١٩٩٦
Open in Telegram
257
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
257
Цкъа мацах, цхьана гуламехь lаш долуш, зудчо мохь бетташ хеза суна цхьаьнге: «Джуляйбиб, Джуляйбиб» - бохуш. Ойла йо ас, мичахь хезна йара те суна и цlе, ма хаза цlе йу иза бохуш. Йуха суна даг догlу, Пайхамарийн ﷺ асхьабшех цхьаъ вари - Джуляйбиб..
257
☁️فَلَآ أُقۡسِمُ بِٱلشَّفَقِ
☁️وَٱلَّيۡلِ وَمَا وَسَقَ
☁️وَٱلۡقَمَرِ إِذَا ٱتَّسَقَ
☁️لَتَرۡكَبُنَّ طَبَقًا عَن طَبَقٍ
☁️فَمَا لَهُمۡ لَا يُؤۡمِنُونَ
☁️وَإِذَا قُرِئَ عَلَيۡهِمُ ٱلۡقُرۡءَانُ لَا يَسۡجُدُونَ۩
☁️Но нет! Клянусь вечерней зарею!
☁️Клянусь ночью и тем, что она собирает!
☁️Клянусь луной в полнолуние!
☁️Вы переходите из одного состояния в другое.
☁️Почему же они не веруют
☁️и не падают ниц, когда им читают Коран?
257
Repost from ١٩٩٦
Пайхамара ❤️ хlора дийнахь лелийна долу суннаташ дуьйцуш лекцеш йу дlайоьлхуш.
Цаьрга ладогlа мегар ду кхузахь:
🤎Хlора дийнан суннаташ
257
🤎Абу Бакар ас-Сиддикъа (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла:
Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лелош хилла долчух цхьа хlума ас дитича, (цуьнан цхьа суннат, цо олуш хилла долу цхьа дош, йа цхьа болх) ас битича, Дала сой гал ваккхарна кхоьрур ма вара со.📖Аллахlа ма-аллара:
Боккъалла а, тlех хаза масал дара шуна Аллахlан элчанехь.🤎lаишата (Аллахl реза хуьлда цунна) шега Пайхамаран гlиллакхех лаьцна хаьттича аьлла:
كان خلقه القرآن
Пайхамаран гlиллакх Къуръан дара.Аллахlа Къуръан чохь дика ду мел аьлла долу хlума шеца долуш вара Пайхамар (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), вон ду мел аьллачух цlена а вара иза. Цундела, цо мел леладина долу хlума (цуьнан суннат) дуьненахь вайна беркат ду, эхартахь - декъалла йу.
257
✔️Стагалла йойуш хlума ду хелхаволу бохуш боьрша стаг нахана юккъехь сеттар! Я Нохчийн хlума а дац хелхар, нахана юккъехь шен дегl дlатовжор а я охьадиллар а эхье хилла вайн, зудабер санна сеттар-м дуьйцур дац вай! Къонахчо цкъа а лелор долуш а я лелийна хlума а дац иза цхьана заманахь! Хlара дуьне доладелчхьана, нахана юккъехь шен сий долуш хилла стаг хелхаволуш хилла алий цхьа меттиг карайой хьажа, цкъа а карор яц! Мелхо а, зударийн болх бу хелхавийлар, ткъа зударех тарлучун хьокъехь Ибн lаббаса дийцина:
🤎«Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) неlалт элира зударех тарлуш болчу боьрша нахана а, боьрша нахах тарлуш болчу зударшна а». [Бухарий: 5885]
257
📖Айса а цкъацкъа мало йо дера хьахадо ас хlара, цхьаннан пайда бала мегар-кх кхунах.
Йоккха йазйина текст, йа сахьтехь, шина сахьтехь йолу запись гича иза йеша дог ца догlий, ладогlа дог ца догlий тесна йуьту дукхахболучара. Запись йола а йой, кхин дlа ладогlа са а ца тохалой йуьту. Шортта хила мега иштта берш, со а цхьана. Амма вай иштта гlийла хила ца деза. Гlарчl аьлла хила деза. Шайтlане вай lеха ца дойтуш.
✅Адам даимна атто йезаш ду шена. Цунна хала ду (сахьтехь йерг-м хlунда йуьйцу) 5 минотал сов записе ладогlа, йехха, чулацаме, пайде йолу текст чекхйаллалц дlайеша а. Амма вайна дагдáн деза иштта хьал нисделча:
🟡Хила тарло-кх Аллахlа хьо цу текстана, записьна тlенисвина, хьуна нийса некъ бовзийтархьама
🟡Хьуна динах керла хlума доьвзур ду (башхалла йац муьлхачу сферехь иза далахь а)
🟡Ахь пайдечу хlуманна йайъина миноташха хьуна йал йазйийр йу.
📎Цундела, мало ма йе!
257
🎙️«Деккъа Къуръан дешча ар долу-м ца моьтту хьуна джин?» -бохуш, дарба деш ву бохуш волчуьнга къамел.
257
📖Баккъалла а, шаьш Делах цатешнарш, церан даьхнеша а, церан бераше а Аллахӏах цкъа а хӏумма а хьалхабохур ма бац уьш. Уьш бу уьш жоьжахатин цӏеран гӏирс.
Фирӏавнан охӏлунан а, шаьш царел хьалхарачеран а хьолах терра ду церан хьал, Тхан аяташ харцдира цара, тӏаккха Аллахӏа церан къинош бахьанехь ӏазапца схьалийцира уьш. Аллахӏ таӏзар чӏогӏа долуш ву.
Ахь ала шаьш Делах цатешначаьрга:
"Дуьненахь эшор ду шу, эхартахь жоьжахати чу дӏагулдийр ду шу. Ма вон мотт бу-кх и жоьжахати".📖Дала адамашна хаздина даггара безар - зударий а, кӏентий а, дешех а, детех а гулбина хьесап доцу дукха бахамаш а, хаза тайна говраш а, даьхнеш а, кхаш а. И дерриге дуьненан дахаран зовкх ду. Ткъа Аллахӏ - Цунна гергахь хаза воьрзийла ю. Ахь ала:
"Аса цул дика дерг дийций шуна? Шаьш Делах кхийранчарна шайн Далла гергахь шайна кӏелахула татолаш лелаш йолу бошмаш а, шаьш гуттар цу чохь лаьттар болуш, цӏена оьзда зударий а, Аллахӏера чlогӏа резхилар а ду.Аллахӏ гуш [бевзаш] ву Шен лайш, шаьш олуш болу:
"ХӀай тхан Дела! Баккъалла а, тхо тешна Хьоьх, гечдехьа тхуна тхан къинош, ӏалашдехьа тхо жоьжахатин цӏеран ӏазапах!"
