Шейх Шо1ип. Хьехамш.
Open in Telegram
Ойл йе Бусалба нах!!! Х1ар Дуьне даиман лаьттар дац шуна..
Show more526
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
-330 days
Posts Archive
Repost from Исламан Аз
Ассаламу lалайкум варохьматуллахlи вабарокатухlу!
Лераме вежарий а, йижарий а!
Шай аьтто болчо х1ара вай «Телеграмм»канал а, ишта «Ютуб» канал а
https://t.me/Islaman_Az
👇 🚨 🚨 ☝️ 🌺🌺🌺🌺🌺🌺🌺🌺https://youtube.com/@ISLAMAN_AZ
«Вацап» статусе хоттош, ишта кхин долу бахьнашца аша нахана д1айовзуьйтуш г1арйаьккхича, кхучохь долчух цара пайда мел оьцу мела хира бу шуна, Дала мукълахь!
Аллах1 реза хил шуна массарна а!
Repost from Исламан Аз
Вай Элчанна салават Диллийша (саллаллахIу IалайхIи ва саллам).
ПIераскан дийнахь уггаре деза зикр пайхамарна (ﷺ) салават диллар ду, хIунда аьлча, деношха уггаре деза де пIераскан де долун дела а, пайхамаршха уггаре веза пайхамар вайн пайхамар хиларна а.
Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шун денойх уггаре деза де пIераскан де ду, суна (цу дийнахь) дуккха а салават дилла аша».
Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий
Repost from Исламан Аз
Ма къинхетаме ву вайца АллахI!
Сих-сиха, шена чохь Iамал йича, кхечу хенашкахь йиначу Iамалал a алсам мел хуьлуш хенаш йохкуьйту Цо вайна. Ткъа цул боккха къинхетам хира буй те?!
—
(19.07.2023) Мухьаррам беттан хьалхара де ду вайна. Цу баттахь марханаш кхабар деза ду. Къаьсттина Мухьаррам беттан итталгIачу дийнахь марха кхабар дIадаханчу шеран кегий къинош гечдеш ду.
Repost from Ӏакъидатан Академи
✅«Ӏакъидатан Академехь» керла дешар ду дӀадолош, ⏩Шайх Вахьидан⏪ куьгаллийца.
⏺Дешаран ши курс хир ю, шина шаран ду дешар.
⏺Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу шина курсехь, хӀора жайна чекхдаьлла, экзамен дӀаелча, цу жайнан шен ижазат а хир ю и жайна яздинчу Ӏеламстагаца зӀе хӀотталуш, уьш хӀора а шайхашкара хир ю.
⏺Ши курс чекхъялча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду.
⏺Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу иза цу кепара.
⏺Дешарна дӀа кхузахь вазло https://forms.gle/Dia57UBXQfzb8X547 6-гӀа мухьаррам 1445 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 24.07.2023 кхаччалц, хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, шо чекхдаьлла керла курс йолалуш бен.
😊😊😊😊😊😊😊 😊😊😊😊😊
✔️Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю.
✔️Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.
✔️Жайнин ижазат хила экзаменехь 50 сов балл яьккха еза.
✔️Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю.
✅Дешаран денош: Оршот-де, шинара-де, кхаара-де, еара-де.
✅Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 ю. Эфире ца кхиъначунна бакъо хир ю дIаяздаре ладогӀа.
❌Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла.
✅Дарсан хан: 1-2 сахьт.
✅Академийн дешар дӀадолалур ду: 24.07.2023.
✈️Академин хьоста
https://t.me/Akidatan_Akademi
بسم الله الرحمن الرحيم
27.06.2023 lарафат-де
Шинарин-де (Dienstag)
lарафат - де, иблийс уггаре чlогlа гlайгlане хюла де ду.
Хlунда аьлча Аллахlа Шен лейни вортанаш, жоьжахатенаха кlелхьара йоха де ду иза.
Цундела хьекъал долучу
бусулба - стага, къаьсттина цу дийнахь дика lамалaш сов йохар ю, масала, хьажж деш воцучо марха кхабар санна, иштта массара а доlанаш сов дахар санна, зикаруллохl - Аллахl хьехор сов даккхар санна, къаьсттина:
"Лá илáхlа илла-ллóхlу вахьдахlу лá шарийка лахlу, лахlул-мулку ва лахlул-хьамду ва хlува lалá кулли шайин къодийр."
Йа Аллахl!
Тхан вортанаш жоьжахатенах хьалха йита Ахь!
08 - Зул-хьижжахl 1444
26 - Июнь 2023
Repost from Allahan Din
АллахIа диканца бекхам бойла хIара агIо яржош дакъа мел лоцуш волчунна/йолчунна...
https://t.me/Allahan_Din
Repost from Исламан Аз
بسم الله الرحمن الرحيم
Хlокху дуьненан деношлахь уггаре деза итт-де кхана дуьйна дlа дола дели вайн, алхьамду лиллахl.
إذا رَأَيْتُمْ هِلالَ ذِي الحِجَّةِ، وأَرادَ أحَدُكُمْ أنْ يُضَحِّيَ، فَلْيُمْسِكْ عن شَعْرِهِ وأَظْفارِهِ.
Аллахlан Элчано ﷺ
аьлла:
"Зул-хьижжат беттан, беттаса шуна гича, шух цхьаммо гlурба дийр долуш делахь, цо шен мас а маlар а лар ян езар ю (хада ца еш)".
(Муслим/ 1977)
Иза гlурба дан аьтту болучунна ду, вуьшта аьлча и гlурба деш волучо, шен дегlа тlера мас а шен куьгийн а когийн а маlарш ца хадош lийр ву иза кхана дуьйна дlа шен гlурбадар хиллалца.
Аллахlа цу итте а дена, дан мадеззара хьурмат диначареха дойла вай!
29 - Зул-къаlдахl 1444
18 - Июнь 2023
Зул-Хьижжат беттан итт дийнан дозалла
Ахьмад Хьамза (АллахIа къинхетам бойла цунах).
Хьо хlун дан воллура со мила ву хиина? Оцу тlерачу Аллахlана хууш ма дара со мила ву!
SHISHAN
