cookie

Sizning foydalanuvchi tajribangizni yaxshilash uchun cookie-lardan foydalanamiz. Barchasini qabul qiling», bosing, cookie-lardan foydalanilishiga rozilik bildirishingiz talab qilinadi.

avatar

Такфиран бакъонаш

Жайни цIе: Такфиран бехкамаш а, дуьхьлонаш а. Яздинарг: Шайх Абу Суфьян Ас-Суламий. Гочдийриг: Асланан кIант Iумар.

Ko'proq ko'rsatish
Reklama postlari
275
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
Ma'lumot yo'q7 kunlar
Ma'lumot yo'q30 kunlar

Ma'lumot yuklanmoqda...

Obunachilar o'sish tezligi

Ma'lumot yuklanmoqda...

ХIара Ибну Таймиййас хьуджат хоттина бен цхьанне такфир деш дац бохучарна жоп дара. Ткъа цулла коьрта хаъдезарг - Ибну Таймиййа а, Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIаб а, йа кхиболу Iелимнах а цу хаттарехь бух бац. Бух - Къуръан, Суннат бу. Ибну Таймиййас хIун бах хьажале хьалха, Къуръано хIун бах, Суннато хIун бах хьажавезаш ву нийсо лоьхург. ХIунда аьлча, Ибну Таймиййа а, кхиверг а галвалан тарлуш ву, ткъа Къуръан чохь а, Суннатехь а гIалат хуьлуш дац. ХIара аларан бахьан - тахан держина ду, Къуръан тIера а, Суннат тIера а бIаьргаш цхьац Iелимнахан тIехьовза бар. Ибну Таймиййан некъ къуьсуш хуьлу, цун кхетам бух болуш санна цу хаттарехь. Къуръан, Суннат дуьцуш цахуьлу. Иза доккха гIалат ду. Цундера тIедогIу къамел, Къуръано а, Суннато а, доккха ширк диначунна цахаарц бехказло луш ю йа яц дуьцуш, цу хьокъехь салафша аьлларг хьахош хир ду Даламукълахь!
Hammasini ko'rsatish...
ИБНУ ТАЙМИЙЙАС ХЬУДЖАТ ХIОТТИЙНА БЕН ЦХЬАННЕ ТАКФИР ДАН БАКЪО ЯЦ АЬЛЛА БОХУЧУ ХАРЦ КХЕТАМНА ЖОП: Цу хаттарна жоп далле хьалха, хьуджат хотта ярехь кхетам лур бу вай, и хIун ю дуьцуш, цултIехьа хьа шекон жоп делла, тIаккха хьуджат муха хIотто езаш ю, иштта, цу хьокъехь кху заман мурджиитин ларах боьлхучу нехан кхетам нийса ца хилар а дуьцуш. Хьужжат хоттадар бохург - Ахьа адмана довзитар ду, цо деш дерг нийса цахилар, йа иза керистналла хилар. Хьуджат хIун ду довзитарца, цух дерг кхоччуш хьаха далле, хьан хаттарехь йолу шеко дIайоккхур йолуш кхетам балар хьалха доккхур ду вай. Иза "Ибну Таймиййас хьуджат хоттина бен цхьанне такфир деш дац" боху дешнаш къастадар ду. Вай дуьцур ду Ибну Таймиййан жайни чура цуьнан дешнаш, цултIехьа вай къастор ду, цо и мичахь аьлла, мац аьлла, хIунда аьлла а, хьена хьокъехь аьлла а. Иштта, цу хьокъехь кху заман мурджиитин ларах боьлхучу нехан кхетам нийса ца хилар а билгал деш. Ибну Таймиййас бах: "Керстаналлин дош мел аьллаг муьлха хьолехь кериста хуьлуш вац, цунна хьуджат хIоттадаллалц, цо дийриг керистналла хиларехь. Амма цунна хьуджат дIахоттича, тIаккха кериста хуьлш ву и." [мажмуIул-фатава] Иштта дуккха а ду Ибну Таймиййан дешнаш, хьуджат хIоттийна бен адман керстналлийц хьукма деш цахиларехь. Ткъа Ибну Таймиййас бохург, вай дурусашкахь дийцинчунц догIуш дуй аьлча, догIуш ду, и хилар билгал до вай: Iелимнаха Ибну Таймиййан дерриг жайнеш а, цуьнан дешнаш а девзуш, царах кхеташ бу аьллачу наждийн Iелимнахах волчу Шайх IабдуллатIийф бин Iабдуррохьмана (АллахIа къинхетам бойла цух) Ибну Таймиййас муьлха а ширк динчунна хьуджат хоттийни бен такфир деш дац бохучарна жоп луш бах: "Шайхул-Ислам Ибну Таймиййан къамелах кхетар ву И (Ибну Таймиййа) войзуш верг, Цуьнан дешнаш Iаминарг, Цунан усулаш (баххаш) девзуш верг. Цо билгал дина, АллахIах кхоьруш, доггух нийсо лоьхуш волчунна цхьа долчу хIумангахь цкъацкъа и галавелча цунна гечдеш хилар. Ткъа мичахь ду кешнашна Iибадат дечера, беллачу нахе а, генахь болчарга (тIекхочучехь боцчарга) а кхойкхучеран нийсо лоьхуш къа хьегар?! церан АллахIах кхерар а?!" [фатава ал-аъимма ан-наждиййа] Тидам бан безаш меттиг ю хIара. Лакхахь вай схьа далира мурджиитийн шеконах долу Ибну Таймиййан дешнаш, амма вайна хаъдезарг хIуду аьлча, кху заман мурджииташ шайна цхьа могIа гича, и могIа бен кхин хIумма дан дац моьттуш массанхьа и цхьа могIа хьалха бетта. Амма цух уьш нийса кхетна а ца хуьлу, йа царна и боцург кхин могIа гина а ца хуьлу. Амма IабдуллатIифас ма аллар, Ибну Таймиййа дешнашха кхетар ву, и Ибн Таймиййа манхIаж (некъ) бевзург. Цунна масала: Ибну Таймиййас аьлла: "Такфир дар вонца йинчу чIагIонах ду, нагахьсан цхьама дош аьллехь, Элчан (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дош харцдеш, амма цхьаверг керла дине веъна хуьлу, йа ислам дин лелочу меттиган (бусулба нахана) генахь кхиъна хуьла (дин дуьцуш хезна воцуш), и санначун такфир деш дац, цунна хьуджат хIоттадаллалац." [мажмуIул-фатава] Кхузахь Ибну Таймиййас билгалдо, хьуджат хIоттодезаш долу ши тайпа. Хьалхарниг; керла диневеънарг ву, шологIниг; бусулба нахана генахь кхиънарг ву. Вайн къамелан юьхьенца Ибну Таймиййас аьлла долу дешнаш "хьуджат хIоттийна бен такфир дийрдац" аьлла долу, хIокху шина тайпан хьокъехь аьлла хилар билгалдолу вайн. Иштта, кху заман мурджииташ мич-мичхьа и могIнаш лела ма-дарра, массеран хьокъехь уьш Ибну Таймиййас аьлла доций а билгалдолу вайн. Ибну Таймиййас и вайн къамелан юьхьенц аьлла долу дешнаш массо адмийн хьокъехь аьлла хилча, тIаккха хIара ши тайпа цо схьа къастадаран хIун пайда хуьлу?! Цхьаа маьIна а, цхьаа пайда а цахуьлу. Кху заман мурджиитин масал: АллахIа Къуран чохь Ша Iаршал лакхавелла бах, сурат тIохIа чохь, 5-чу аятехь. Иштта, кхечу аятехь Шен юьхь ю бах, Шен ши куьг ду бах. Амма деккъа и аятш бе гина воцучо ала тарло "Вайн евзуш йолу юьхь юкх и, йа Iарш тIехул вукх И, со хIокху гIанта тIехь ма-хиллар". Амма цунна гина дац сурат шура чура, 11-гIа аят, цун ца хаъ АллахIа аьлла хилар "Цух (АллахIах) тера хIумма а дац". Амма цун и аят гина цахилча, вукха аятах нийса кхетар вац иза. АллахIан масала кхин а лакхар ду.
Hammasini ko'rsatish...
Иштта, и мурджииташ а таро еш бу оцу хьолан, цара жайнеш ца дешар бахьан долуш, уьш сих балар бахьан долуш, Ибну Таймиййас аьлла аьл шайна цхьа могIа гича, сихло уьш, цо и хIунда бах, хьена хьокъехь бах ца хьовсуш. Амма шеш и къамел нахан юккъахь диначултIехьа, ахь шайн нийсо гайтича АллахIа шен дог цIандинаг воцург царах юха а ца волу, ша динчу харц къамелах ша юха велча эхь ду а моьттуш. Иза куралла ю, куралло адам тиларе дуьгу. Церан уггаре доккха гIалат, такфиран Iилманехь харцо юьцуш яздина жайнеш дешар ду. Ткъа цу жайнеш чохь хуьлу, вай лакхахь масал ма далдарре, хедийна могIнаш а, яккхи цIерш а. Цхьа йоккха цIе йоккхи, цо аьлла оли олу. Ткъа и цIе ерг мила ву хьежча, цхьана тIогIутан вохкавелла стаг хуьлу и дукха хьолехь. ХIокху жоьпехь вайна билгалделларг: Ибну Таймиййан гергахь хьуджат хьан-хьанна а хIоттош ю боху кхетам нийс ца хилар а, вай хьахиначу шина тайпан хIотто езаш хилар а ду (иштта, цхьа долу Iелимнаха кегош, царна девзуш долу, нахан къайладолу хIуманехь а хьуджат хIотто дезаш хилар хьокъехь Ибну Таймиййан дешнаш далор ду вай тIехьо). Амма жоьпан юьхьенца вай далина дешнаш Ибну Таймиййас хьан-хьанна а хьуджат хIотто еза аьлч санна кхеташ дар, делахь а IабдуллатIифс ма-аллар, Ибну Таймиййан дешнех кхетар ву, цунна шадолу дешнаш дойзуш верг, кхечу къамелехь Ибну Таймиййан дешнаш гира вайн, цо ша аьллачух кхетош. И ши тайпа хьуджат хIотторехь билгал деш кхин а дуккха дешнаш ду Ибну Таймиййан. Хьуджат хIотторан а, цу хьуджатах кхетавезаш хилар йа цахилар а довзар коьрта ду кхузахь. Тидам бан безаш хIума ду хIара: Тахан вай аьлча "цхьаволчун хьуджат ца хIоттош такфир дандеза", иза вай хецна дитна олуш дац. Амма вайна а, иштта, царна а (цхьанне хьуджат хоттина бе такфир дийр дац олучарна) юккъахь болу къовсам, и хьуджат дIахоьттин ду, йа и дIахоьттин дац бохучехь бу. Кхин дика кхетош элча, вай олу "Керстаналла динчу адман хьуджат дIахоьттин долш ду". Ткъа цара олу "цун хьуджат дIахIоьттин дац". Масала Нохчийчоь схьа лецча, Нохчийчохь цхьам ширк дича, йа хIума лачкъийча, вай олу "И ширк динарг мушрик ву" йа "и хIума лачкъийнарг къу ву", иштта кхиндIа а, цо динарг хIун ду хьежжина. ХIунда аьлча, цунна хууш ду, ширк дан мегаш доци, йа цунна и хууш дацахь а, хаттан аьтто бу цунна, бусулба нахан юккъахь вехаш ву иза, цунна бала хилчахь тIе кхиан аьтто болуш ву и. Цундера цунна хьуджат дIакхечна ду, Къуръан ду цун деша, хьадисаш а ду деша. Амма цара (кху заман мурджиитш) олу: "Цигахь ширк динарг мушрик вац, бусулба ву" ткъа "ХIума лачкъийнарг къу ву" олу цара. Царна гергахь, хIума лачкъаяр, АллахIац накъостварал доккха а, къегина а хIума ду. ХIума лачкъийначунна а, зина диначунна а, иштта цу тайпа къиношна бехказло цало цара, ткъа АллахIац накъост лацарна бехказло ло цара. АллахI цхьаъвар бохучург девзуш цахилар билгало ю иза. Иштта, и ширк динчунна цхьам тIевагIна, и кхетталц, цунна шеко дIаяллалц цунга шадерг дийцча бен иза мушрик хуьлуш вац олу цара. Ткъа Iелимнаха хIун бах цу хьокъехь хьовсу вай: Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) Ибну Таймиййан къамелах нийса цакхетначарна жоплуш аьлла: "Шега Къуръан кхечнарг милла валахь а, цунна хьуджат дIакхечна ду. Амма цакхетам хьангахь бу аьлча; аш хьуджат дIакхачадарна а, цу хьуджатах кхетарна юккъахь къастам цабарехь бу. Баккъалла а, дукхахболу кериста нах а, мунафикъ нах а хьуджатах кхетна цахилла, и шайна дIакхечна доллушехь. АллахIа ма-аллар: "Хьуна моьтту, царах дукхаберш хезаш бу?! йа уьш хьекъале бу?! уьш ма бац хьайбанашка терра бен, баккъалла кхин чIогIа тиларехь букх уьш некъехьар". [сурат ал-фуркъан, 44-гIа аят]". [фатава ал-аимма аннаждиййа] Иштта, IабдуллахI бин Iабдуррохьман Абу БутIайна а¹, Шайх ибну Насыр бин маIмарас а², Ибнул Къаййима а³, аяташ даладо, хьуджат дIахоттарехь Къуръан дIакхечнахилар кхачаме хилар а, и хьуджат дIакхечнарг цух кхеташ вацахь а (и санна верг кхеташ цух валахь).
Hammasini ko'rsatish...
Нагахьсанна цхьама алахь "И АллахIа вонца йина чIагIо хьуджат шена дIакхачича, и тIе цалецначун хьокъехь ю, джахIил (цахууш верг) а, галвеллаг а, цхьана тIехьвеззаг а цу аяташна юкъавогIуш вац" и дешнаш аьллаг АллахIана а, цуьнан Элчана а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьулвелла, бусулба неха новкъах дIа а тилла и. Iелимнаха шайн жайнешчохь "муртадан хьукма дуьцу дакъа" хьахадо, хьуджат дIахIоттинчул тIахьа дуьхьулвеллаг оли схьа а ца къастош. [аддурару-ссаниййа] Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла: "Ибну Таймиййан хьокъехь, цунна "массо а галвелчунна ца хаарца бехказло ю" аьлла кхетам бу аьлла хетар ма дац жимма а Iилманах хьакхвеллачун. Баккъалла а, Ибну Таймиййа дешнаш къеггина и кхетам бохош ду (цара дуьцчуна бIостнехьа ду)." [минхIажу-ттаъсис ва-ттакъдис] Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) билгалдо, Iиракъийн хьал, ша олуш волу "хаварижашна цахаарца бехказло яц, амма ширк динчун бехказло ю", Шайхо бах: "Цу Iирокъис хаварижашна цахаарца бехказло цаяларна, кешнашна Iибадаташ (ширк) дешболчарна бехказло яларна (вайн билгал долу) и шен дегIа лаъман тIехьавозуш хилар" [фатава ал-аимма аннаждиййа] Ма дукха бу буй тахана цу тайпа Iиракъхой. Шел боьха, шел доккха, шел ирча кхин хIумма доцуш долу, уггаре доккха, динчура аравоккхуш долу ширк диначун, АллахIац накъоста виначун бехказло ло цара, ткъа шегар керстналла йа ширк делла воцуш, гIалатвеллачу бусулба стаган бехказло цало цара. Шайх IабдуллатIифа ма-аллар, къегина малх санна билгало ю иза, и нах шайн дегIалаъман тIехьабозуш хиларна. Кху къамелехь вайн билгалдолу: Тахана Къуръан дIакхечначу меттехь, Элча ваийтинчу заманахь, тIакхиа йиш йолчу хьолехь, цахаарца, йа галвелла, йа цхьан тIехьахIоьттина доккха ширк диначунна бехказло цахилар. ✅ https://t.me/takfiranbakonash
Hammasini ko'rsatish...
Масала, АллахIа бах: "Церан дегнашна пардо дина Оха, уьш бакъдолчух цакхетийтарн дуьхьа‚ церан лергаш чохь къоралла а йина оха" [сурат ал-анIам, 25-гIа аят]. Ишта кхечу аятехь АллахIа бах: "Цара АллахI витина шайтIанаш шайн гергар лецна, царна моьттура шеш нийсон тIехь ду" [сурат ал-аIраф, 40-гIа аят]. Иштта, хьуджатах кхетар бехкам цахиларна тIенисвеш дуккха а ду аяташ. Вайн ма-хаар, керстаналлин ше дакъош ду, къобул цадеш дуьхьулаваларц дерг ду (куфр жухьуд олу цух), иштта, цахаарц дерг ду (куфр джахIл олу цух). Нагахьсан хьуджат дIахотдар, цу хьуджатах кхетар тайп-тайп ши хIума дацхьари, керстналла цхьаъ бен хир дацар, иза (куфр жухьуд) къобул цадеш дуьхьул валарц долу керстналла хир дара. Сулайман бин Сахьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Оцу аяташкахь АллахIа уьш хьуджатах кхеташ цахилар билгал дина вайн, уьш ца кхетар аьлла царна Iузр ца елла (бехказло ца елла), Къурано къеггина схьа гойту, и нах кериста хилар. ХIара хьуна билгалделча, хьуна хаълахь и Ибну Таймиййан дешнаш иэ дина, царгахь къастам цабеш уьш хедийна болу нах (мурджиитин ларах боьлхуш) бакъдерг харцонца иэ дина хьун цара." [фатава ал-аимма аннаждиййа] 1 - фатава ал-аимма аннаждиййа. 2 - аддурару-ссаниййа. 3 - мухтасару-ссаваIикъ. Исхьакъ бин Iабдуррохьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Ибну Таймиййан къамелехь лууш дерг "хьуджат дIахоьттин ду Элча ваитарца, Къуран досса дарца. Элча вуьцуш хезнарг милла валахь, цунга Къуран дIакхечнехь цунна тIехь хьуджат дIахоьттин ду." ХIара ду Ибну Таймиййан къамелах схьагуш дерг" [Iакъидатул муваххьидийн]. Иштта, кху тайпа дешнаш дийцна веравоцуш дукха ду Iелимнехан. Кху къамелах болу пайда: цхьаболчу наха (къестина мурджииташ) олург "цхьа стаг ширк деш валахь, цунна мушрик ала мегар дац, цунна шеко дIаъйоккхуш, и кхетталц цунга воккха Iелимстага къамел даллалц" харц къамел хилар билгалделир вайн Iелимнехан къамелехь. Иштта, и къамел дечунна бух цахилар а билгалделир вайна Къуръан аяташца. Хьуджат хIоттадар цхьаъ ду, амма цу хьуджатах кхетар кхи ду. Иштта, цушинна башхо а билгал ели вайна. ЦултIехьа, гуттар коьрта, тидам бан безаш дерг; Гал велла, йа ца хаарца доккха ширк диначунна бехказло ца хилар ду: Шайх Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла: "Массо кериста а галвелла ву, хIора мушрикан а шен кхетам бу (хьо цунга цхьаъ дийца хIоттахь, хьуна дуьхьула дийца шен гергахь нийсо ю моьттуш къамел хуьлу цун), церан дегатешам бу эвлияашца шеш дешдолу ширк, уьш оццула базбар а шайна пайде ду моьтту царна. Цара шеш кIелхьара дохур ду а моьтту царна. Амма царна бехказло яц уьш галбовларехь, иштта, шайна шеш нийса ду моттарехь а". [аддурару-ссаниййа] Шайх Абу БутIайна (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла: "ХIора мазхIабан охIлунах болчу Iелимнаха чот ялурйоцуш дуккха а дийцна дешнаш а, белхаш а, дегтешамаш а шеш адмера девлича и адам кериста хуьлуш долу. Амма цара (Iелимнаха) дуьхьулвелларг схьа цакъастина (и бохуг - "ахьа хьуджат дIа а кхачича, и къобул ца динарг" аьлла схьа цакъестина цара и керстнал дарехь). Нагахьсан цхьам алахь "галвелла, йа нийсоне кхача хьежна тилвелла, йа цхьан тIехьавезна, йа шена цахаарц керстналла динчу стаган бехказло ю" и къамел дийриг цхьа а шеко йоцуш Къуранан а, Суннатан а, Iелимнехан барт хиллачу хIуман а дуьхьулвелла ву". [ал-интисор] Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цух) ширк дарехь цахаарца йа галваларца бехказло луш цахилар билгалдеш Шайх Абу БутIайна (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла: "Ибну Таймиййас хадам бина (къастам бина) дуккха меттигашкахьа ша хьахинчу ширкан дакъошха цхьа хIума динчо керстналла деш хилар, иштта, бусулба нехан цу тIехь барт хилар а хьахина цо. Амма джахIил (цахууш верг) а йа и саннаг а юкъар ца веккхина цо (цахаарц ширк динаг схьа цакъастина цо). АллахIа бах: "АллахIа гечдеш дац шеца накъост лецначунна (ширк диначунна), амма цул лахарчунна шена луучунна гечдо Цо" [сурат ан-нисаъ, 116-гIа аят]. Масийхьан хьокъехь АллахIа бах: "АллахIац накъост лецнариг милла валахь а (ширк динаг милла валахь а) АллахIа ялсамане хьарам йина цунна, цуьнан воьрзу меттиг жоьжагIати ю" [сурат ал-маида, 72-гIа аят].
Hammasini ko'rsatish...
Хеттаршха цхьа хаттар: "Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цунах) хьужжат хоттийни бен такфир дийр дац аьлла, цундера муьлха хьолехь такфир динчун хьужжат хоттини бен такфир дан йиш яц" боху цхьана хьехамчо. Ткъа вай урокашкахь, ширк динчунна а, динан баххашха долу, йа гIардевлачу хIуманашкахь а хьужжат цахоттийча а такфир деш ду элир, цух цакхета со, дика кхетош жоп дезар. Жоп 😂
Hammasini ko'rsatish...
Кху урокаш юкъар шайн кхолделла хаттар @hattaranago кху тIе даита. Ткъа аса шу хеттарш гулдина, царна жоплур ду Даламукълахь!
Hammasini ko'rsatish...
Ткъа хаттаран охIлу, шайг хаттар дан хьакъ болу хууш бериш, шайн къамелехь АллахIан къамелан а, Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) къамелан а тIетийжариш бу. Церан къамелен тIеххье аят а, хьадис а, дIабагIанчу умматан хьалхарчу Iелимнехан къамел а хезар ду хьуна. Массо а къомах бу хаттаран охIлу, тайп-тайпа меттанашкахь АллахIан дин нахана довзуьтуш. Ткъа вайнехан маттахь нахан дин довзуьтуш, вайн къомах гIарбевлачарех ТАБУК чура вежарий бу. Царах ву; Абу Халид а, Абу Къудама а, Абу Хьузайфа а. Иштта кхиболу Абу Хьамза санна вежарий а. АллахIа Iалаш бойла уьш. Хуучарах бу уьш сан шеко йоцуш. Тешна ву со цу вежарш дийнахь 10-15 сахьт Iилма Iамош доккхуш хиларна тIехь. Ас дукха аьлла хетий шуна 10-15 сахьт?! ВаллахIил-Iазийм хIора дийнахь сан бIаьргаш а, сан лергаш а тешна ма ду цу тIехь. Ткъа сун цахууш а цара цу тIехь къахьоьгуш хиларехь шеко ма яц сан. Цу вежаршка хаттар далан аьтто хир бу «КХУЗАХЬ». Иштта, церан жоьпаш а карор ду шун цу чохь.
Hammasini ko'rsatish...
Беркате а, Лекха а волчу АллахIа боху: «Хуучаьрга хатта аша, шайна ца хаахь.» [сурат ан-нахьл, аят 43-гlа] АллахIа хааран охIлу дуьцу, муьлх-муьлха а хууриш цабуьцу. Ткъа хууш Иблис ду, тахана цу Иблисан ларах боьлхуш Iилманчаш ма-хиллара. Вай айдинчу хаттарна гонахьа масал далийча; кериста нахац цхьанакхетна, церан кериста низам лардеш, АллахIан низам дIахотторехь къахьоьгучарца тIом беш, АллахIан динац тIом бийриг бусулба ву бохуш цхьа нах бу, уьш Иблисан некъахь хиларехь бусулба стега шеко йоцуш. Иштта, Ибну Таймиййа а кериста ву бохуш кхи цхьа нах а бу, уьшшаъ Иблисан ларах боьлхуш хиларехь бусулба стега шеко йоцуш. Цу шина охIлуне хаттар дан цадезий а бусулба стеган шеко йоцуш.
Hammasini ko'rsatish...
ХIоран хаъдеза шена мел хIун хаъа. Шена, АллахIана а юкъахь бакъхила веза бусулба стаг. Ша-шех Iеха цаваларан духьа а, шена цахуъчунца шен дегI жоьпалле озо цадеза. Хуучарга хатта деза.
Hammasini ko'rsatish...