en
Feedback
١٩٩٦

١٩٩٦

Open in Telegram

هل جزاء الإحسان إلا الإحسان

Show more
257
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
+1
Таково творение Аллахlа..

sticker.webp0.00 KB

📍Буро-Гlалара маьждиг
+1
📍Буро-Гlалара маьждиг

sticker.webp0.00 KB

Зуда йалочу дийнахь динах дерг дlатотту, дукхахболучара. Ма ирча хьал дукха и. Шен несан куьг шех хьакхадолуьйтуш, и чухул даьккхин волавалар дин хилар ма дац. Цуьнца хьайн ма тов бегаш беш латтар дин хилар ма дац. Нисса бlостанехьа хlума ма ду. Хала ма дац цунна улле ваьлла схьаван, и схьалаццал хlун хlоьттина хьоьга? И ца лаьцча гlуллакх хуьлуш дацахь, йиши куьг лаца ма мега, боьршачу стеган куьг ца лоцуш. Йа цуьнца и эрна къамелаш ца деш, доцца, дах а ца деш, хаза вист а хилла дlадерзадан мегаш дац иза? Муха мега те боьрша стаг шех хийра зуда хьакха йелча? Зуда муха мега те шех хийра стаг хьакхавелча? Оцу зудчуьнан хlусамда муха мега те шен зудчух стаг хьакхавелча? Эмгаралло ватта ца вотту те иза? Ма ца кхетало цу хlуманех..

sticker.webp0.00 KB

Къинтlера-валар.mp34.82 MB

sticker.webp0.00 KB

🔖БlАЬРСА ЛАРДАР ЯЛСАМАНЕ ВУЬГУШ БАХЬНАШЕХ ЦХЬАЪ ДУ
💡Пайхамара 📚 аьлла: اضْمَنُوا لي سِتّاً مِنْ أنْفُسِكُمْ أضْمَنُ لَكُمُ الجَنّة: أُصْدُقُوا إذا حَدَّثْتُمْ وأوْفُوا إذا وَعَدْتُم وأدُّوا إذا ائْتُمِنْتُمْ واحفَظُوا فُرُوجَكُمْ وَغُضُّوا أبْصارَكُمْ وَكُفُّوا أيْدِيَكُمْ 🗒️Йалх хlума лардар шайна тlелаца, ас шуна Ялсамане хилар тlелоцу шуна: ✔️Хабар дуьйцучу хена аьшпаш ма ботта ✔️Шаьш чlагlо йича, иза йоха ма йе ✔️Шайна цхьа хlума тешаме дитча ямартло ма йе ✔️Шайн бехке меттигаш ларйе ✔️Шайн бlаьрса ларде ✔️Шайн куьйгаш ларде (зулам дарах)

sticker.webp0.00 KB

💡Абу Дардаъа (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Милла валахь, хьарам хlуманах шен бlаьрг ларбиначуьнга, Аллахlа хьуруль-lийн
💡Абу Дардаъа (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Милла валахь, хьарам хlуманах шен бlаьрг ларбиначуьнга, Аллахlа хьуруль-lийншех шена беззарш, шена безачул бала бойтур бу. Неха керташ тlехула хьежнарг (къайлаха зудаберашка хьежнарг) Аллахlа къемат дийнахь бlаьрзе гlаттор ву». 📚رسالة المسترشدين

sticker.webp0.00 KB

Пайхамара 📚 хьадж деш волуш, цуьнца тlехьа эмкална тlехиина Фадль ибн lаббас хилла. Пайхамаре 📚 хаттар дан тlейеъина хилла цхьа йоl, цо хаттар дечу хенахь Фадль ибн lаббас оцу йоlе лерина хьоьжуш хилла (хаза хилла и йоl). Иза цуьнга хьоьжуш гиначу Пайхамара 📚 гlорт тlера лаьцна, куьйгаца цуьнан корта схьаберзира. Иза хlунда дира аьлла шега хаьттича, Пайхамара 📚 жоп делла:
«Суна жима йоl а, кlант а вовше хьоьжуш гира, цаьршинна питан хиларна кхоьруш схьаверзийра ас иза» - аьлла.

Бусулба стагана, бусулба зудчунна ша деш долу lибадатангахь марзо ца хаайаларан уггаре чlогlа новкъарло йеш долу къиношех ду - бlаьрса лар ца дар.

sticker.webp0.00 KB

📖Имам Малика (رحمه الله) аьлла: «Гlиллакх иза Аллахlера совгlат ду, дегар-ненера хуьлуш дац иза». 📖Шайх lабдурраззакъа (حفظه الله) боху: «Дас-нанас бахьанаш лело деза шайн доьзал бакъхьара кхиорна тlехь, нагахь шайн доьзал нислахь Аллахlан хастам бийр бу цара, амма ца нислахь шайн тlаьхь дерг кхочуш дина цара».
💡«Боккъалла а, хьоьга нисвалур вац хьайна дукхавезнарг, делахь а, Аллахlа нисво шена луург». [28:56]

Иштта бекхам беш хир дацахь, хlун дора цунах?
Иштта бекхам беш хир дацахь, хlун дора цунах?

sticker.webp0.00 KB

Repost from ١٩٩٦
Сойдуль-хóтlыр чохь даладо: «Ахь хьажийна болу бlаьрган, йа ахь латийначу къанна, марзалла мича йагlна хьан, дlа ма йели и? Амма lибадатехь ахь йаьхьна хан, цу хеначохь хьуна хилла долу гlелвалар а дlа ма даха, иза мича дагlна хьан, цунах хуьлуш хилла долу кlадвалар мича дагlна? Дlа ма дели и ший а. Ткъа хlораммо шегахь дерг дlадаьхьна. Хьарам бlаьрг хьажиний ахь – цунах хьан самукъа даьллий – цуьнан къа дlадаьхьна ахь хьайца. Амма, цуьнан марзалла дlайаьлла хьоьгара. Ткъа ахь Аллахlан lибадатехь а волуш лайна хало а дlайели хьуна, хьо дlавижначултlаьхьа, ахь садаьlначултlаьхьа, амма цо шеца йал дlайаьхьна.» Ма цхьатера а даца-кх ишиъ.

💡Мухьаммад ибн Сиринс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Аллахlаца дуй ма буу аса, цхьана а зудчуьнга хьаьжна ма вац со, самах а, гlенах а, Умм lабдулЛахl йоцучуьнга (цуьнан зуда). Гlенах сайна цхьа зуда гича, и сайна хьарам йуй дага а доуьйти, сайн бlаьрса дlахьажадора ас».
[ас-сияр: 4/237]