - аьлла кхузза хьахийна йолу. Цхьана къонахчо ван а веана, Элчане (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаьттича: «ХӀай АллахӀан Элча, нахана юккъехь со шеца уггар чӀогӀа дика хила хьакъ верг мила ву?», - аьлла. Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) кхузза элира-кх: «Хьайн Ненаца дика хилалахь». Хьо хьайн Ненаца дика хилар чӀагӀлуш ду-кх и йоккха хиллачул тӀаьхьа, цуьнан коьрта тӀехь къежбелла чо гучубала болабеллачул тӀаьхьа, цуьнан дегӀ гӀелдала доладеллачул тӀаьхьа, цу хенахь тӀех хьашт ю хьуна хьан Нана хьо шеца дика хиларе. Баккъалла а, Нанас шен доьзалхочуьнгара сатуьйсуш дерг хьан къинхетам дог ду хьуна, хьан кӀеда-мерза мотт бу хьуна, хьан къинхетаме долу куьг ду хьуна. Ма йоккха декъалалла ю-кх шен Ненаца дика хуьлуш волу къонахчунна! Ма йоккха декъалалла ю-кх шен Ненаца дика хуьлуш йолу зудчунна! Ма йоккха декъалалла ю-кх шен Нана реза ярна тӀехь къахьегна волу къонахчунна! Ма йоккха декъалалла ю-кх шен Нана реза ярна тӀехь къахьегна йолу зудчунна! Ма йоккха декъалалла ю-кх, кху дуьненчуьра дӀавахана стагана, Нана шена реза а йолуш! АллахӀа Къуръан чохь ма аьлла: «Хьан Дала тIедиллина Iибадат цадар, Шена а бен, дена-нанна дикадар а. Нагахь оцу шиннах цхьаъ я ший а къаналле дерзахь - «Офф-фай!» ма алалахь цаьршинга, тIе а ма чийхалахь цаьршинна, лараме дош а алалахь цаьршинга. И шиъ лоруш муьтIахьаллин тIам таIабе царна хьалха, хьайн къинхетамна, олуш а хила: «Сан Дела! Къинхетамбе Ахь царах, со кхиа ма виний цара бер долуш»». (Сурат ал-Исраъ, аят: 23-24) Хьо хилалахь цу хьайн Ненаца дика, кӀеда-мерза! Хьо хилалахь хьайн Нана хьайна дуьхьалакхетча елаелла, екхаелла юьхьаца! Хьо хилалахь даима а хьайн Ненан хьашт кхочушдечарех! Ахь ай ма делахь хьайн Ненан озал а хьайн аз! Я Аллахӏ, къинхетам бехьа тхан дайх-нанойх, тхо кегий долуш тхуна терго еш, къинхетам беш цара тхо кхиорах терра! https://t.me/vay_nohchiy

Куц-кепана ца вешаш Iиттарш яр
Куц-кепана ца вешаш Iиттарш яр

Repost from العقلاء
Аллахlа мархнаш къобал дойла шу массери, цу мархийн бетта дала ма деззара хьакъ дlа а делла, къинойх схьа а цlандина, ийман карла а даьккхина, жоьжахатийн цlарах хьалха дитиначарех дойла шу Аллахlа! Аш мел йина йолу lамалан ял эзарнашкахь сов йоккхийла шуна Аллахlа, аш дийнахь-буса а дина долу доlанан жоп лойла шуна Аллахlа(нагахь санна шуна и дуьненахь а, эхартахь а пайде хира долуш делахь), эзар беттанал воле йолчу лайлатуль къодр буьйсанан диканех даьхначарех ма дойла шу Аллахlа! Комаьрша волчу Аллахlа цкъа а Шен къинхетамах ма дохийла шу!🌿 lодика йи мархийн батто а, хlора шарахь ша и еш ма хиллара, юха шарахь дийна бисинчарна бен кхин юха а богlура боцуш((

«АллóхIумма áтинá фиддунйá хьасанатан, ва фил-áхирати хьаса-натан, ва къинá Iазáбаннáр». «Йа АллахI! Дуьненахь а дика луо Ахь тхуна, эхартахь а дика луо Ахь тхуна, жоьжахатин цIеран Iазапах лар а де Ахь тхо».

Пайхамара (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Хӏора а Адаман тӏаьхьенах верг гӏалат волуш ву, массо а адам гӏалат долуш ду. Делахь а, гӏоли верг тоба деш верг ву, дохковолуш верг ву. Ша къа дича даггара дохковолу бусалба стаг. Даггара дохковалар ду, ша дина долу къине цабезам хуьлу цуьнан дагчохь, ца деза цунна и къа, кхин дийр ма дац ша аьлла. И ду даггара дохковалар. Дохко а волий Аллахӏе тоба дар доьху цо - «Я Аллахӏ, гечде Ахь суна!». Цӏенна даггара тоба дар дац, юха а дан мега ас и аьлла дагчохь шеко хилар. И дац даггара тоба дар. Даггара тоба дар ду, цӏенна Аллахӏан дуьхьа дехар. Ша дина долу къа, цуьнга хьагӏ йолуш, цуьнга цабезам болуш, и ца дезаш волуш. Тӏаккха доьху цо Аллахӏе гечдар. https://t.me/Ramzan_Gendargno

Къийсаваларехь болу бохам Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам), тIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу. Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо а хилар бахьана долуш. Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

Хаттар: Эшаршка ладогIа мегаш дуй? Жоп: Мегаш дац. Эшаршка ладогIар хьарам ду. Хаттар: Далил хIун ду эшаршка ладогIар хьарам хиларан? Жоп: Эшаршка ладогIар хьарам хиларан Къуръан чуьра далил - АллахIа боху Шен сийлахьчу Къуръан чохь:
«Нахах цхьаверг ву, шегахь Iилма доцуш, даьсса хабарш (эшарш) оьцуш верг, АллахIан некъах нах тилорхьама, сийсазбой схьалоцу цо и (АллахIан некъ). Оцу наханна - сийсаздолу Iазап (хир) ду».
Пайхамаран асхьаб волчу IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьйла цунна) аьлла:
«ВаллахIи, цу аятехь юьйцург зурма ма ю».
Эшаршка ладогIар хьарам хиларан хьадисера далил - Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:
«Сан умматехь цхьа нах хир ма бу, зина а, дари а, къаьркъа а, эшарш а хьаналъеш».
Цу аятах а, хьадисах а вайна билгалдолу, эшаршка ладогIа мегар ца хилар, цаьрга ладогIар хьарам хилар.

Сийсара терхье воьдуш кхечу соьга вайна мутӀелимаш кхалхар аьлла хӀара ирча кхаъ, вайна дарсехь хӀара дийцина волу вайн ваша, шен ненаца, йишаца кхалхара. Цхьа адам дӀадаьлча а долу хала, цхьана чуьра кхо адам цхьан метта дӀадалар кӀезиг хӀума дац! АллахӀа собар доттийла церан буха бисинчарна, собаре хиларца АллахӀа йолехь сов бохийла уьш! АллахӀа геч дойла кхарна! АллахӀа декъал бойла! И шайн довза лиин долчу «ла илахӀа иллаллахӀаца» ирсе бойла уьш АллахIа! И шеш Ӏамош хиллачу «ла илахӀа иллаллахӀаца» декъал бойла уьш АллахIа! И шайна маьӀна хаа лиинчу «ла илахӀа иллаллахӀаца» баккхий бе бойла уьш АллахIа! Цу «ла илахӀа иллаллахӀаца» шеш кху дуьненчуьра цхьана дӀа ма баххара, ялсаманехь цхьана тохийла уьш АллахIа! Ткъа вала-м верриге везаш ву, иза девзуш доллушехь хала а хета, чуьра, гергара, уллера цхьаъ кхелхича, ткъа хӀоруш-м бевзуш боццушехь хала чӀогӀа хета, амма и халахетар дай дан агӀо хуьлу, шен чеккхе муха хир ю ца хуучу кху питне заманахь иштта хаза чеккхе йолуш церан кхалхар нис даларна! -Муха хира дацар иза иштта, ялсаман неIарш дIайоьллучу баттахь хилчахь церан кхалхар?! -Муха хира дацар иза иштта, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла хилчахь: «Марха долуш валар нисделларг ялсамане гIур ма ву». [Сахьи‌хь: Муснад Базза‌р: 2854] -Муха хира дацар иза иштта, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла хилчахь: «Iилма Iаморан некъ лаьцначуьнна, АллахIа ялсамане боьду некъ атта бийр ма бу». [Хьасан: Тирмизий: 2646] Ткъа цу дерриге Iилман юккъера уггаре деза дерг, АллахI вовзар Iилма дар-кх кхара Iамош дерг, шайн ненаца цхьаьна! АллахIа атта бина хуьйла шуьн некъ цу ялсамане!

Repost from Зератхо
Аллахӏа Шен Сийлахь долчу Къуръан чохь боху: «Хьан Дела гечдийриг а, къинхетаме Да верг ву». Цундела хьуна ма мотталахь айхьа
Аллахӏа Шен Сийлахь долчу Къуръан чохь боху: «Хьан Дела гечдийриг а, къинхетаме Да верг ву». Цундела хьуна ма мотталахь айхьа дина долчу къинна Аллахӏа хьайна гечдийр дац. Муьлхха а къа хьайгара даьллехь а, айхьа диначунна дохко а ваьлла, и къа хьайгара кхин ца далийта дагчохь сацам а бина, даггара Аллахӏе гечдар дехчхьана, Аллахӏа цу къинна гечдеш ду. © ӏадлан Харачо

Аллахӏана Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: Ворхӏ ӏамал ю велча а ял соцуш йоцуш, ша веллачул тӏаьхьа шен каш чохь воллушехь - ӏилма дӏахьехначунна а, я хи диллинчунна а, я гӏу яьккхинчунна а, я хурман дитт дийначунна а, я маьждиг динчунна а, я Къуръан дитинчунна а, ша велча шена гечдар доьхур долу доьзалхо витинчунна а. [Сахьихь ал-Жамиӏ: 3602] https://t.me/Ramzan_Gendargno

Мархийн баттахь уммат карзах даларна кхоьраш бара жуьгтий, уммат м царна моьттачулла чIогIа наб кхетна долчах тера ду!

Гечдар дехаран эла: Авсан кIанта Шаддада (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира, аьлла: «Гечдар дехаран эла ду – ахь алар: «Йа АллахI! Хьо ву сан Эла, Хьо воцург кхин дела вац, Ахь кхоьллина со, со Хьан лай ву, сайн ницкъ кхочучу кепара Хьан ваIд тIехь (Хьуна муьтIахь) ву со, со ларло Хьоьца айса динчун вонах, со къера ву Ахь суна динчу ниIматна, со къера ву сайн къиношна а, ткъа Ахь гечдехьа суна, бакъдолуш, къиношна гечдийриг Хьо бен вац-кх». «Iуьйранна цу дешнех даггара теша а тешаш уьш аьлларг суьйре хилале иза лахь, йалсаманин охIлунах хир ву иза. Суьйранна цу дешнех даггара теша а тешаш уьш аьлларг Iуьйре тIейале иза лахь, йалсаманин охIлунах хир ву иза». [Бухарий, Тирмизий, Насаий, Ахьмад]
اللَّهُمَّ أَنْتَ رَبِّي لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ، خَلَقْتَنِي وَأَنَا عَبْدُكَ، وَأَنَا عَلَى عَهْدِكَ وَوَعْدِكَ مَا اسْتَطَعْتُ، أَعُوْذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا صَنَعْتُ، أَبُوءُ لَكَ بِنِعْمَتِكَ عَلَيَّ، وَأَبُوءُ بِذَنْبِي، فَاغْفِرْ لِي فَإِنَّهُ لاَ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إِلاَّ أَنْتَ. АллóхIумма анта робби́, лá илáхIа иллá анта, халакътани́, ва ана Iабдука, ва ана Iалá IахIдика ва ваIдика мастатIаIту. АIýзу бика мин шарри мá санаIту, абýу лака биниIматика Iалаййа, ва абýу бизанби́, фагIфир ли́, фаиннахIý лá йагIфируз-зунýба иллá анта.

Шух цхьама ала мега-кх: –Тхан дегнаш сама-м дехира ахь, тхоьга хlун де боху ахь, оха хlун дан дезаш ду?! Тхоьгахь герз ду цаьрца тlом бан?! Я бусалба нехан эскар юкъахь ду тхо?! Тхан керахь хlумма а ма дац! – Хlан-хlа, ду дера хьан керахь-м. Аллахlаца йолу юкъаметтиг то йе хьайн, тlаккха Аллахlа дика дийра ду хьуна, Аллахlа дика дийра ду хьуна! Хьайн lамал дика е, тlаккха Аллахlа хьан вежаршна тlера бала дlа айбийра бу хьуна, цхьа а бала ма ца-боьссина къа-дар бахьан долуш бен, я цхьа а бала дlа а ма ца айбина тоба дарций бен. Доlа дар ду-кха хьуна тlехь! Аллахlан дуьхьа ала соьга тlаьххьара маца дина ахь сужудехь доlа хьай вежаршна?! @ehartan_hons