Ӏилманан Аманат
Kanalga Telegram’da o‘tish
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Ko'proq ko'rsatish345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Жабраил малико элира соьга: "ХӀай Мухьаммад, хьайна ма-луъу ваха хьо, делахь а хьо лийр волуш ву хьуна.
Хьайна луур веза а веза, делахь а хьо цунах къаьстар волуш ву хьуна.
Хьайна лууш йолу Ӏамал а йе ахь, делахь а хьо Цунна дуьхьалкхетар волуш ву хьуна!"»
[ Сахьихь ал-ЖамиӀ: 4355 ]
Вайна ма лаар кху дуьненахь вай дехаш делхьара, хӀара дуьне а хира ма дацара, хӀара йалсамане хила езар ма яра, ткъа хӀара йалсамане яц, хӀара зерн цӀа ду...
Repost from Muvahhidun
طول العمر لا ينفع إلا بطاعة الله
«Дехачу дахаро пайда бир бац Далла еш lамал яцахь.»
Шайх lабдурраззакъ Бадр
Цхьа адам духуш йолу меттиг нис елча, хьайна уллехь верг воьхна ца карийча, иза паргӀат хьайна карийча, ца вуху хьо а, яхье волу хьо, доьналла хьала долу хьан!
Иштта ша гайта атта дац халонехь, иштта халонехь ша нис велча, шайна уллехь волчунга хьоьжу, йа шайна хьалха ваьллачунга хьоьжу, цо хӀун олу теш бохуш, цо хӀун дийра ду теш бохуш.
"Со вохахьа, хӀорша бухар букх"
СубхьаналлахӀ, ма доккха маьӀан долуш дешнаш ду уьш
Адман хаьахьара, баккъалла дерриге диканаш - АллахӀац хӀоттаделла дуйла!
Адам хаьахьара, баккъалла дерриге ирса - АллахӀац хӀоттаделла дуйла!
Уьш къийсалур ма бара, кхочча, хьакъ мадду АллахӀан Ӏибадат дарехь!
Церан эмгаралла а хира ма яра АллахӀац!
ВаллахӀи, дин Ӏамор кхочуш хуьлуш ма дац хьан, хьо и дин даржош вацахь!
Ткъа дин даржор кхочуш хуьлуш ма дац хьан, хьо оц дино ма бохха вехаш вацахь!
Ткъа уггаре хазаниг, хьан дахар хуьлуш ма дац синтеме, хьо дин Ӏамош вацахь!
Тахана гокх вайна, шераш беттанаш санна, беттанаш кӀиранаш санна, кӀиранаш денош санна хан дӀайоьдуш, и хан сиха еллий билгал дукх хӀоранна а, хӀора а вукх цуна къера, тӀаккха хӀоккхал доцачу дахарехь, дин даржош къа хьегна, цхьа кӀеззиг йолу халонаш лайна, даиманна хира долчу дахаре, йаӀне Йалсамане кхача бахьанаш хӀунда ца леладо вай? Оц Йалсаманен са а хӀунда ца туьйсу вай?
Тахана гокх вайна, шераш беттанаш санна, беттанаш кӀиранаш санна, кӀиранаш денош санна хан дӀайоьдуш, и хан сиха еллий билгал дукх хӀоранна а, хӀора а вукх цуна къера, тӀаккха хӀоккхал доцачу дахарехь, дин даржош къа хьегна, цхьа кӀеззиг йолу халонаш лайна, даиманна хира долчу дахарехь паргӀат хӀунда ца Ӏа хьо?
Хьо мичча ваьлча а, хьуна яздина хьан рицкъ хьуна тӀе кхаьчна, хьо кхелхар волуш хилча, хӀунда ца хуьлу хьо АллахӀан новкъахь кхелханчарах?
Хастам бу-кх АллахӀан, хӀора заманахь, Ӏеламнах а, мужахӀидаш а кхиош волу!
И Къонахий кхиош волу АллахӀан бу-кх берриге хастам!
Хастам бу-кх АллахӀан, бусулба нахах дог лозуш, царна тӀе бала беъча, царна доӀнаш деш болу дика нах кхолларан!
АллахӀа хӀара уммат эшначерах хуьлуьйтур долуш дац шуна!
Тахана хьо юха валарах, дин даржорах сацарах, АллахӀа хьан метта кхиниг валор ву хьуна!
ХӀара уммат тесна дуьтур долуш дац хьуна АллахӀа!
ХӀора а заман кечбеш Къонахий бу АллахӀан!
Шен хан тӀе ма кхаьчна, хӀо умматан толам бохьур болуш, шен хан тӀе ма кхаьчна, шен когаш чӀагӀ дина дӀахӀиттина хира болуш!
Халонаш, баланаш, гӀайгӀанаш букъ тӀехьа кхиссина, бӀаьрга негӀар ца тухуш, шен синош, догӀмаш санна АллахӀан новкъахь дӀадала кийча болуш!
АллахӀ ву и Къонахий кхиош верг!
Хастам бу-кх АллахӀан, хӀора заманахь, Ӏеламнах а, мужахӀидаш а кхиош волу!
И Къонахий кхиош волу АллахӀан бу-кх берриге хастам!
Хастам бу-кх АллахӀан, бусулба нахах дог лозуш, царна тӀе бала беъча, царна доӀнаш деш болу дика нах кхолларан!
