en
Feedback
Бусалба Дин

Бусалба Дин

Open in Telegram

(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot

Show more
532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
photo content

• Туькан чохь «Гарантия» йалар Йухкуш йолу хӏуманна, масала шаран гаранти йаларх, цхьа а гал даьлла хӏума дац. Пайдехь а, дика хӏум ду.Вайна само йайта лууш дериг - Шариӏато хьуна бакъо ло — ахьа аьцна йолу хӏуманна, цхьа сакхт(изъян) гучу даьлчи, итта шо даьлчи а, и товар йуху дерзина хьай ахча схьаэца. Оц туькан чохь волчо хьуна гаранти луш йалахь а, йацахь а – шариӏато хьуна луш йу и бакъо Иштта и йуха ерзо йиш йу хӏар бехкамаш ларбина хилчи : (1) Мах балле(до сделки) цуьнгахьа хилла сакхт хила деза иза •(2) И сакхт бахьана долуш оц товаран мах охьа бера болуш хила беза •(3) Шен сакхт гучу ма даьлла, оц минотехь оц товарах пайда ца оьцуш, йуху кхета веза •(4) ӏадатехь, дукх хьолахь оцу товарца хуьлуш долу хӏума хила ца деза Хӏар бехкамаш беришше ларбина хилча, бӏе шо даьлчи а, товар йуха дерзо бакъо йу хьанна https://t.me/busalba_din

• Как ты веселишься ? • Что будет с тобой если отключат интернет ? • Как прошёл день ? ....... ...... Цу тайпа йазош долу личный хаьттаршна жоьпаш дала со дагахь вац. Нахана пайдехь хир ду аьлла хеташ долчунна бен ас терго ца йо

Вайна дойзуш, вайна юккъехь лелаш ши хьал ду : 1) Дош далар а, и дош кхочуш дар 2) Товар духкуш, йа оьцуш волуш условиш хиттор • Хьалхарниг — дош далар а, и дош кхочуш дар. Цхьа а шеко йоцуш, ша елла йолу чӏагӏо кхочуш йар ваджиб ду, и йохор хьарам ду. Шен бух болуш долу хьадисехь Пайхамара ﷺ билгала даьккхина мунафикъ неха билгалонашха цхьа билгало хилар — стага ша йина йолу чӏагӏо йоха йар. Амма вай кхузахь дуьйцург дац «дош далар и кхочуш дар». • Вай дуьйцуш дериг — «во время купли-продажи совнаха зе деш йолу условиш хиттор ду, и ца хилчи хьуна хӏумма йухкур йоцуш» - Хаттар : «Кхечунна ма гайта» бохуш йолу услови зен(вред) деш хӏунд лору? - Жоп : Айхьа аьцна йолу хӏума, хьан дола йаьлла и хилчи, кхочуш хьоьга цуьнгара пайда ца эцийтар – иза хьуна зе (вред) лоруш ду, • Масала : хьайна лууш волчунга и аьцна йолу хӏума, гайта йиш йоцуш хьо хилчи, йа хьайн лиъча и дӏайохка йиш йоцуш хьо хилар — цунах пайда эцар ца олу, иза адманна зен дар лору Цуьнан бух: (Абу Давуд ; Ат-Тирмизий ; Ан-Насаий ; Ибн мажахӏ ; Ибн Хиббан ; Имам Ахьмад ; Имам Ат-Тӏобараний ; Ибн хьазм ; Имам Аль-Хаттӏобий ; Имам Хьаким Ан-Найсабуурий) — Аллахӏа къинхетам бойла царах. - Оцу Ӏеламнаха шайн шайна долу жайнашкахь схьадалийна тайп-тайпана некъашхула бух болуш хьадисаш ду, Пайхамара ﷺ билгала доккхуш оцу хьадисашкахь — «условиш хиттош йолу купли-продаж, магийна ца хилар». Хьадисаш тайп-тайпана некъашхула деана ду, жимма шайн юккъехь башхалла йолуш, амма дерриге хьадисаш тӏе нис во – шегахьа зе долуш йолу условиш хиттош хӏума йохкар мегаш ца хилар.Имам Ан-Нававийс Аш-Шафиӏий (رحمه الله) : «Йохка-эцаран дуьхьало еш болу бехкамаш хиттор хьарам ду, иштта и бехкамаш болуш йина йолу сделка хуьлуш йац...» [المجموع] • Имам Ибну Къудамахӏ Хьанбалий (رحمه الله) : «Йохка эцарехь хиттош болу бехкамаш: кхечунна йохка йиш ца хилар, йа кхечунна совгӏатан йала йиш ца хилар иштта царех тер болу бехкамаш — уьшша харц болу бехкамаш бу, царца йохка-эцар мегар йац...» [المغني] Цу хьокъехь иштта къамел дина кхиъ шортта Ӏеламнах бу Купля-продаж сделк юккъехь йолу услови йу вай йуьйцург. Амма, эцле хьалха, йа аьцна ваьлча, шен войзуш волу накъосте «цхьаннена гойтур ца хилар» чӏагӏо е аьлла дехар да йиш йу, амма товар аьцна волчо шен ца лаахь чӏагӏо йир йац, шен лаахь йир йу, бакъду, цо чӏагӏо тӏе лаьцчи, ша цхьаннена гойтур ца хилар, тӏаккха шен дош лардар ваджиб ду цунна... Доц аьлча, ца мегаш дериг – хӏума йухкуш волчо во время сделки услови хиттор , цунна бакъо йац иштта условиш хиттор. https://t.me/busalba_din

Хӏокх масъалат хьокъехь алсам жимма тӏехьо хьагӏор ду ас Ин ша Аллахӏ

Йаржо ца мега, аманат ду бохуш онлайн курсш-урокш йохкар. Иштта курсаш йа кхийолу хӏума йухкуш хилчи – бакъо йац, совнаха бехкамаш(условии) хитто. Дола йаьлла йолу хӏума шена лаахь йохка йиш йолуш йу, йа кхечунна гайта йиш йолуш йу. https://t.me/busalba_din

Виц валар бахьан долуш ламаз дитина, бехказло хир юй? «Виц велла, ламаза дитина волчунна Шариӏатехь бехказло луш йу, нагахьсанна иза мукъаза(занятый) хиллехь Шариӏатехь магийна долу хӏуманца . Амма хьарам йа карахӏат(нежелательно) долу хӏума лелош волуш , ламаза дагара а даьлла, цо дитина хиллехь цхьа а бехказло хир йац цунна... .» [التقريرات السديدة] https://t.me/busalba_din

Слова поминания Аллаха, которые желательно произнести тому, кто садится верхом (в машину) • سُبْحَانَ الَّذِي سَخَّرَ لَنَا هَذَا وَمَا كُنَّا لَهُ مُقْرِنِينَ، وَإِنَّا إِلَى رَبِّنَا لَمُنقَلِبُونَ • Субхьа'на л-лези' саххоро лана' х1а'за' ва ма' кунна' лах1у' мукъринийн ва инна' ила' раббина' ламункъалибу'н • «Пречист Тот, кто подчинил нам это, ведь нам такое не под силу! Поистине, мы к Господу нашему возвращаемся https://t.me/busalba_din

Ва Ӏалайкумуссалам ва рохьматуллахӀ. Хаттарах дика ца кхета
Ва Ӏалайкумуссалам ва рохьматуллахӀ. Хаттарах дика ца кхета

Цхьамма шен вочу хӏуманца доӏа ма дойла. • Аллахӏан элчано (ﷺ) аьлла : «Шух цхьамма шен дегӏана дикачу хӏуманца бен доӏа ма дойла. Боккъалла шун гондахьа хьийзаш малийкаш ма ду, аш дина долу хӏора доӏана «Амин» олуш....» [رواه مسلم] https://t.me/busalba_din

Шайна цхьа бала тӏоьхоьттина цу тӏехь собаре чекх бовлуш болчарна, Аллахӏо(عز وجل) кеч дина доккха кхо хӏума ду, дуьнен дайш вовше хьагӏ лоцур йолуш — Аллахӏер къинхетам а, гечдар а, нийсо а кеч йина царна. Аллахӏо (عز وجل) аьлла : Собаре болчарна Ахь кхаъ баккха хӏай Мухьаммад(ﷺ), шайна тӏе цхьа бала беача олуш болу : Боккъалла а, вай Аллахӏан лайш ду, Цуьнга доьрзур долуш ду. Царна Аллахӏо шегара кечдина гечдар а, къинхетам а. Уьш ма бу нийсачу некъ тӏехь берш... [Сура Бакъара 155-157] https://t.me/busalba_din

Шайц наджас йолу молха маларан хьукма? • Имам ИброхӀим Бааджурий (رحمه الله) аьлла: «Цу тайпа долу молханца дарба лело мегар ду, нагахьсанна изий бен кхи некъ бацахь, амма цунна меттана мала кхи долу молх далахь, тӀаккха хьарам хир ду цунна и малар... .» [شرح ابن قاسم للباجوري] https://t.me/busalba_din

• Шайх Мухьаммад Зухьайлий (رحمه الله) аьлла : «Доккха долу сурат юккъера цхьа масех айат дешаралла дезох ду, кегий сураташ деригге доьшуш охьадешар... .» [القواعد الفقهية للزجيلي] https://t.me/busalba_din

«Им хьарам ахча доккхуш вара» «Цуьнгар ахч-м хьанала хир дац» • Шайх Ибну Таймиихӏс (رحمه الله) аьлла: «Вайн гергахь , муьлха а бусалба стеган ахча хьанал хуьлуш ду, цуьнан долахь хуьлуш ду, цо и ахча шен долахь ду маьл боху... .» Цундела шайн моттаршца нех ахчанна, йа кхи муьлха а долахь йолу хӏуманна тӏекхийда мегар дац Шариӏатехь «хьенехчунна ахчам хьанал дацар» : бохуш. Билгала шен хууш мел доцу https://t.me/busalba_din

• Стаг велча цуьнан марчон тӏе къуран айаташ йазоран хьукм хӏу ду? - Абу Хьамза Аш-Шафиӏий (رحمه الله ) аьлла: «Къуранах долу муьлха а дакъа марчонна тӏе йазор хьарам ду. Иштта хьарам ду, муьлха а Аллахӏан цӏераш цхьа цӏе йазо... .» [مؤنس الجليس ١/٤٠٨] https://t.me/busalba_din

• Имам Ахьмад (رحمه الله) аьлла : «Суна жоп ца дойзуш долу хаттар сайга делча , Имам Шафӏийн дашца жоп лора аса... .» [السير - ذكره البيهقي عن أحمد] https://t.me/busalba_din