Ӏилманан Аманат
Kanalga Telegram’da o‘tish
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Ko'proq ko'rsatish345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
ВАЙН ДАЙШ ДИНАХ ТАСАБАЛАР...
Тарихе хьаьжча билгал дера ду хьуна, керста наха лелош дерг, цара вайца беш болу тӀом, иза шай дайш лелийнарг хилар, шай дайша ма барра тӀом беш уьш хилар бусулба нахаца, ткъа вай хӀун да деза аьлча, вай а хьовса деза тарихе, вайн дайш хӀун лелийна вай а хьовси? Вай дайш шаьш баккъалла АллахӀан Ӏибадат до бохуш лелийна долу бидӀаташ ца дуьйцу вай, вай дуьйцург, муха лардина вай дайш хӀара дин? Уьш муха тасабелла динах? Кхин къиза, буьрса хила йиш яри аллар, къиза совет Ӏедал долучу хенахь, вай динна дӀадаккха ара даьлла, царга ма ца дал делла и, цара вай дин вайгара схьадаьккхина дац, вай дайш оц динах дукха чӀогӀа тасабалар бахьан долуш, ткъа муха кхехьна цара хӀара дин дӀа? Дера кхехьна къайлах, бӀаьрг тӀехуттура боцучахь, лечкъаш шайн берашна дин Ӏамош, Къуръан деша Ӏамош, маьждигаш бехдиначу хенахь божарий цхьана кхете, кхин дан меттиг боцуш кешнаш кертахь рузба деш, шай марха дуй хаийта йиш йоцуш, шаьш ламаз деш буй хаийта йиш йоцуш, къайлаха, шай динах ца боха гӀерташ лелийна цара дин, цара ца тесна хӀара дин дӀа, дӀо кериста нахах кхерам бу, цара вуьйра ву, бохуш ца лелла уьш.
Вай, вайн дайшкахь хьесториг, йа нийса хетарг, цара кешниши кертахь ламаз дар дац, вай, вайн дайшкахь хьесториг, иза церан динах тасабалар ду! Вай а лело деза иштта вайн дин, чӀоггӀа цунах таса делла, вай дайша тахан вайна аьтто баьккхина дин довза, деша, Ӏилман тӀегӀерта, шай цӀий Ӏенош вайна и аьтто баьккхина, цундела вай оц динаш тасадала деза, нийсачу новкъахь болучу Ӏеламнахах тасалуш, царах ца довлуш, царца лелош долу гергарло сов доккхуш.
Repost from Зератхо
Хӏора дийнахь агӏонаш билгалъеш, «ӏадланан дарсаш» аьлла хьостана чуьра записаш чу а йохкуш дӏахьур бу болх, цул тӏаьхьа хаттам чубуьллур бу.
Repost from Зератхо
Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӏ
Вай «Марха кхабаран дозалла» аьлла долу жайна деша дуьйлалой ¿ Мархийн бутт тӏекхачале кечам бай вай ¿
