١٩٩٦
Open in Telegram
257
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
257
لا خير في زوجة تغتاب زوجها في مجالس النساء، و تذكر تفاصيل عيوبه و تنشر أسرار بيتها، و عند إنتهاء الجلسة تعود لتنام تحت سقف بيته، و تأكل من طعامه، و لا تأمن إلا بوجوده.
و كذلك الزوج.
Цхьа а дика дац зударийн гуламашкахь шен цlийнда бех а вой (вон агlора вуьйций), ма-дарра цуьнан сакхташ хьеха а дой, шен хlусамера къайленаш йаржа а йой, йуха, гулам дlабирзича, цуьнан хlусаман тхов кlелахь дlайижа а, цуьнан кхача баа а цlайоьрзуш йолчу зудчуьнгахь, и цlийнда хилча бен кхерамазаллехь ца хуьлуш йолу. Иштта ду хlусамден хьокъехь а.
257
📖Хьайца даимна цхьа жайна хӀунда ца леладо ахь? Хьай аьтто баьллачохь доьшур долуш.
Мел дукха пайданаш хир бу хьуна.
✅Эрна хан яйар дӀадер ду
✅Хьарамчух бӀаьрг ларбар хир ду
✅Эрна, йа хьарам къамелдар хир дац
✅Пайде хӀума Ӏемар ду
✅Делера ял хир йу
🪶ХӀунда аьлча Дала вайга уггара хьалхара дина омра «Икъроъ» ду - «Йеша» аьлла.
💬Йешарехь бу бусалба неха толам, цайешарехь - эшам.
257
Зударшна хьадисаш дуьйцуш йолу цхьана лекцехь дийцира иштта дерг, амма цигахь дийцинарг нисса бlостанехьа дара, зуда йалийначул тlаьхьа цхьа мутlелам маьждиге оьхучара, дарсашка оьхучара а сецира аьлла..
257
🤎Доттагlалла - иза ахь хьайна доьхуш дерг хьайн доттагlчунна а дехар. Дуьххьара цунна, тlаккха хьайна.
🤎Пайхамара 🌴 аьлла:
لاَ تَدْخُلُوا الجَنَّة حَتَّى تُؤْمِنُوا، وَلاَ تُؤْمِنُوا حَتَّى تَحَابُوا
Шух цхьа а ялсаманийн чу гlур ма вац аш им диллалц, аш им дуьллур ма дац шу гlовше деззалц.🪶Доттагlалла - иза хьуна хьай доттагlа хьо санна хьал долуш хуьлийла лаар, хьай санна динах кхетам хьай доттагlчуьна а хуьлийла лаар, хьайх санна lеламстаг цунах а хуьлийла лаар, хьайх санна хьехамча цунах а хуьлийла лаар, хьо санна суннатехь и чlогlлойла лаар, хьо санна Аллахlан герга иза а хуьлийла лаар. Хьай санна ийман долу хlусамнана (хlусамда) цуьнан а хуьлийла лаар, хьай санна хьанал рицкъ даккхалуш болх цуьнан а хуьлийла лаар, хьай санна Аллахlах кхоьруш йолу тlаьхье цуьнан а кхуьийла лаар, хьай санна аьтто цунна а хуьлийла лаар. Доттагlалла - иза муьлха хlума хьуна хьайн дезаре терра, хьай доттагlчунна а дезар. 🤎Пайхамара 🌴 аьлла:
لا يؤمنُ أحدُكم حتى يحبَّ لأخيه ما يحبُّ
لنفسِه
Шух цхьа а ийман диллина хир вац, шена дезаш дерг шен вешина а деззалц.
257
📖Одна из лучших форм благословения(салавата) Пророку 🤎:
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد، كَمـا صَلَّيـتَ عَلـى إبْراهـيمَ وَعَلـى آلِ إبْراهـيم، إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد ، اللّهُـمَّ بارِكْ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّـد، كَمـا بارَكْتَ عَلـى إبْراهـيمَ وَعَلـى آلِ إبْراهيم، إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد
📖Перевод:
О Аллахl, благослови Мухьаммада и семейство Мухьаммада, как благословил Ты Ибрахlима и семейство Ибрахlима, поистине, Ты – Достойный похвалы. Славный! О Аллахl, пошли благословения Мухьаммаду и семейству Мухьаммада, как послал Ты их Ибрахlиму и семейству Ибрахlима, поистине, Ты – Восхваляемый, Прославляемый!
257
-ГӀайгӀане ву со
-Хьо муха хуьлу гӀайгӀане, хьан Делан стигланаш хьуна даимна а йиллина хилча?
257
💬Оцу йоlа ца боху, куралла йеш: «Хlан-хlа, цуьнан аьтто бац, цуьнан таро йац, со реза йац.»
Цхьаъа lиттарш йоцуш, иза ирча вара, кхин вара ца бохуш реза хилла иза. Джуляйбибел ницкъ болуш, таро йолуш, хьал долуш, тайпа долуш, хаза а болуш берш баьхкчи ца йахна йолу йоl йу иза, шен харжам беш lаш йолу. Амма Элчано ﷺ шайга болх кховдийна дехар дича цунна шен дас, нанас жоп ца делча lадийнера и. Оцу йоlа муха боху?
«Аллахlа, Аллахlан Элчано кховдийна болу болх йухутоха гlерташ ду шушиъ? Элчане дlало со, цо бохург де! ВалЛахlи, Элчано зие йойъур йолуш йац шуна со.»
Сийдолу Элчано ﷺ шена дуlа динарг йукха иза. Эхартахь тоьллачарех зуда йукха иза.
☁️Оцу Элчанан ﷺ суннатах вай таслахь, цо хьехна долу гlиллакхшех вай таслахь, вай уьш леладахь вай тоьлур ду шуна хlоккху лаьттан тlехь, вай хир ду шуна уггаре сийлахьачарех..
