Берашна
Open in Telegram
🎈Берашна а, церан дайшна-наношна а лерина. Инстаграм https://instagram.com/berashna_
Show more1 279
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
-830 days
Posts Archive
1 279
Repost from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
ХЬУНА ХЬАЙН БЕРАШ ЦА ДЕЗА!!! ЙА ХЬАЙН ДА-НАНА А ЦА ДЕЗА!!!
Нагахь санна хьан бераш гlабалеш, костюмаш йоьхха, ёлки уллехь лаьтташ делахь!
Хьуна и керла шо даздан lамийна долу хьан дена-нанна къа хуьлуш ду хьуна, уьш дийна бацахь а, ахь хьайн берашна хlинца и lаморна, ахь и даздарна! Цара хьайна lамийна дац ала тарло ахь, амма царна тlехь дара хьуна и цаlамийтар, хьо динехь кхиор!
Цул тlаьхьа ахь хьайна гулдеш къинош ду: хьайн берех а, церан берех а, иштта и дlа мел доьду а, хьох, кошахь lуьллу даьlахк бен, хlумма а ца йиснехь а!
Цул тlаьхьа хьан берашна: кхана lуьйранна хьан метта уьш дlахlиттича, ахь марздар, ахь lамор бахьана долуш, цара и даз мел до, цара шайн берашна мел марздо, церан бераш - шайчарна а, хьан берийн тептарш тlехь къинош гулло!
Хьайн да-нана а, хьуо а, хьайн бераш а жоьжахати кхуьйссуш ма ду ахь, цхьана сахьтехь дер долчу "самукъин" дуьхьа!
1 279
Repost from Мутаlеламан лар
Уггаре пайдечу lамалех ду: кегийчу берашна lуьйрана, суьйрана доьшуш долу азкараш lамор а, уьш цара муха lамийна хьожуш таллам бар а, уьш дагахь lаморехь сутара бар а. Тlаккха царах царна дуккху дикнаш схьа доьллуш долу догlанаш хира ду.
Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьан.
Available now! Telegram Research 2025 — the year's key insights 
