ch
Feedback
Т а л л а м х о

Т а л л а м х о

前往频道在 Telegram

зIе: https://t.me/tallamhoo Ахьа йита хьайла тlаьхьа дика лар! Хьой дагавеъча алийта: «Дала къинхетам бойла цунах, ма боккха эшам букха иза вайна юккъахь ца хилар».

显示更多
353
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-2830 天

数据加载中...

标签云
无数据
有任何问题?请刷新页面或联系我们的客服
进出提及
---
---
---
---
---
---
吸引订阅者
五月 '25
五月 '250
在0个频道中
四月 '25
+3
在1个频道中
Get PRO
三月 '25
+19
在2个频道中
Get PRO
二月 '25
+29
在2个频道中
Get PRO
一月 '25
+30
在1个频道中
Get PRO
十二月 '24
+20
在0个频道中
Get PRO
十一月 '24
+46
在1个频道中
Get PRO
十月 '24
+67
在1个频道中
Get PRO
九月 '24
+58
在3个频道中
Get PRO
八月 '24
+52
在3个频道中
Get PRO
七月 '24
+36
在4个频道中
Get PRO
六月 '24
+55
在4个频道中
Get PRO
五月 '24
+99
在4个频道中
Get PRO
四月 '24
+13
在3个频道中
Get PRO
三月 '24
+20
在2个频道中
Get PRO
二月 '24
+291
在4个频道中
日期
订阅者增长
提及
频道
01 五月0
频道帖子
أراد النَّاس منَّا أن نكون مثل أحمد بن حنبل ؛ لا والله، ما نقوى على ما يقوى عليه أحمد بن حنبل، ولا على طريقة أحمد بن حنبل». �
أراد النَّاس منَّا أن نكون مثل أحمد بن حنبل ؛ لا والله، ما نقوى على ما يقوى عليه أحمد بن حنبل، ولا على طريقة أحمد بن حنبل». 📝Нахана лаьара вай Ахьмад ибн Хьанбал санна хила; АллахӀах дуй буу ас, вай Ахьмад ибн Хьанбал санна хила ницкъ ца кхочу, цуьнан некъ дӀабахьа а ницкъ ца кхочу вай. (Яхья ибн МаӀийн) _________________ ✍ Яхья ибн МаӀийн (хӀиджрийн 163—233 шераш ) — исламан тарихехь уггар баккхийчу хьадисан (мухьаддисан) Ӏеламнахах цхьаъ ву. Имам Ахьмад ибн Хьанбал, Ӏали ибн ал-Мадиний, ибн Абу Шайба санна гӀарабевллачу Ӏеламнехан заманхо а, доттагӀ а хилла иза. Дала къинхетам бойла вайн массо а Имамех. 🕊Талламхо

2
أراد النَّاس منَّا أن نكون مثل أحمد بن حنبل ؛ لا والله، ما نقوى على ما يقوى عليه أحمد بن حنبل، ولا على طريقة أحمد بن حنبل». �
أراد النَّاس منَّا أن نكون مثل أحمد بن حنبل ؛ لا والله، ما نقوى على ما يقوى عليه أحمد بن حنبل، ولا على طريقة أحمد بن حنبل». 📝Нахана лаьара вай Ахьмад ибн Хьанбал санна хила; АллахӀах дуй буу ас, вай Ахьмад ибн Хьанбал санна хила ницкъ ца кхочу, цуьнан некъ дӀабахьа а ницкъ ца кхочу вай. (Яхья ибн МаӀийн) _________________ ✍ Яхья ибн МаӀийн (хӀиджрийн 163—233 шераш ) — исламан тарихехь уггар баккхийчу хьадисан (мухьаддисан) Ӏеламнахах цхьаъ ву. Имам Ахьмад ибн Хьанбал, Ӏали ибн ал-Мадиний, ибн Абу Шайба санна гӀарабевллачу Ӏеламнехан заманхо а, доттагӀ а хилла иза. Дала къинхетам бойла вайн массо а Имамех. 🕊Талламхо
1
3
📝ХЬАНБАЛИЙН ФИКЪХIУ «Нагахь санна Имамна тIаьхьа ламаз деш верг шен ламазехь вицвеллехь, Имамо цунах жоьпалла шена тӀеоьцу,
📝ХЬАНБАЛИЙН ФИКЪХIУ «Нагахь санна Имамна тIаьхьа ламаз деш верг шен ламазехь вицвеллехь, Имамо цунах жоьпалла шена тӀеоьцу, ткъа маъмум (имамна тIаьхьа ламаз деш верг) вицвалар бахьана долуш сужуд дан декхарийлахь вац (сужуд ас-сахӀви). Амма иза дац Имамо Маъмýман вицваларн сужуд ас-сахIви дийра ду бохург. И низам юьхьанца дуьйна имамна тIаьхьа ламаз деш волчун лелаш ду. Цхьана я масех ракаӀатна тӀаьхьависна, имамца ламаз дечу хенахь, я цуьнца дӀакъаьстинчул тӀаьхьа вицвеллехь, тӀаккха сужуд ас-сахӀви дан деза цо». 🕊Талламхо
134
4
📝 ЛАМАЗНА ТIАЬХЬАВИСИН ИМАМАН ТIЕ ХIОЬТТИНАРГ ТӀаьхьависинчун имамца цхьаьна дан аьтто баьлларг (ламазах) цуьнан ламазан тӀа
📝 ЛАМАЗНА ТIАЬХЬАВИСИН ИМАМАН ТIЕ ХIОЬТТИНАРГ ТӀаьхьависинчун имамца цхьаьна дан аьтто баьлларг (ламазах) цуьнан ламазан тӀаьххьара дакъа лоруш ду, ткъа цул тӀаьхьа (имамо салам делча) цо меттахӀоттош дерг хьалхара [дáкъа) ду. Имам ламаз дина ваьлча, тӀаьхьависинчо хьала а гӀаьттина, хьалхара ракаӀат дира ду, [ламаз] схьадоьллуш доӀана тӀера дӀа а долийна [дуIáу ал-истифтáхьи], «ал-Фатихьа» тӀаьхьа сурат а доьшуш. Цунна тоьшалла ду имам Ахьмада а, Ан-Насаийс а дийцина хьадис: «Ткъа хьайна дисинарг [ламазах] меттахӀоттаде», ткъа Муслиман риваятехь: «Хьой тIе кхаьчнарг де, хьайна дисинарг меттахӀоттаде». ХIара мазхӀаб ду [Хьанбалийн], тӀаьхьависначун ламаз кхин а дуьззина а, кхачам боллуш а деш ду иза, цо «ал-Фатихьат» тӀехьа сурат доьшуш хиларе терра. АллахӀ дика хууш ву. 🕊Талламхо
169
5
📝Имам Ахьмада (АллāхIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «إيَّاكَ أنْ تتكلمَ في مسألةٍ ليسَ لكَ فيها إمامٌ» «Варийлахь, цхьанне [динах долу] хIумангахь къамел маделахь, хьайн цунгахь имам волуш бен». 📖«Сияру аIлāми ан нубаля», 11/296. ✍ муьлххā а гIуллакхехь динах долу, имам хила веза ахIлу сунна волчунна, вай дIабахан болу салафшах а, цēран лорах бахан болу Iēламнāхах а. Муьлххачу а хаттарна тӀехь цхьамма къамел деш хилча, цу тӀехь шен имам а воцуш, хаалахь иза бидӀат чу воьжна вуйла. 🕊Талламхо
202
6
📝 Имам Ахьмадан ☝ кӀанта ӀабдуллахӀа аьлла: وجدت فِي كتاب أبي بِخَط يَده قَالَ سمعنَا أَن سِتَّة من الْأَنْبِيَاء لَهُم فِي الْقُرْآن اسْمَيْنِ مُحَمَّد وَأحمد إِبْرَاهِيم وإبراهام وَيَعْقُوب إِسْرَائِيل وَيُونُس ذُو النُّون وإلياس إلياسين وَعِيسَى الْمَسِيح Суна сан ден жайни чохь карийра, цуьнан шен куьйга яздина, цо аьлла: «Тхуна хезна, 6 пайхамаран Къуръан чохь ши цӀе ю аьлла : 1) Мухьаммад, Ахьмад а, 2) ИбрáхӀим, ИбрахӀáм а, 3) ЯӀкъуб, Исрáийл а, 4) Юнус, Зун-Нун а, 5) Ильйáс, Ильйáсийн а, 6) Iийса, ал-Масийхь а. 📖 «Аль-Ӏилал, ӀабдуллахӀи риваят», 3/406. 🕊Талламхо
191
7
«ХӀай Абу Зарр, ялсаманин хазнех цхьа хазна гайта ас хьуна? Ахьа ала: "Ла́ хьавла ва лá къуввата иллá биЛлахӀ"». Хьадис 📒 🕊Талламхо
171
8
🌷 Шаввал беттан 6 де марха кхабар Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Рамадан бутт кхаьбначунна, цул тӀаьхьа Шаввал баттахь 6 дийнахь марха кхаьбначунна дерриге а шарахь марха кхаьбна санна дӀаяздийр ду». (ХӀара хьадис Ахьмада а, Муслима а дийцина) Имам Ахьмада (АллāхI реза хуьлда цунна) аьлла: «ХӀокху [шаввал бетт] деношкахь марха кхабарх хӀумма а дац, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) «Шаввал беттан ялх де» аьлла, цундела Шаввал беттан 6 де кхобур ду, башхалла яц цо тӀаьхьий-хьалхий кхаьбча а, юкъахдаьккхина кхаьбча а». Имам Ахьмада иштта аьлла: «ХӀара хьадис Пайхамарера (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) кхаа некъац дийцина ду». 🕊Талламхо
218
9
Имам Ибн БаттIа ал-Iукбарис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: وكذلك دعاء الناس لأنفسهم ، ودعاء بعضهم لبعض : اللهم تقبل صومنا ، وزكاتنا ، وبذلك يلقى الحاج فيقال له : قبل الله حجك ، وزكى عملك ، وكذا يتلاقى الناس عند انقضاء شهر رمضان ، فيقول بعضهم لبعض : قبل الله منا ومنك . بهذا مضت سنة المسلمين ، وعليه جرت عاداتهم ، وأخذه خلفهم عن سلفهم ،... «Иштта наха вовшашна доӀанаш до, «Я АллахӀ, къобал де Ахь тхан марха а, тхан закат а!» Иштта ола цара хьажхочуьнга: «Дала хьаж къобалдойла хьан, Ӏамал цӀанйойла хьан!» Иштта, Рамадан бутт чекхболуш вовшах а кхеташ, вовшашка ола: «Дала къобал дойла тхоьгара а, шуьгара а!» Иштта хилла бусалба нехан некъ, хӀара церан Iадат ду, тӀаьхьенера тӀаьхьене дӀакхаьчош схьа дохьуш...» «Ал-Ибана ал-Кубра», Ибн БаттIа 🕊Талламхо
358
10
Тховса маьркlиж ламаз дича, кхана lийда ламаз даллалц такбир дар - суннат ду. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Лá
Тховса маьркlиж ламаз дича, кхана lийда ламаз даллалц такбир дар - суннат ду. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Лá илáхIа иллаллóхI. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, ва лиллáхIил-хьамд. 🌐Https://t.me/sledznaaniy
194
11
💬 Iуьйра ламазал хьалхара суннат маца дан деза, нагахь санна иза данза диснехь? Цу хьокъехь Ӏелам нах бекъа белла. Ӏеламнехан цхьана тобано иза Iуьйра ламазал тӀаьхьа (сразу) дан мегар ду аьлла. Иза дийцина Ибн Ӏумарах (АллахӀ реза хуьлда цунна) Iатийяс, цо аьлла: «Ибн Ӏумара ши ракаIат ламаз дира Iуьйра ламазал тӀаьхьа, тӀаккха цхьана стага хаьттира цуьнга: «Парз (Iуйьра) ламазал тӀаьхьа кхин цхьа ламаз дуй?» Ибн Ӏумара жоп делира: «ХӀан-хӀа, амма сан хан ца хилла Iуьйра ламазал хьалха ши ракаӀат (суннат) дан». [Ибн Аби Шайбат дийцин иза, 2/157.] И ойла тāбиӀинашна юкъахь IатIóий а, ТӀáвуси а, Ибн Джурайжи а хилла, аш-ШаӀбигара а дийцина иза. Кхечу Ӏеламнах аьлла, дисин ши ракаӀат (суннат) малх схьакхеттачул тӀаьхьа меттахӀотто деза аьлла. И аьллачарех бу: Имам Ал-АвзāIий, Аш-ШафиӀий, Ахьмад ибн Хьанбал, Исхьакъ ибн РахIавайхIи. АллахI дика хууш ву. 📚 «Ал-АвсатI» Ибн Мунзири, 5/228. 🕊Талламхо
189
12
Благотворительный фонд «Маршо» объявляет срочный сбор «Закят аль-Фитр». СБОР БУДЕТ ЗАКРЫТ 29 марта в 13:00! Дорогие братья и
Благотворительный фонд «Маршо» объявляет срочный сбор «Закят аль-Фитр». СБОР БУДЕТ ЗАКРЫТ 29 марта в 13:00! Дорогие братья и сестры, в преддверии благословенного праздника Ид аль-Фитр мы запускаем срочный сбор для выплаты Закят аль-Фитр. Согласно Сунне Пророка (ﷺ), Закят выплачивается в виде продуктов, предпочитаемых в той местности, где происходит раздача. Собранные средства будут заранее конвертированы в продукты питания и переданы нуждающимся в соответствующий день. На данный момент, мы можем осуществить программу в Йемене и в Палестине. Стоимость Закят аль-Фитр: - Йемен – 6 $ - Палестина – 10 $ Средства будут направлены на закупку и раздачу продуктов, чтобы у нуждающихся семей в Йемене или Палестине, тоже была возможность провести праздничный ужин в честь прекрасного дня — ид аль Фитр. Не откладывайте! Сбор длится до 13:00, 29 марта ! Быть может, ваша милостыня станет причиной спасения в обоих мирах! Поддержите сбор прямо сейчас, реквизиты тут.
1
13
🌕 Закят аль-ФитIр (САХЬАШ) Важиб ду хӀора бусалба стагана, воккха велахь а, жима велахь а, стаг велахь а, зуда елахь а, маьрша велахь а, лай велахь а сахьаш дала шена а, шен Iуналлехь мел волчунна а тIера, нагахь санна цуьнан таро елахь. Сахьаш мискачу нахана луш ду, сахь дӀалуш волчо шā вехачу кӀоштахь дIаделча дика хира ду. Хьашт хилча, кхечу гӀала дӀахьажо мегар ду. Ялтан йозаллин таблица (саӀе хьаьжжина): •Хурма (финики) – 2200 г • Кишмаш (изюм) – 1640 г • Дама (мука) – 2000 г • Дуга (рис) – 2300 г • Чечевица – 2300 г • Кхоьш (горох) – 2240 г 🕊Талламхо
511
14
Тап аьлла Iачуллаъ АстагIфируллахI (Ас АллахIе гечдар доьху) хIунда цабоху ахь?!
170
15
📚 «Ас-Самт» жайни чохь Ибн Аби ад-Дунйас далийна: ӀабдуллахӀ ибн МасӀуда (АллахӀ реза хуьлда цунна) аьлла: والذي لا إله غيره ما على الأرض شيء أحوج إلى طول سجن من لسان ✍ «Ас дуй буу Цуьнца, Ша воцург, кхин дела воцчух, лаьтта тӀехь маттал сов еххачу хенахь набахтехь латто тIех хьакъ долуш хӀума ма дац». ӀабдуллахӀ ибн Ӏамра (АллахӀ реза хуьлда цунна) аьлла: واخزن لسانك كما تخزن ورِقك ✍ «Хьайн детий (ахча) лардеш санна, ларбе хьайн мотт». 🕊Талламхо
229
16
AUD-20250310-WA0057.mp3
1
17
«ТIýбá со гагина, цул тӀаьхьа сох тешначунна. Тýбá, юха а тýбá, юха а тIýбá, со ца гуш сох тешначунна». (хьадис) 🕊Талламхо
«ТIýбá со гагина, цул тӀаьхьа сох тешначунна. Тýбá, юха а тýбá, юха а тIýбá, со ца гуш сох тешначунна». (хьадис) 🕊Талламхо
270
18
ﺍﻟﻠّٰﻬُﻢَّ أَهْلِكْ أَقْوَاهُمْ ﺍَﻟﻠّٰﻬُﻢَّ أَهْلِكْ أَعْتَاهُمْ ﺍَﻟﻠّٰﻬُﻢَّ أَهْلِكْ أَمْكَرَهُمْ وَ أَكْبَرَهُمْ ﺍَﻟﻠّٰﻬُﻢّ
ﺍﻟﻠّٰﻬُﻢَّ أَهْلِكْ أَقْوَاهُمْ ﺍَﻟﻠّٰﻬُﻢَّ أَهْلِكْ أَعْتَاهُمْ ﺍَﻟﻠّٰﻬُﻢَّ أَهْلِكْ أَمْكَرَهُمْ وَ أَكْبَرَهُمْ ﺍَﻟﻠّٰﻬُﻢَّ أَهْلِكْ أَمْكَرَهُمْ وَ أَكْبَرَهُمْ وَ أَدْهَاهُمْ «Йа АллахӀ, хӀаллакве Ахь царех уггар нуьцкъала верг, уггар къиза верг, уггар мекара верг, уггар сийлахь верг; хӀаллакбе Ахь церан уггаре а мекара берш, церан уггаре а баккхий, уггаре а хӀиллане берш». 🕊Талламхо
268
19
✍ Рамадан баттахь марха кхабаран дуьхьа хьайд (зудчун цIий хуьлуш долу денош) тӀаьхьататта молханаш мала мегар дуй? 👈Хьанбалитша хьайд сацоран бахьанаш лелор мегаш ду аьлла. Нагахь санна хьайд сацахь, тӀаккха зуда цӀеналлин хьолехь лоруш ю. «Кашшāфул-КъинаI» жайнахь аьлла ду: "..ويجوز شرب دواء مباح لقطع الحيض مع أمن الضرر." «Хьайд сацо мегаш долу молха мала мегар ду, нагахь санна цо зен ца дахь». Ткъа нагахь санна и молханаш лелор бахьана долуш цуьнан хьайд сецнехь, ламаз дIадоло деза цо, ткъа нагахь санна цо марханаш кхаьбнехь мархийн беттан, тӀаккха шена догӀург кхочушдина цо, и денош меттахӀитто а ца оьшу цо. Ткъа кхузаманан Ӏеламнахах Ибн База иза мегаш ду аьлла, ткъа Ибн Ӏусаймина шена хетарехь и лелор дика дац, и Iад дитар гӀоле ду, Лекха хинволчу АллахӀа Āдаман йоӀаршна яздинчу а, тӀедиллинчу а хӀуманна тӀехь зуда Iадйисар гIолехь хета шена аьлла. АллахӀ дика хууш ву . 🕊Талламхо
230
20
«Хьо нийсон тIехь мел ву, хьо тобане терра ву хьуна, хьо цхьаъ бен вацахь а!» Дала къинхетам бойла хьоьх, Шайх Абу Исхьакъ Хь
«Хьо нийсон тIехь мел ву, хьо тобане терра ву хьуна, хьо цхьаъ бен вацахь а!» Дала къинхетам бойла хьоьх, Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний. Суна а, сан вежаршна а нийсо евзуш, цу нийсонца цхьана тхуна дуьххьура бевзинчу Iелимнахах цхьаъ вара хьо. Цу Мисран хьалхарчу а, шологIчу а тIагIутан боьха политикан юкъацагIерта а, АллахIан Дош лакхадоккхуш къахьоьгучу къонахошна лерах хьайн мотт маьрш бита а хьикмат, хьекъал, Iилма а долуш Iелимстаг вара хьо!
168