uz
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Kanalga Telegram’da o‘tish

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Ko'proq ko'rsatish
345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
Дас-Нанс шен берашна цӀерш харжа еза - АллахӀан муьтӀахь хиларац уьйра йолу, Далла муьтӀахь хиларац маьӀан долуш йолу. Масала: ӀабдуллахӀ - АллахӀан лай, АллахӀан лай бохучун маьӀан хӀун ду? Хьо цо кхоьллина ву, хьо Цуна лай ву, хьо Цуна муьтӀахь хила везаш ву; иштта - Ӏабдуррахьман, бохуш йолу цӀе а, иштта Мухьаммад, олуш йолу цӀе а, Солихь олуш йолуш цӀе а, диканиг шен маьӀан долу, иштта царах тера йолу, хаза йолу цӀераш тилла еза берашна. И шен цӀе йаккха ма йаьккхинехь, оц беран дага дохур долуш, оц шей цӀерац бакъхьа йолу уьйра, Ӏибадатац шен йолу уьйра, ӀабдуллахӀ аьлча, ша АллахӀан лай хилар дага доху цуна, ша АллахӀан Ӏибадат дан дезаш хилар дага доху цуна; иштта Солихь аьлла диканиг бохуш йолу шен цӀе йаьккхича, шен цӀе дикачунца уьйра йолуш ю, ша дика хила веза, ша бакъхьа хила везаш ву аьлла оц шай йоккхуш йолу цӀершхулани царна дага дохур долуш, шаьш дика хила дезаш хилар, шаьш АллахӀан муьтӀахь долуш хила дезаш хилар а. Иштта йолу цӀерша, иштта хаза маьӀан долу цӀершех дуккху пайда болу хьуна берашна. Ӏарбоши кица дукх, " ХӀора стагана, шен цӀарах болуш пайда бу " Кхузахь луург хӀун ду аьлча, масала цхьана стега цӀе Карим ю, цуна маьӀан комаьрша бохург ду, тӀаккха шай цӀе массуз йоккха, ша комаьрша хила вези дага доху цуна, комаьрша хуьлу и. ТӀаккха хӀун олу наха аьлча, цӀе ю цуна комаьрша, ша ву и комаьрша, и цӀе хьакъ ю цуна.

sticker.webp0.75 KB

sticker.webp0.00 KB

sticker.webp0.00 KB

Цу хьокъехь жайна ду деша долийна, чу а довлий, ЛАДОГӀА ❗️

ГӀиллакх нохчийн хӀуманаш дуй? ГӀиллакх лело оьшуш дуй? ГӀиллакх леладе бохий вайга дино? ЛадогӀа👆🏻

Вай деша лерина жайна

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
Ӏилма лаха ваха везарг хьо ву, и Ӏилма дац хьо волуче да дезаш!

Repost from N/a
Ӏилма - иза хьан даг чохь дерг дац! Ӏилма - иза хьоьцин хьан каш чохь хира дерг ду! *Ӏилма - иза хьан даг чохь дерг дац! Бохучун маьӀан, хила тарло, хьуна дуккху а хӀума хууш, ткъа цунах хаамаш олу, ахьа еш Ӏамал йоцуш, ахьа пайда оьцуш, баржош боцуш, хаамаш хуьлу. *Ӏилма - иза хьоьцин хьан каш чохь хира дерг ду! Бохучун маьӀан, иза хьуна пайда баьлла болу Ӏилма ду, ткъа вуьшта аьлча, ахьа шеца Ӏамал йина Ӏилма ду, хьуна хьан каш чохь пайде хира долуш, хьуна ял хира йолуш, хьо Ӏазапех ларвийра волуш. https://t.me/san_tibtar

Repost from N/a
Шен |алашо каро еза, цу |алашоне некъ билла беза, цу некъахул д|аваха веза.

ЧӀогӀа мехала дешнаш ду хӀорш, чӀогӀа нийса аьлла а ду. Къаьсттина, хӀора баттахь цхьацца жайна зорбане дера дара бохуш долу дешнаша асар йина, ойла йича далуш хӀума ду и, тӀаккха хӀунда ца до и вай? Ванах Ӏарбойн мотт а, нохчийн мотт а дика хууш балахь далуш хӀума ма ду и, нагахь гӀалаташна саготта валахь, иштта и гӀалаташ дӀа дохуш нах а ма бу, иза шай болх бина лелаш, тӀаккха хӀунда ца до и? ХӀора мутаӀелам хӀунда вай жайнаш яздарехь сутар? Цхьа болх беш, иза дӀакхоьхьуш. Хенаца беркат доцучо Къуръан схьаэца деза, цо беркат хулуьйтур ду, далуш хӀума ду, деш хӀума а ду, амма и болх бираш кӀезиг хиларан дог лозакх))

Сан некъ толаман некъ бу, Сан гӀулчийн лараш ю уьш, Аьлла ду дӀа бахначара: «Сой бен са махканна вац!» Мел дукха лехь суна, беларах соьх, сан кхайкхамах кхардарах, Валлалца вац соцура со!

Сан некъ толаман некъ бу, Сан гӀулчийн лараш ю уьш, Аьлла ду дӀа бахначара: «Сой бен са мехканна вац!» Мел дукха лехь суна, беларах соьх, сан кхайкхамах кхардарах, Валлалца вац соцура со!

Repost from Muvahhidun

Динна сагатдечар дийнахь 15 сахьтан саццаз къахьоьгуш болх бича, хьехам беш, гоч деш, хьоьхуш, дарс луш, даржош, хаалуш берка
Динна сагатдечар дийнахь 15 сахьтан саццаз къахьоьгуш болх бича, хьехам беш, гоч деш, хьоьхуш, дарс луш, даржош, хаалуш беркате кхиамаш гучудевр дара, довла а довла. Иштта болх бича х1ор баттахь цхьацца керла жайна зорбане дер дара. Ткьа мута1еламийн дукхалла а, дикачу аг1ор юкъараллехь к1езиг хуьлучу хийцамна а ойла йан йог1у. Динна кху заманахь жигара г1оьнчи оьшу, куьг каде накьости оьшу. Питнаш сов дийлина, хетарш д1алаьцна кхетаман майданаш. ©Турпалан кӀант Фарукъ

на сагатдечар дийнахь 15 сахьтан саццаз къахьоьгуш болх бича, хьехам беш, гоч деш, хьоьхуш, дарс луш, даржоп, х Иштта болх бича х1ор баттахь цхьацца керла жайна зорбане дер дара. Ткьа мута1еламийн дукхалла а, дикачу аг1ор юкъараллехь к1езиг хуьлучу хийцамна а ойла йан йог1у. Динна кху заманахь жигара г1оьнчи оьшу, куьг каде накьости оьшу. Питнаш сов дийлина, хетарш д1алаьцна кхетаман майданаш. ©Турпалан кӀант ФаруФар

sticker.webp0.00 KB