Ӏилманан Аманат
Kanalga Telegram’da o‘tish
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Ko'proq ko'rsatish345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
Repost from Рамзан Гендаргно
Пайхамара (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва салам) аьлла: «ХӀай кӏант, ас цхьа дешнаш ӏамадай хьуна, Дела ларве ахь, Дала ларвийр ву хьо. Дала тоьхна долу дозанаш ларде ахь, Дала ларвийр ву хьо. Дела ларве ахь, хьайна хьалха карор ву хьуна И. Айхьа доьхучу хенахь, Деле деха ахь. Айхьа гӏо лохучу хенахь, Делера гӏо лаха ахь. (Я Аллахӏ, гӏоде Ахь алий, Делера гӏо лаха боху). Хьуна хаалахь, дерриг уммат вовшахкхетта, хьуна цхьа дика дан уьш гӏортахь, хьуна дан церан цхьа а дика дац хьуна, цхьаъ доцург. Муьлхург ду и? Дала хьуна яздинарг бен. Дерриг уммат вовшахкхетахь, хьуна цхьа зен дан, хьуна церан дан зен дац хьуна, цхьа зен доцург. Муьлхург ду и? Дала хьуна яздинарг бен. Къолам хьалаайбина, шекъа дакъаделла».
https://t.me/Ramzan_Gendargno
ДОӀ ДАР
ХӀай АллахӀан лай, хаалахь, доӀ - иза Ӏибадатан тӀум ю хьуна, массо марзо доӀ дарца ю хьуна, хьо Далла герга вахар, доӀ дарца ду хьуна, ахьа Дела хьайна реза вар, доӀ дарца ду хьуна.
ДоӀаналла лераме хӀумма ма дац АллахӀан гергахь, и де аьлла омар дина Цо, жоп даларан чӀагӀо а йина Цо!
Цо далар - дикалла ю. Цо ца далар - хьоьца кӀеда-маьрза хилар ду. Цо Шен лайна бина харжам гӀолехь ма бу, лайно ша шена бина харжамал а.
Олуш ма-хиллара: хьо хьайна луъарг доьхуш ву, ткъа АллахӀ хьуна пайден дерг луш ву...
Ӏеламнахан лер..
Ӏеламнахан луьш верг, даӀват некъан доккха зен деш ву!
Ӏеламнахан луьш верг, Ислам динах нах къахкош ву!
©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee
Repost from ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
ладогlалаш❕
• жайна доьшуш цунах пайда муха эца беза?
• дарсе ладугlуш цунах пайда муха эца беза?
мутаlеламан хаьа деза коьрта хlуманаш ⤴️
ШолгӀа курсера хьалхара дарс..
(Цхьа хан йаьлча дага доуьйтура ду вай хӀара, хӀара мерза хан дага оьхуьйтуш))
Repost from N/a
Цхьа дийца лур доцу ирс, цхьаа кхета лура воцу самукъа дукха хӏара. Делахь ишт дохко бийлара ду цхьац болчарна дуьсаш-иза тӏехьа бисанчарна ду. И тӏехьа бисарра шай ледарло а, неха хабарш бахьан долуш хилар кхи чӀогӀа дог ӏийжош дукх. Делахь Аллахӏан букх хастам хӏинца а хӏокхо некъа тӏе нисдаран.
وَٱلسَّـٰبِقُونَ ٱلسَّـٰبِقُونَ
أُوْلَـٰٓئِكَ ٱلۡمُقَرَّبُونَ
Аллахӏ гӏо дойл!
Аллахӏ аьтту бойл!
«МутаӀелам схьакъаста везаш ву нах бийшина болчу хенахь буьйса ламаз деш денъярца а, наха ца оьшу къамел дечахь шен мотт ларбарца а.»
ӀабдуллахӀ ибн МасӀу́д
إنا لله وإنا إليه راجعون.
Латта дехаш ду Iеламстаг вехаш мел ву;
Ткъа, Iеламстаг кхалхарца лаьттанах цхьа дакъа леш ду.
Repost from Доттагlа
Шен тоба ерг, декъашхой алсам мел бовла кхоьрий те, цу терахье хьажарца?!
Аллахlан дуьхьа пайде дерг даржо ният долуш долийнарг, шен чаккхене кхаччалца и лар деш, Аллахlа Ше цхьан дуьхьа дойла хlоранне а. Аллахlа кураллех, ша шех дозал дарех, вокх верах – шен ният гал даларех лар дойла вай дерге а. Аллахlа диканца бекхам бойла хlоранне, Аллахla Ша хаза йийцинчу, Шен дика лайшна кеч йинчу Фирдавс ялсманехь цхьана тохийла вай дерге а.
Ибнуль Къаййима боху : «Цу жайнаш чухьаьжин, жайнешчура нахан жоп луш волу стаг, иза нах тиллош стаг ву.»
Ӏилма хьуна хаамаш бац, хьуна жайна Ӏарбой маттахь деша хаарах, хьуна дӀа деллачу хаттаран жоп дала хаарах, иза Ӏилма дац, цунах олу и хаамаш гул бара, иза муьлхачу стагехь хила йиш ю, иза кериста стагехь а хила йиш ю, иза Ӏилма дац. Ӏилма хӀун ду аьлча, и хьоьгахь болу хаамаш, и хаамин тӀоркъазчура муьлхуг схьаэца беза хууш, айхьа схьаэцнарг мича дил деза хууш, йа айхьа цу чура хӀумма схьаэца ца дези хууша, и тӀоркъаза схьа даста ца дези хууш, иза схьа маца даста деза хууш, схьадаьстнехь цу чура хӀун схьаэца деза хууш, схьаэцнарга хьаьнга кховдо деза хууш, иштта цунах дерг хьуна довзара, и ду и Ӏилма нийса лело хаар, хьоьгахь мел дукха бусулба динах хаамаш хиларха, и нийса хьуна лело ца хиича, цунах Ӏилма ца хуьлу, цуьнах нах тиллор хуьлу, хьуна хьой а нийса ву моьттуш, хьой гал ваьлла волуш, нах тиллор хуьлу цунах.
«Уьш белхьара шайна дечу хьехарца Ӏамал еш, шайна гӀоле ма дара царна»
[ Сураь: Нисаъ, аят: 66 ]
