en
Feedback
Гlиллакхийн хазна 🌴

Гlиллакхийн хазна 🌴

Open in Telegram

Рад тем, кто будет извлекать для себя пользу. Да воздаст вам Аллаxl благом!

Show more
546
Subscribers
No data24 hours
+17 days
-330 days
Posts Archive
Цхьаболу нахана хьо шайца дика хуьлийла а ца лаьа, шаьш шайн дагчохь латтош йолу хьоьха вуо ойла бехказйаккхархьама... Дегнаш
Цхьаболу нахана хьо шайца дика хуьлийла а ца лаьа, шаьш шайн дагчохь латтош йолу хьоьха вуо ойла бехказйаккхархьама... Дегнаш цlена цахиларан билгало йу иза...

Адамо хьо къинтlера воккхучу хенахь, и дац хьун и гlалат ваьлла, хьо бакъ ву бохург... Цунна ала лууш хила тарло хьуна шуьшин
Адамо хьо къинтlера воккхучу хенахь, и дац хьун и гlалат ваьлла, хьо бакъ ву бохург... Цунна ала лууш хила тарло хьуна шуьшинни юкъаметтиг шен дозалалла еза юйла. Вай бехказдийларх даиманна вай нийса дац бохург дац, цхьайолчу хенахь цунах луарг: вай кхечаьрца хlоттаеллачу юкъаметтиган хам беш, церан лерам беш хилар ду...

Шена хьогалла догlано бен дlа а йоккхура йоцучу дакъаделлачу латтана пайда хир буй стигал къекъар, шеца бохьуш хин тlадам а б
Шена хьогалла догlано бен дlа а йоккхура йоцучу дакъаделлачу латтана пайда хир буй стигал къекъар, шеца бохьуш хин тlадам а боцуш? Ткъа догlано Аллахlан пурбанца латта ден ма до. Вай Делан Элча Мухьаммад ﷺ деккъа багахь "суна веза" бахарх пайда буй ахь, цунна салават дилла а хьан дог догlуш, йа даг догlуш хьуна ца хилча? Элча (ﷺ) хьуна дукхавезаран барам къасторан терза - цуьнан суннатна хьо тIаьхьавазар ду хьуна. Йа АллахI! Хьайн къинхетам а, хазчу хьахорца хьахор а, маршалла а ло Ахь тхан Пайхамарна Мухьамадна, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, къематде кхаччалц дикаллийца царна тIаьхьабаьзначарна массарна а.

Искренность так прекрасна... Это так прекрасно, когда не приходится притворяться, иллюстрировать картину, не соответствующую
Искренность так прекрасна... Это так прекрасно, когда не приходится притворяться, иллюстрировать картину, не соответствующую своему нутру, а искренне относиться к каждой мелочи, до которой дотрагивается твоё сердце... Ничто притворное не может быть продолжительным. Ведь всякий притворяющийся очень скоро выкажет свою истинную натуру. Но не оправдывай свое холодное отношение к окружающей тебя среде, как проявление честности и неумением "притворяться" маской вежливости. Ведь черствость сердца вовсе не оправдание... Сам Аллахl повелел быть добрым по отношению к другим. И как ты можешь, человек, обелять свое положение в глазах других в то время, когда не скрыть истину от Аллахlа?

Аллахlа кху дезачу дийнахь жоьжагlатийн цlарах хьалха ваьккхинчарах войла массо а бусалба, ерриге дика lамалаш къобала йойла, доlнашна жоп а лойла!

Мичахь йу вай синпаргlато?

Да-нана уллехь а долуш бан беза хам, Церан хан хьалха а йаьлла, вай дуьненчохь царел тӏаьхьадисинчу минотехь, вай оьгура долу дагахьбаламан бӏаьрхиш цхьанна а оьшура дац шун. Мел чӏогӏа хьо цаьрца дика хилчи а хир болу дагахьбалам, хьо вуо хилахь, Эхартахь хилла ца ӏаш, дуьненахь а хир ду хьуна хьан дагна ӏазап!

Йа Аллах1, орцаха вала Хьо Рафахьера бусулба нахана. Х1окху сохьта онда геноцид ю цигахь д1а йоьдуш, шайн до1нашкахь хьеха белаш уьш шортта. К1иллойн т1ом бу жуьгтиш беш берг, юхьа дуьхьал лата буьйла белча, шаьш охьа отун дера, х1инца адамаш дагош, даккхий герзанаш генара т1е детташ бу бусалба нахан.

Къуръан маттаца дешна ца ӏаш, дагца деша дезаш ду... Ша даггара, цӏеначу нийатца, кхета а гӏерташ доьшуш хилча, Къуръано хаза
Къуръан маттаца дешна ца ӏаш, дагца деша дезаш ду... Ша даггара, цӏеначу нийатца, кхета а гӏерташ доьшуш хилча, Къуръано хаза асар йуьту хьан дахарехь, хьан шога мотт кlад беш, гӏиллакхаш хаза деш, нахаца йолу юкъаметтигаш то а йеш, собар чӏагӏ а деш, дог синпаргӏате а деш. Ткъа хьан леларехь цхьа а дикачу агӏора хийцам хуьлуш бацахь, хьай деца-ненаца йолу йукъаметтиг а хьо ларъеш вацахь, гӏиллакх толуш дацахь, кийрара мекхалла цӏанлуш йацахь, хьайн ийман чӏагӏлуш дацахь, айх доьшуш долчу Къуръанах воккха ма ве войла хьо... Къуръана маттаца дешна а ца ӏаш, шеца ӏамал йан йезаш ду!

Абу Халид Хьаким Хьизама (АллахI реза хуьлда цунна), толам баькхиначу шарахь(вуьшта аьлча: 630-чу шарахь, бусалба наха Макка
Абу Халид Хьаким Хьизама (АллахI реза хуьлда цунна), толам баькхиначу шарахь(вуьшта аьлча: 630-чу шарахь, бусалба наха Макка яьккхиначу), жехIалачу а, дин тIеэцначу а заманашкахь къурайшийн тхьамданех цхьаннан кIант хилла волучу, дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Эцархо а, йохкархо а вовшахкъаьстина мел воцу шайн харжамехь паргIат ву¹. Нагахь и шиъ ший а (вовшашка) бакъ лийнехь, дерг-доцург (ма-дарра) довза а довзийтинехь² - цаьршиннан йохка-эцаран барт беркате хир бу. Ткъа нагахь цаьршимма (цхьаъ) къайла а даккхахь, вовшашна харцдерг а дийцахь - цаьршиннан йохка-эцаран бартан беркат хIаллакдийр ду». [Бухари: 2079, Муслим: 1532] *** ¹ Кхечу дешнашца аьлча, цуьнан маьIна – «Церан, шаьш эцна йолу а, йоьхкина йолу а хIуманаш юханехьа йолучу дега юхаерзон а, юха ца ерзош йита а бакъо ю» бохург ду. ² Кхечу дешнашца аьлча: «Нагахь йохкархочо ша юхкучу хIуманехь долуш долу айп эцархочунна ма-дарра дIа а довзийтинехь, ткъа эцархочо – хIиттийна бехкамаш а, тоьхна хан а кхоччуш лар а динехь».

Хlума дечун куьг мукъа дац, цадечун мотт мукъа бац.

Жималлехь и дешнаш тидаме ца лоцура ас... Амма тахана, дахарехь халачу киртигехь нисвелча, цу дешнийн кlорггера маьlна сайн доьвзича, хиира суна, ша бечу некъа тlехь адамаш цхьа лар йитича, билггала дагца бен хаалура доций бохург хlун ду: "бlаьрг бузар; бlаьрг бадар". Цхьа минот тоьуш хилла адамах бlаьрг буза, цо бинчу хазачу харжамца, Аллахlан гергахь сийлахь вечу, иштта цхьа минот а тоьуш хилла адамах бlаьрг бада, цо динчу хlуманийн бараме хьаьжжина. Бlаьрг бузар хьуна цадоьвзучу адмаца а нислуш ду, дагахь доцучу кепара, хьоьца "некъ битина" а хаза гlиллакх лелийча. Амма хьан бlаьрг бадар нислуш дац хьуна, цхьана хенан чохь хьан цу адамах дика ойла хиллий бен. Хьуна адам дукха мел деза а, хьан дог далар (разочарование) алсам хуьлу... Хlунда аьлча хьан дагчохь цхьа йоккха меттиг лоцу дукхадезачу адамо; цун дуьхьа хьайн са а дlалур долуш, даггара нийатца лелийначу юкъаметтиган йамартлонца хьайн цо бекхам бича, хьо ма хиллара хьайца нах а даиманна хир боцийла хаа деза хьуна... Адамийн дегнийн мекхала гучуйаларо ма вуьгийла хьо гlайгlане, Аллахlа хьуна дина совгlат хила тарло хьуна иза, шен хенна, кхин а цхьа чlогlа хало тlейалале хьуна хьайн уллехь берш бовзар... Хьайн дикалла Аллахlан дуьхьа дlакхехьа, ткъа уллернаш бовзар Аллахlа хьун делла ниlмат дуйла диц ма де... Нехан тешам бевза а бевзуш хазачу гlиллакхца чекхвала хьо. Аллахlан гергахь дерг коьрта ду хьуна массо хlуманал а... Хьо хилалахь даиманна хьайх бlаьрг бузуьйтуш... Нехан дегнаш чохь хаза лар йуьтур йу ахь хьо велчи а...