Ӏилманан Аманат
Kanalga Telegram’da o‘tish
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Ko'proq ko'rsatish345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
Шайх Хьазим Шумана дарсехь бусалба нахана шайн тарих йовза езаш хилар дуьйцуш бах: «Ма-ярра вешан тарих вайна йовзахь вай мел кхераме ду хаьа царна, вайна евзича, хӀара дуьне вукху агӀора вай дерзор дуй хаьа царна»
Керста наха уггаре чӀогӀа вайна тӀехь болх беш дерг - вайн тарих вайна ца йовзийтар, девзург а нийса агӀора ца довзийта гӀерташ вайн турпалхой вайна хьалха бехбеш, царех лаьцна харцо яржош, иштта болх бу цара вайна тӀехь беш.
https://t.me/Importantknowledgee
Repost from Серлонан тоба
Шенна диначу диканна хам беш воцучу лайн дина дика дIаоьцуш ву АллахI Дела.
⠀
Хьайна диначу диканна - хам беш хила, хьайга деанчу вонна - сатухуш хила.
Repost from Серлонан тоба
Аллахӏа Шен ниӀматашна хам бан иштта Ӏамадо-кх вай!
Лекха-Сийлахь-Воккха Ву Иза!
Вайна дукха марзделла долу хӀума, даиманна иштта хила дезаш долуш санна вайна хеташ долу хӀума, цӀа а хӀара дӀадера доцуш санна вайна хеташ долу хӀума, АллахӀа гайтикх, Шена массо а хӀума атта хилар, цхьана денахь, цхьана минотехь, цхьа дашца а, массо хӀума дӀаэца ницкъа болуш вукх АллахӀ.
Хастам бечура вай совцар, пусар вай ца дар, гӀиллакх-гӀуллакх вай лела ца дар, и деригге хӀума дара бахьан хӀара ирча хьал хоттар, АллахӀа вай хастам беш хилахь, вай рицкъангахь сов дохура ду ма аьлла.
Цу массо хӀуман ши бӀаьрг билли дукхачу наха, цу доккха ниӀматан тӀе бирзи дуккху а нах.
Къуръан доьшуш хилчо, кхин а алсам ларам беш доьшар ду.
Къуръан доьшуш ца хилларг, Къуръан деша волура ву.
Къуръан деша ца хуург, иза деша Ӏамо волура ву.
Къуръан дагахь Ӏамо кхоьруш хилларг, Къуръан Ӏама дан волур ву.
Иштта Ӏилман тӀе бирзина нах!
АллахӀан букх хастам!
Вай мичча а агӀора хьаьжчи а, пайде бен ца хилла хилларг.
Массо хӀума диканна ду, хьуна иза зе ду моттахь а, иза диканна хилар тӀехьо билгал долакх хьуна.
https://t.me/Importantknowledgee
Хьекъал долчунна, боккха хьехам бу хӀара!
Кху тайпа хьехам, хӀоранна а оьшуш бара!
https://t.me/Importantknowledgee
Repost from ИСЛАМАН ТАРИХ
Бусалбанаха кху балхах хилла кхаъ мел бу гойтар чIогIа коьрта ду, шайн даьлла самукъа къайла ма кхехьалаш, ницкъ ма кхоччу даржаде ☝️
Repost from BISMILLAH_HEHAM
АллахIа, вайна цхьана боккхачу баланца Ша кхерам тосур бу шуна бохуш санна, цхьана мIаьргонехь хаам би вайга, (кхета, йухадерза Шен дине, хIай нохчийн къам бохуш санна). Шу метта ца дагIахь, хIора а ша-ша, шуьга хьоьжуш боккха кхерам а, боккха бала а, доккха зер а ду шуна бохуш санна.
Къомана йукъара Iилманан мажлисаш совцорал а (дIакъовларал а боккха бала а, сингаттам а, бохам а хир буй ткъа?
t.me/yalsaman
ХӀора Къуръан Ӏамадар дӀа теттанчун, хӀора Ӏилма Ӏамадар дӀа теттанчун, хьехам хуьлийла хӀара!
АллахӀа бакъдойла иза, АллахӀа беркат дойла церах, АллахӀа Ӏалаш дойла вай, АллахӀа хӀинца кхин а, Къуръан тӀехь къахьегар сов доккхийла вай, АллахӀа цу Къуръанан мах хаар лойла вайна, цу Къуръанац лело деза гӀиллакхаш леладар лойла вайна, цу Къуръанац Ӏамал яр лойла вайна, и Къуръан дезар, иза алсам дезар, дешар лойла вайна, АллахӀа беркат дойла вайх, АллахӀа барт цхьаъ бойла вай, АллахӀа цӀа а, кху тайпа ирча сурт ма доуьтийла вайна тӀе, АллахӀа лело ма дезза Шен дин лелор лойла вайна, АллахӀа хьостийла цу хьехархоши дегнаш, АллахӀа Ӏалаш бойла уьш, АллахӀа массо зеч-зуламах лара бойла уьш, АллахӀа беркат дойла хӀора а Къуръан дӀахьехар некъ схьа лаьцначунах, АллахӀа рицкъангахь сов дохийла вай, АллахӀа кхин а алсам хьуьжараш, маьждигаш дотта рицкъа лойла вайна, пайде долу рицкъа сов доккхуш, АллахӀан новкъахь харжаж ешчерах дойла вай, АллахӀан новкъахь къахьоьгучерах дойла вай, АллахӀан новкъахь дахар, кхалхар а лойла вайна, АллахӀа Ша реза хилчерах дойла вай, АллахӀа Шена дукха дезачерах дойла вай, АллахӀа Шена муьтӀахь долучерах дойла вай, АллахӀа Шена Ӏибадат дарехь гӀо дойла вайна, кхочча, хьакъ мадду Ӏибадат дечерах дойла вай АллахӀа!
Repost from Рамзан Гендаргно
Мал ма ло, гӏайгӏане а ма эга, шаьш лакхахь дерш хилча, нагахь шу, боккъалла а, муъманаш делахь.
[Сурат «Али ӏимран», аят: 139]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Къуръан дӀахьеха даккха дезаш кехат дара, и кехат схьаэца, тӀеххьара дӀа яла езаш экзамен йолуш биснарш а бу, АллахӀа аьтто бойла шу, шу къаьсттина юха ма довлалаш, шу кху умматан жовхӀарш хилар диц ма делаш, шу тӀехье кхиош хилар диц ма делаш.
Repost from Серлонан тоба
Дехар ду массарга а цу хьуьжаршкахь хиллачарга, Къуръан Ӏамо буьйлабелла, амма, хӀинца хьуьжарш дӀакъоьвлина аьлла гӀайгӀане болучаьрга. Хьуьжарш дӀакъоьвлинера аьлла цхьа гӀулч юха ма довлалаш, шаьш Къуръан Ӏамо ара баьккхина некъ Ӏадда ма биталаш. Дог-ойла чӀагӀъелаш, сингаттаме ма хилалаш. Мелхо а, Аллахӏан дуьхьа Ӏамор ма ду ас мухха Ӏамийна, къарлура ма вац со Сийлахь долчу Къуръан сайна Ӏаммалц аьлла дог ойла хилийталаш шайн!
АлхьамдулиллахӀ, Къуръан Ӏамо агӀонаш болуш бу, хьоьхуш кху интернет агӀонашкахь хьехархой бу, дарсаш ду, лаам болучунна Ӏамо аьттонаш бу, цундела юха ца довлуш Къуръан Ӏамаде. Хьуьжарш дӀакъоьвлинера аьлла и ца Ӏамош ма Ӏе!
Уггаре боккха болу толам адам Къуръане Суннате дерзар бу! Муьлхха хьал тӀехоттича а, мела боккха бохам тӀебеъча а, мела даккхий зенаш-зуламаш хилча а, адам Къуръане Суннате дерзарца толам бу, декъалалла ю! АлхьамдулиллахӀ, тахана нийса дин Ӏамо аьттонаш бу вайн, АллахӀа вайн деллачу ниӀматашна хам бичахьана!
АллахӀан лиира иштта хила, АллахӀан лиънарг ду хилларг!
Цундела хӀора адман хаьа деза, шайна тӀе кхаьчна бала, иза цуна тӀех бала йиш яцари, иштта цуна тӀех мел даьллачо, цуна зе дан йиш яцари.
https://t.me/Importantknowledgee
وَكُلُّ صَغِيرٍۢ وَكَبِيرٍۢ مُّسْتَطَرٌ
Массо жима а, доккха а хӀума дӀаяздина ду..
٥٤:٥٣
Хьуьжарш дӀакъоьвланер аьлла, маьждигаш дӀакъоьвланер аьлла, Дела дин соцуш хилча, хӀинцачул цхьа 1400 шо хьалха хӀара дин сецна хира дара, дӀа даьлла хира дара.
Веза Сийлахь волу АллахӀа Шен дин тӀехь чӀагӀ дойла вай, цу динехь дахар лойла вайна, цу динехь кхалхар лойла вайна, цул тӀаьхьа Ша реза хилчарна юкъе дӀа хитта дойла вай!
https://t.me/Importantknowledgee
