uz
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Kanalga Telegram’da o‘tish

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Ko'proq ko'rsatish
345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
sticker.webp0.00 KB

СОБАРЕ ХИЛАР... Собар аьлча, оц юккъа дохуш кхаъ хӀуман тӀехь собаре хилар ду : хьалхарниг - АллахӀан муьтӀахь хилла чеккха валар тӀехь собаре хилар ду ; шолгӀаниг - АллахӀа хьарам дина, ца магийна долу, Ӏеса хӀума шегара ца долуьйтуш собаре хилла чеккха валар ду ; кхоалгӀаниг - Сийлахь-Вези беркате волучу АллахӀа Шен къадрангахь билгал даьккхина долу дуьненчохь адмашан тӀедохуш долу лазме хӀуманаш тӀехь собаре хилар ду!

sticker.webp0.00 KB

Ӏеламнехан дозалла дуьйцуш Шайх ал-Ажуррис шен жайничохь далийна Къуръанчура далилаш!

Нах нис бар - иза хьан хетаршцани, хьан моттаршцани, хьан гиначу гӀенашцани хуьлуш дац! Нах нис бар - Къуръан чура схьаэцначунца, Пайхамарера (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) схьаэцначунца хуьлуш ду!

Дала Къуръан чохь хьахийна болу бакъболу Ӏеламнах бу хьуна - шайгахь Ӏилма долуш, шайгахь долучу Ӏилмац Ӏамал еш, и шайгахь долу Ӏилма нахана дӀахьоьхург! Нагахь санна оц кхаъ хӀуманах цхьаъ цунгара дӀадоли, Дала Къуръан чохь хьастийна волу, бакъволу Ӏеламстаг эра дац цунах! Ткъа Дала Къуръан чохь бакъболу Ӏеламнах хила аьлла вайга, ткъа вуьшта аьлча, Ӏилма Ӏама де, Ӏамийначунца Ӏамал йе, и дӀа а хьеха аьлла АллахӀа!

Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадисехь деана ду: «къемат денахь уггаре вочу, уггаре ирчачу хьолехь хира верг - шен Ӏилманах пайда ца оьцуш волу, шен Ӏилманца Ӏамал ца еш волу Ӏеламстаг ву!» ХӀунда аьлча, нагахь санна, Ӏеламстага, мутаӀеламо ша Ӏамийна долучу Ӏилмац Ӏамал ца йахь, и Ӏилма къемат денахь цуна доьхьал дера долуш ду, оц Ӏилмах цуна къемат денахь дохко валар хира ду, дагахь балам хира бу.

Баккъалла Ӏилман охӀлу болу, Ӏеламнах муьлш бу аьлча - уьш дера бу, шайна хуушчунца Ӏамал еш берш! Ӏилма Ӏамийначеран дегнаш чура Ӏилма дӀадалар бахьан хӀун ду аьлча - и дера ду, уьш дуьне дезаш хилар, шай Ӏилмац Ӏамал еш, шай эхарт декъал хиларан цара и лелош ца хилар дукх! Муьлхха стага Ӏилма Ӏамадахь, цул тӀаьхьа цу Ӏилмац Ӏамал ца йахь, цу Ӏилма цуна цхьанне агӀора пайда бохьуш бац!

Кхочча, хила ма деззара долу Ӏилмо - адман Делах кхерар ло! Адман АллахӀ вовзар сов мел долу - цуна Делах кхерар сов дера ду; Адман АллахӀ вовзар кӀезиг мел хуьлу - цуна Делах кхерар кӀезиг хуьлу!

ДогIа догIуш гича деш долу доIа اللَّهُمَّ صَيِّبًا نَافِعًا. «АллóхIумма соййибан нáфиIан» «Йа АллахI! Пайдане дика догIа де
ДогIа догIуш гича деш долу доIа اللَّهُمَّ صَيِّبًا نَافِعًا. «АллóхIумма соййибан нáфиIан» «Йа АллахI! Пайдане дика догIа де Ахь цунах»

Йа АллахӀ, Палестинера бусулба нехан хьал то де Ахь!

sticker.webp0.00 KB

ХӀорш вай жайничура схьаяздина могӀанаш ду, оц могӀаншехь нийса кхета, аша лахара азе ладогӀа деза!

36:45 [ Шайх Имам ал-Ажуррис билгал диначу Ӏеламнехан куцошах лаьцна - Шайх Фарукъ ]

ХӀара чӀогӀа пайде мут ду...
ХӀара чӀогӀа пайде мут ду...

ШайтӀо мел хьоьгуш долу къа, хьаьккхина дӀа доккхуш берш Ӏеламнах бу, цундела шайтӀан чӀогӀа ца беза Ӏеламнах!

Ӏеламстагех пайда цуна гондӀа мел долучун, гондӀа мел волучун хуьлуш бу! ХӀунда аьлча, и Ӏеламстаг нахана юккъехь хилча, оц н
Ӏеламстагех пайда цуна гондӀа мел долучун, гондӀа мел волучун хуьлуш бу! ХӀунда аьлча, и Ӏеламстаг нахана юккъехь хилча, оц наха цуна Ӏилмах пайда оьцу, цо деш долу хьехаршцани нис ло, цо деш долу насыхьат хьа оьций, нахан пайда болу, шай ца кхеташ долу хӀума нис делча, кегаре долу хӀума нис делча, шен хаттаршан жоьпаш оьшуш хилча, уьш оц Ӏеламстаге боьрзу, цундела Ӏеламстаг хилар ирс ду, пайда бу, толам бу!

sticker.webp0.00 KB

Мел хьесторах мотт ца кӀад луш, мел дукха доӀнаш дарах дог ца Ӏебаш, сан уггаре сирла седа!