uz
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Kanalga Telegram’da o‘tish

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Ko'proq ko'rsatish
345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
🕓Тахана тӀаьххьара де ду дӀаязвала, цӀера хенаца 21:00 даьлча дӀакъовлур ю. 🔘Ткъа кхана курс дӀайолалур ю, Дала мукъ лахь.

sticker.webp0.00 KB

🕓Тахана тӀаьххьара де ду дӀаязвала, цӀера хенаца 21:00 даьлча дӀакъовлур ю. 🔘Ткъа кхана курс дӀайолалур ю, Дала мукъ лахь.

Хьо шек дӀа ма далалахь хӀай Делан лом! Буьйса мел ях яларх, тӀекхочу Ӏуьйре! Харцонан бода а лаьттар бац даиманна а! Кхочур ю бакъонах къеггина Ӏуьйре! https://t.me/serlonan_toba

Кхечу махкара хийра стаг санна, йа некъархо санна...
Кхечу махкара хийра стаг санна, йа некъархо санна...

«Со АллахӀ-Деле цӀеначу даггара доӀа дина Ӏаш ву, АллахӀа некъ гойтура бу суна...»
«Со АллахӀ-Деле цӀеначу даггара доӀа дина Ӏаш ву, АллахӀа некъ гойтура бу суна...»

sticker.webp0.00 KB

Масалан цхьа стаг ау: зурмаш мега бохуш цаьрга ладугӀуш, корта бахош долу малар кемсех ца хиллачахь иза мега бохуш; иштта кхин цхьаъ бу, зурмаше ладугӀуш, корта бахош долу малар молуш. Цу шина юккъехь Ӏесаллан тӀехь цхьа а башхалла яц, кхин сов даьккхина хӀума лелош цхьа а вац! И белхаш дин цӀарах лелош волчунна а, и белхаш дин цӀарах доцуш, шен дегӀа лааман тӀаьхьаваьзна лелош волчунна а юккъехь йолу башхалла хӀун ю аьлча: хийла стага ала тарло, цаьршина юккъехь башхалла ян а яц аьлла, амма цаьршина юккъехь чӀогӀа йоккха цхьа башхалла ю. И белхаша, шен дегӀан лааман тӀаьхьаваьзна лелочо, цуьнан даг чохь Ихлаьс (цӀенна АллахӀан дуьхьа хӀума дар) алсам хила тарло хьуна и белхаш динна цӀарах лелошчунна даг чохь доцучулла а! ХӀунда аьлча хийла жахӀил стагана ахьа шена хьехам бича, эхь хета цунна, бехке воьду иза, ша лелош дерг харца дуй хаьа шена олий мукӀарло до цо, делахь а тахана соьга хӀара дита ца ло, сайга диталучу денахь дуьтурам ду аса хӀара, АллахӀе юха воьрзурам ву со, олий, гӀайгӀане воьду и, амма и белхаш динна цӀарах лелошверг - цуьнан дог делла хуьлу, цуьнан даг чохь бен бина дехаш мунепикъалла хуьлу, тӀаккха, цхьанне хьехамо цунна хьехам ца бо, цхьанне хьехамо, хьехаро цунна эхь ца хоьтуьйту, йа ша дечунах иза юха а ца воккха, цул совнаха, и санначу стага Исламан-сурт бех до, Исламан-сурта эрча доккха!

sticker.webp0.00 KB

Цхьаболу Ӏеламнах бу, корт бахош йолу хӀума магош, иза кемсех йина ца хиллачахь бохуш, цхьаболу Ӏеламнах бу, зурмаш магош, иштта дуккха а Ӏеламнах бу, кху дино дихкина долу белхаш магош! Амма оц Ӏеламнеха гӀалаташ билгал дохуш лелаш верг, иза шен коьрта Ӏалашо, болх, некъ бина лелаш верг - мунепикъ стаг ву, боьха стаг ву, тиллавелла стаг ву! И иштта хӀунду ду хьуна аьлча, уьш гӀалаташ доллушехь, уьш билгал дахар мунепикъалла хӀунда ю хьуна аьлча: Корт бахош долу малар магийначо, зурмаш ца магийна хьуна; зурмаш магийначо, корт бахош долу малар ца магийна хьуна! Цхьа а Ӏеламстаг вац, шен ледарло йолуш, гӀалат долуш бен! Ткъа цу Ӏеламнехан гӀалаташ схьа гул дина, цунах шайна некъ бинарг - цуьнан динна дӀадера ду, цуьна цхьа а динна хира дац! АллахӀан Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) воцург, гӀалатах ларвина цхьа а вац! Дуккха а Ӏеламнеха, тайп-тайпана гӀалаташ ду, ткъа цу Ӏеламнеха гӀалаташ гулдина, цунах болх бина лелларга - дин доцуш, массо вон болх шайгахь гул бина лелар ву!

sticker.webp0.00 KB

Хийла цхьана хаттар тӀаьхьа, вайн дегӀан лаам хьалха боккха вай, ткъа вай дегӀан лаам тӀаьхьадезаш мел ду - АллахӀан новкъахь хила йиш йолуш дац вай, вай дегӀан лаам тӀаьхьадезаш мел ду, нийсонна тӀехь хила йиш йолуш дац вай! Веза-Сийлахь волу АллахӀа Давуд (ӀалайхӀи салам) аьлла: «ДегӀан лааман тӀаьхьа хьо ма вазлахь, нагахь дегӀан лааман хьо тӀаьхьавазахь - цу дегӀан лаамо АллахӀан новкъара тиллавира ву хьо» Шен дегӀан лааман тӀаьхьавозуш верг - тиллавелла ву! Шен дегӀан лааман тӀаьхьавозуш верг - жоьжахате кхача кхерам бу! Амма, шен дегӀан лаамех юхакхеташ верг - цунна йалсаманица кхаъ бу! Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «Ӏеса хилларг, АллахӀан дозанаш хедош хилларг, дуьненан дахар гӀолехь хеташ лелларг, дуьненан дахар, эхартал а хьалха доккхуш лелларг - баккъалла а, цунна воьрза меттиг жоьжахате ма ю! Амма, ша Шен Далла хьалха хӀуттур хиларах кхоьруш хилларг, шен дегӀ, дегӀан лаамех, марзонех юхатухуш хилларг - баккъалла а, цунна воьрза меттиг йалсамане ма ю!» Веза-Сийлахь волу АллахӀа, вайн дегӀан лаамашна тӀаьхьа толам баккхар лойла вайна! Веза-Сийлахь волу АллахӀа, нийсачу некъахь чӀагӀ дойла вай, цу некъахь дахар лойла вайна, цу некъахь кхалхар лойла вайна, цул тӀаьхьа Ша реза хиллачарна юккъехь, шай дегӀан лаамах юха кхетначарна юккъехь гӀитта а дойла вай!

Цхьаболу Ӏеламнах бу, корт бахош йолу хӀумп магош, иза кемсех йина ца хилчахь, цхьаболу Ӏеламнах бу, зурмаш магош, иштта дуккха а Ӏеламнах бу, кху дино дихкина долу белхаш магош! Амма оц Ӏеламнаха гӀалаташ билгал дохуш лелаш верг, иза шен коьрта Ӏалашо, болх, некъ бина лелаш верг - мунепикъ стаг ву, боьха стаг ву, тиллачелла стаг ву! И иштта хӀунду хьуна аьлча, уьш гӀалаташ доллушехь, уьш билгал дахар мунепикъалла хӀунда ю хьуна аьлча: Корт бахош долу малар магийначо, зурмаш ца магийна хьуна; зурмаш магийначо, корт бахош долу малар ца магийна хьуна! Цхьа а Ӏеламстаг вац, шен ледарло йолуш, гӀалат долуш бен! Ткъа цу Ӏеламнехан гӀалаташ схьа гул дина, цунах шайна некъ бинарг - цуьнан динна дӀадера ду, цуьна цхьа а динна хира дац! АллахӀан Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) воцург, гӀалатах ларвина цхьа а вац! Дуккха а Ӏеламнеха, тайп-тайпана гӀалаташ ду, ткъа цу Ӏеламнеха гӀалаташ гулдина, цунах болх бина лелларга - дин доцуш, массо вон болх шайгахь гул бина лелар ву!

sticker.webp0.00 KB

ВаллахӀи даӀватан некъ, сан самукъа ма ду!

Хьай дуьне ирсе дан лууш хьо велахь - Ӏилма Ӏамаде! Хьай эхарт ирсе дан лууш хьо велахь - Ӏилма Ӏамаде! Хьай дуьне а, эхарт а
Хьай дуьне ирсе дан лууш хьо велахь - Ӏилма Ӏамаде! Хьай эхарт ирсе дан лууш хьо велахь - Ӏилма Ӏамаде! Хьай дуьне а, эхарт а ирсе дан хьо лууш велахь - Ӏилма Ӏамаде! Баккъалла а Ӏилма - ирс ду!

sticker.webp0.00 KB

ВаллахӀи даӀватан некъ, сан самукъа ма ду!

Хьай дуьне ирсе дан лууш хьо велахь - Ӏилма Ӏамаде! Хьай эхарт ирсе дан лууш хьо велахь - Ӏилма Ӏамаде! Хьай дуьне а, эхарт а
Хьай дуьне ирсе дан лууш хьо велахь - Ӏилма Ӏамаде! Хьай эхарт ирсе дан лууш хьо велахь - Ӏилма Ӏамаде! Хьай дуьне а, эхарт а ирсе дан хьо лууш велахь - Ӏилма Ӏамаде! Баккъалла а Ӏилма - ирс ду!

Даго бетташ болу мохь хезарг АллахӀ вукх, АллахӀа лойлакх вайна, вай са мел тийсинарг!