en
Feedback
١٩٩٦

١٩٩٦

Open in Telegram

هل جزاء الإحسان إلا الإحسان

Show more
257
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
Хlун йиц йина те кху чохь))
Хlун йиц йина те кху чохь))

💡تَهَادُوا تَحَابُّوا

photo content

sticker.webp0.00 KB

Ялсаманехь-Аллахl-гар..mp38.59 MB

-Йа Аллахl, суна геч дийр дац ахь? -Ас геч ма дина хьуна, Ас гечдар бахьан долуш кхаьчна ма ву хьо кху чу..

sticker.webp0.00 KB

Ма йоккха сонталла йукха, шен дуккха йал йаккха йиш йоллучохь, и ца йаккхар. Нах дlайса кхуьйлуш волу водитель, масала, шеца итт, цул сов а адамаш а долуш, цу машен чохь эшар а латийна и берриг некъахь ла мел доьгlначунах къа шена тlе а лоцуш воьдуш хуьлу..Кхин, цул дика а, цул пайде дерг шега далушшехь. Къуръан а латийна, кхечарна а и марзадеш, айхьа ла а дугlуш, хьайна йал схьа а оьцуш цуьнга ла мел доьгlначух, оцу некъе къемат-дийнахь хьайна шафаlат дайта ца лаьа те хьуна?

sticker.webp0.00 KB

+1
Со нийсачу некъа тlера гал ваьлла хьайна гахь, сан бедарш схьа а лаци, чlоггlа со ласта а вай, ахьа алалахь соьга: «Хlай хьенех, хьо-м лийр вай, кхерахьа Аллахlах».

sticker.webp0.00 KB

+1

sticker.webp0.00 KB

📖Хьалха Андалусехь (хlинца йолу Испани) цхьанне йоlа дагахь Къуръан lамийча церан хlусам хьалха иштта чиркх тосуш хилла. Хlу
📖Хьалха Андалусехь (хlинца йолу Испани) цхьанне йоlа дагахь Къуръан lамийча церан хlусам хьалха иштта чиркх тосуш хилла. Хlунда аьлча, оцу зудчо кхиош бу Къонахий. 💡Йа чиркх хуьлий, нур шех схьадолуш хуьлу иза, йа бода хуьлу иза, цхьа а шех пайда схьа ца болуш, йа шен доьзалца бала а боцуш.

sticker.webp0.00 KB

Хlокху дуьнен хазаллех Ялсаманийн бошмаш муха хуьйцур йара вай?

sticker.webp0.00 KB

💬Цхьана стаге хаьттина: «Хьайн ваша муха воьвзу хьуна?» - аьлла. Цо делла жоп: «Иза ву сан гlайгlа а, бала а дlа ойбуриг, со шена ганза хан йаьлча со хоттург, сан гlалаташ къайла хьург, иштта сан г|алаташна къинтlера волург, суна сай Дела дагавоуьйтург». Цуьнга хаьттира: «Цунна бекхам муха бо ахь?» Цо элира: «Доlанехь воьху ас иза». ➖ 💡Шейхуль Ислама Ибн Таймиййата аьлла:
«Аллахlан дуьхьа долу вежараллийн масал ду куьйгех а, бlаьргех тера. Бlаьргара хи даьлча, куьйго хи дlа доккху, куьг лазийча бlаьргара хи долу.»
💡Хьасануль Басрис аьлла:
«Гергарло леладе шайн вежаршца. Тешаме накъост къеггина чиркх бу. Делахь а, хьуна иза ца хаало хьайна дуьне гат делчи бен».
Йа Аллахl, тхо хьай дуьхьа дукха дезаш долу вежарий де ахь!

sticker.webp0.00 KB

Ойла а ца йало, хlара санна, кхул дуккха а хаза хlуманаш ду хlокху дуьненчохь Аллахlа кхоьллина, ткъа Шех кхийрина болу, Шен омрана муьтlахь хилла болу, диканаш дина болу лайшна кечйина йолу Ялсамане муха хир йу те? Ма хаза lойла хир ду-кха цу чохь, субхьаналЛохl.. Бошмаш, шайна кlелахула татолаш лелаш йолу.. Ма хаза йукха дика lамал йечеран ял.