en
Feedback
Бусалба Дин

Бусалба Дин

Open in Telegram

(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot

Show more
532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
• Ибн Къаййим (رحمه الله ) аьлла: «Хьо цхьан дика даре вуьгуш вериг хьай дегӏ ду ма мотталахь , мухле а дицца ма де, хьой Аллахӏана дукхавезна хаьржина лай хилар. Тӏаккха эрна ма дахийта Аллахӏо хьо харжар... .» [عدة الصابرين ٣٠٤] https://t.me/busalba_din

• Шегахь пайда боцуш, шариӀатехь хьарам йина йолу хӀуманца йохкаэцар хуьлуш йац. Мах бина хилчи а, оьцуш волчунна и хӀума дола ера йолуш йац, иштта а йоьхкина волчунна и ахча хьанал хира долуш дац. Цул совнаха и хӀума йохкар къа ду цунна... .» [تقريب متن الغاية و التقريب] https://t.me/busalba_din

Хукм поставления сделки купли-продажи заключенная с сумасшедшим ? Сказал: Имам Ан-Нававий (رحمه الله) : «По единогласному мнению всех учёных, сделка заключенная с сумасшедшим считается недействительным... .» [ المجموع ٩/١٥٥ ] https://t.me/busalba_din

• Нахана юккъехь лелаш, амма хьекъал доцуш йа хьекъал кӀеззиг долуш нах бу, царах цхьаъ хийла туькан чу веача цунна хӀума йохкар, йа цаьргара хӀума эцаран хьукма хӀу ду? Имам Ан-Наваийс (رحمه الله) аьлла : «Беригге Ӏеламнахе барт хилла, кхетам боцуш волчунгара хӀумма эца йиш ца хилар, йа цунна хӀума йохка йиш ца хилар... .» [ المجموع ٩/١٥٥] https://t.me/busalba_din

«Шен долахь йоцуш, шегахь в наличии йу бохуш, кхечу туькан чура хӀума йохкар хьарам ду. Цу хьокъехь Ӏеламнаха иджмаӀ¹ схьайала йина... .» ИджмаӀ — берриге Ӏеламнах цу хьокъехь барта хилар [ معالم السنن 3/ 241 ] https://t.me/busalba_din

Оьрсийн маттахь кхета атта хуьлу цхьа долу хаттарх)

Запрещено продавать купленную вещь до того времени, как сам покупатель не забрал его с места покупки. К примеру, есть некоторые предприятии которые занимаются рассрочкой, они оплачивают твой товар в магазине, а ты им должен ежемесячно оплачивать договорённую между вами сумму, такой вид деятельности является запрещённой, пока он сам не придёт и не заберёт купленный для вас товар и не отдаст вам его. Так как те кто занимаются этой рассрочкой, они договариваются с владельцами магазинов и продают тебе купленный товар, ещё сами не забрав его с магазина [بدائع الفوائد لابن القيم ] https://t.me/busalba_din

• Ӏамр ибнуль Ӏаас (رضي الله) аьлла: «Шух цхьаннена жоьжахатин чохь долу хьал довзахьара, аз хедаш мохь хьоькхуш, букъ кага баллалца ламазаш деш хира ма вара и... .» [زوائد الزهد لابن المبارك ١٠٠٧] https://t.me/busalba_din

• Абу Исхьакъ Шийрозийс (رحمه الله) аьлла: «Йухкуш йолу хӏуманна мах хаа ца хууш хӏума эца мегар дац, оьцуш йолу хӏуманна мах хаар, бехкам бу йохка-эцарехь... . » [المهذب مع المجموع ٩/٣٢٢] https://t.me/busalba_din

• Ибн Раджаб (رحمه الله) аьлла : «Уггаре гӏолехь долу сагӏа : жехӏилна ӏилма ӏамор иштта а, шегара ледарлонш юьйлуьтуш волчунна насыхьат дар... .» [ الرسائل ١/١٨٦ ] https://t.me/busalba_din

Муьлха а, Ӏехоран тӏе йоьгӏна йолу йохка-эцар магийна йац, хьарам йу. – Масала, хӏар хӏума дан хьан ницкъ кхачахь — хьуна хӏар совгӏат хир долуш ду аьлла, амма цу юккъе вагӏархьамма ахьа цхьа 100р ахча дала деза. Иза хьарам ду, мегаш дац – Бахьана: хьо ӏеха вина виса кхерам бу, хӏунд аьлча хьун ца хаьа , и совгӏат хьуна хир долуш ду йа дац [تقريب متن الغاية والتقريب] https://t.me/busalba_din

• Ибн Къаййим (رحمه الله) аьлла : «Эрна хан йайара – валаралла доккха ду, хьо эрна хан йойуш хиларо Аллахӏах а, эхартах хер воккхуш ву, амма валаро хьо дуьненах а, хьайн доьзалах бен хер ца воккху... .» [ الفوائد لابن القيم ٤٥٨ ] https://t.me/busalba_din

Тахана йоӏа маре йоьдуш деши оьцу в расрочку, цуьнан хьукм муха ду? • Абу Мустӏофа Багӏдадий аьлла : «Тӏедиллана(в долг) , йа в расрочку деши эцар риба ду, хьарам ду... .» - иштта жоп делла цу хьокъехь дуккха ӏеламнаха, царах : Ибн База, Ибн ӏусаймина (رحمهما الله) иштта а Азхӏарер Ӏеламнаха. [تقريب متن الغاية والتقريب] https://t.me/busalba_din

• Йоӏ маре йоьдуш цуьнан валийн рагӏ 1) Да 2) Ден да 3) Ваша (нанас дена вина) 4) Ваша (ден вина) 5) Вешин кӏант 6) Ден вина волу вешина кӏант 7) Ден ваша (нанас дена вина) 8) Ден ваша (ден вина) 9) Дена вешина кӏант [فتح القريب المجيب لابن القاسم ] https://t.me/busalba_din

• Йоӏ маре йоьдуш цуьнан валийн рагӏ 1) Да 2) Ден да 3) Ваша (нанас дена вина) 4) Ваша (ден вина) 5) Вешин кӏант 6) Ден вина волу вешина кӏант 7) Ден ваша 8) Дена вешина кӏант [فتح القريب المجيب لابن القاسم ] https://t.me/busalba_din

• Йоӏ маре йоьдуш цуьнан валийн рагӏ 1) Да 2) Ден да 3) Ден ваша (нанас дена вина) 4) Ден ваша (ден вина) 5) Де вешина кӏант 6) Ден вина волу де вешина кӏант 7) Нен ваша (нанас дена вина) 8) Нен ваша (ден вина) 9) Нена вешина кӏант 10) Ден вина волу — нен вешина кӏант [فتح القريب المجيب لابن القاسم ] https://t.me/busalba_din

Repost from TOLAME DOG
«Эшна волчу хьолехь Аллахӏе верза , АллахӀо боккхачу толамца сийлалла лур ю хьунa... .»

• Цхьа хӏума цхьаьнгара эца аьцна, и хӏума мах хилла болу меттера дехьа йаьккхина йоцуш кхечунна йохка мегар дац. Масала: аса туькан чуьра телефон оьций, юхкуш волчунга аса олу : «хьайгахь йита хӏар телефон со схьа валлалца» , телефон цу чохь йитина со ар волу. Ар ваьлча суна накъост дуьхьала кхетий, аса цунна и телефон дӏайухку : «дӏогар туькан чохь йу хьун и телефон, цу чура схьаэца мегар ду хьуна » олий. Иштта сурта йохк эцарехь мегар дац, цунх йохк эцар хир йац. Ша телефон эц йолу туькан чуьра и телефон ара йаккхаза кхечунна йохка мегар дац. • Иштта а муьлха хӏума йу, ша оьцуш заманчохь мах беш хилла йолу меттера эцна йолу хӏума дехьа йаьккхина маьл йоцу, кхечунна и хӏума дӏайохка мегар дац, мах чекх баьлла белахь а. [ تقريب متن الغاية و التقريب ] https://t.me/busalba_din

• Ибну Таймийахӏ (رحمه الله) аьлла: «Аллахӏан а, Пайхамаран ﷺ хьаккъаш кхочуш динчул тӏаьхьа, шен хӏусам де хьакъ кхочуш даралла чӀогӀа тӏе диллина цхьа а хӏум ма дац зудчунна... .» [مجموع الفتاوى ٣٢/٢٦٠] https://t.me/busalba_din

• Ибнуль Къаййима (رحمه الله) аьлла: «Къемат дийнахь хийла къонах хира ву, лам боьттина шен диканаш долуш, амма и диканаш деришше хӏаллак хилла дӏадер долуш ду, цо шен лар ца бина болу мотта бахьана долуш... .» [الداء والدواء ٣٧٥] https://t.me/busalba_din