١٩٩٦
Open in Telegram
257
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
257
Хьан дагчохь лар йитнарг ахь шор йина йоккха чоь хир йац хьуна. Йа керла хийцина пена тlера тlамарш хир йац хьуна. Йа ахь эцна керла васхалш хир йац хьуна. Йа ахь чутесина керла серло хир йац хьуна, йерриг чоь серла йоккхуш йолу. Йа ахь чу хlоттийна керла боккха маьнга хир бац хьуна. Йа ахь хьалха шийла хуьлучу цlенкъа йуккъе тесина куз хир бац хьуна.
Хьан дагчохь лар йитнарг lильманан дуьххьара чам хаабеллачу хенахь, хьо Аллахlац дага волуш, суджуде оьхуш хилла йолу и жима чоь хир йу хьуна, цхьана стагана бен дlайс вала меттиг боцуш хилла йолу. Хьан дагчохь лар йитнарг кlай пен хир бу, кхин шена тlехь цхьа а хlума а доцуш хилла болу, беккъа цхьа кlай пен. Хьан дагчохь лар йитнарг хьан жайнеш хир ду хьуна, цу хена васхалш йоцуш ахь лаьттахь схьаладиттийна долу, йуха уьш литтан меттигал хаза меттиг дерриг цlа чохь йан а йоцуш. Хьан дагчохь лар йитнарг жима чиркх хир бу хьуна, цкъацкъа болх ца беш, жайна доьшучу хена бlаьргашна ницкъ беш хилла болу, амма даимна а ша болх бечу хенахь оцу серлонца жайнийн агlонаш хьуна гойтуш хилла болу. Хьан дагчохь лар йитнарг ахь лаьтта тийсина хилла жима гоь хир йу хьуна, хьоьга кест-кеста наб ца йойтуш хилла йолу, иза дукха чlогlа хилар бахьан долуш. Хьан дагчохь лар йитнарг и шийла лаьтте хир йу хьуна, хlора буса ахь Аллахlе доьхуш хьайн хьаж охьадиттийна йолу. Лаьтте, хlоразза а жайна доьшуш хьо lийна волу, цхьана маьllе дlа а тевжий.
Хьан дагчохь лар йитнарг хаза хан хир йу хьуна.
257
Йух йуха мел йоьшу а, кхин а чlогlа ойла йо ас цу хlуманна. Сан гергара нах а, иштта таханалерчу дийнахь бен дlа ца хеташ болу дай-наной а масал хилла суна цу хlумангахь. Беранна оьшуш йац телпо! Иза соцуш дацахь а, доьлхуш лаьттах детталуш делахь а!
257
Repost from ١٩٩٦
Играх ловзуш волуш, ша хила ма-везза стаг ву, я ша хила ма-езза зуда ю ала бакъо яц цхьанне, хӀунда аьлча цуьнгара берийн хӀуманаш хӀинца а дӀадевлла дац! Ахь ала тарло сан «17 шо ду, со жима ву хӀинца а, суна ловза мегар ма ду», амма 17 шо долу Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) асхьаб УсамахӀ, Пайхамара Рум пачхьалкхан тӀаме дохуьйтуш долчу эскарна амир хӀоттийна хилла, тахана Америк санна пачхьалкх хилла иза, амма ца хӀоттийна Пайхамара иза амир играх ловзуш волуш, игра дитина хила ма-везза къонах хилла ваьлча хӀоттийна. Ахь «хӀан-хӀа сан 17 шо дац, со кхин а жима ву» бахахь, Ӏумар ХаттӀабан кӀант 14 шо долчу хенахь Пайхамарна тӀе вахана, ша хьайца гӀазоте вига аьлла. Ахь «хӀан-хӀа, со кхин а жима ву» бахахь, кху умматан фирӀавн ву аьлла Пайхамара цӀе яьккхина волу Абу ЖахӀл Ухьуд гӀазотехь вийнарг 13 шо долуш жима ши кӀант хилла. Ахь «хӀан-хӀа со кхин а жима ву» бахахь, кхин жима хилча хьуна кхуза чу хаттар дала хуур дацара! Иштта кхуьу къонахий! Играш тӀехь къонахий ца кхуьу, я зударий ца кхуьу, играш, кинош, мультикаш адам талхо керста наха вайна юкъаяьхна ю.
©️
257
🆎🆎🆎🆎1⃣🆎🆎🆎🆎 🎁
АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Вовшашна совгIаташ де, хIунда аьлча цо вовшашна дезарехь совдохур ду шу».🪶Ислам-дино бусалба стаг гуттар а дика дерг а, Далла гергахь йоле мел дерг а дезаш хиларна тIехьоьху. ⚫️Царех цхьаъ ду – бусалба стаг шен вежаршца гергарлонаш а, уьйраш а, марзонаш а лоьхуш хилар. Цундела Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нах шайна йуккъехь саламаш даржоре кхойкху – цунах царна вовшашка уьйр а, марзо а, безам а кхуллуш бахьана хилийта. Иштта совгIаташ даларе а кхайкхина цо бусалбанашка: йезачу хенашкахь а, хазахетаршкахь а – бусалба стаге шен бусалба вешина совгIат далийта, оцу совгIатехула шен вешица уьйр-марзо чIагIъйайтаран дуьхьа. Къаьсттина ладаме хир ду совгIат дар, нагахь цаьршинна йуккъехь барт бацахь, хIунда аьлча совгIат даро, барт бацарна тIе тамашийна Iаткъам а бой, шина вешина йуккъехь йоьхна йукъаметтиг йуханехьа уьйре а, марзоне а йерзайо. 📎Ткъа совгIат – мехала хIума хилар дац коьртаниг, и лучо – цIеначу даггара АллахIан дуьхьа а, доггаха шена шен бусалба вежарий безарна а йалар ду. Дера, совгIат-м, хаза а долуш, цхьа зезаг хила а йиш ю йа тIех Сийлахь-Везачу АллахIах кхерар дагадоуьйтуш, кечдеш йаздина хаза йоза долу кехат а, жайна а, пайдехь хьехарш гулдина йаздина кехат хила а йиш йу. ⚫️СовгIат лоруш ду бусалба стага шен вешина, дойла а ца хууш, дина долу доIа а, и бахьанехь царшинна АллахI реза хила тарлуш долу.
257
Аллахlа кхоьллинчух ийзалуш волчунна а, кхоьруш волчунна а меттиг - шайн дин доьхкина болу мунепакъ нахаца йу!
257
وَلۡتَكُن مِّنكُمۡ أُمَّةٌ يَدۡعُونَ إِلَى ٱلۡخَيۡرِ وَيَأۡمُرُونَ بِٱلۡمَعۡرُوفِ وَيَنۡهَوۡنَ عَنِ ٱلۡمُنكَرِ ۚ وَأُوْلَٰٓئِكَ هُمُ ٱلۡمُفۡلِحُونَ
وَلَا تَكُونُواْ كَٱلَّذِينَ تَفَرَّقُواْ وَٱخۡتَلَفُواْ مِنۢ بَعۡدِ مَا جَآءَهُمُ ٱلۡبَيِّنَٰتُ ۚ وَأُوْلَٰٓئِكَ لَهُمۡ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Шух цхьа тоба хуьлийла, нах дикане кхойкхуш, диканца девзинчуьнца цаьрга омар деш, вочух уьш йухатухуш. Уьш бу уьш декъалхилларш. Шу ма хилалаш шаьш динехь къаьстинарш а, шайга билгалонаш йаьхкинчул тӏаьхьа бекъабелларш а санна! Уьш - царна доккха ӏазап хир ду.
📖3:104-105
257
🌹🌹🌹🌹🌹🌹🌹🌹
🌹🌹🌹🌹🌹 🌹🌹🌹🌹🌹
🔘Дуккха а нехан шайн динан гIуллакхашкахь тидаме цахилар, ледарлонаш яр, кIадонаш яр сел генадаьлла, маьждигехь рузбанан ламазаш дар а дуьтуш. Рузбанан ламазан метта шайн цIахь диъ ракаӀат
делкъа-ламазаш до цара. Цара и даран бахьана - маьждигехь рузбанан ламаз даран ял а, и дитаран къа а ца довзарна ду.
🤎Абу ХIурайрас а, ибн Iумара а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), ша дечиган минбар тIехь (лаьтташ волуш), олуш хезна шайна аьлла:
«Аса дуй буу: нах я рузбанан ламазаш дитарах юхабевр бу, я АллахIа, церан дегнаш дIа а къевлина, тIе мухӀар тухур ду, ткъа цул тIаьхьа, билггал, гIайгIа-бала боцучеран могIарехь хир бу уьш»[Муслим: 865] 🤎Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:
«Цхьа а бехказло а йоцуш, кхо рузба дитина верг - мунепикъийн могIарехь дIаязво».🤎Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:
«КIадо а йина, кхо рузба дитина волучуьнан дагна тIе АллахIа мухӀар туху».⬇Сан лераме ваша! Ойла ехьа, ткъа, рузбанан ламаз а ца деш, и дитина волучуьнгахь АллахIа кхо Iазап муха гулдо: ✔Цхьаъ: гIайгIа-бала боцучеран могIаре хIутту иза. ✔Шиъ: мунепикъийн могIарехь дIаязво иза. ✔Кхоъ: АллахIа дагна тIе мухӀар туху цунна.
257
💬Сан дахарехь цкъацкъа бен нислуш дац суна иштта хьал, тахана чlогlа хаза новкъавалар нисделла сан. Бан безаш беха некъ бу, (коьртчохь дара: оцу бехачу некъахь эшаран гlирсашка ладегlа дезар ду аьлла). Амма, Аллахlан къинхетамца, латийна Гlаззехь болчу вежаршна, йижаршна деш долу дуlа дара, цул хьалха цхьана lеламстега хьехам бара, хlинц Къуръан ду. Хазахетар дагчохь ца тарло. Аллахlа вайн къам lильмангахь сов доккхийла.
257
Адамашна моьтту шаьш дага а довли, шайн халонаш йуьйци, йух Аллахlа шайн паргlато йалар дийцич цунах ладугlучунна цхьа пайда ца хуьлу. Амма, ма дукха хlума дукха сан йаздина, иштта цхьац адамаш бахьан долуш, цара кху дуьненахь сема хуьлуйтуш со. Царна шаьш иза дийцний дицделла а кардо цкъацкъа, амма цхьа хаза лар йуьту цара шаьш динчу къамелах. Даимна а суна даг а оьхуш, хlоразза а суна пайде а хуьлуш.
