cookie

Sizning foydalanuvchi tajribangizni yaxshilash uchun cookie-lardan foydalanamiz. Barchasini qabul qiling», bosing, cookie-lardan foydalanilishiga rozilik bildirishingiz talab qilinadi.

avatar

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

Весет ду-кха хьоьга: Делах кхерарца, бакъдош аларца, нийса хlума дарца, мухха а делахь хьуна тlехlоьттина долу хьал. ©Ненан весет Вайца зIене вала луъчунна... @Wolf_Legion_bot

Ko'proq ko'rsatish
Reklama postlari
1 720
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
Ma'lumot yo'q7 kunlar
-2130 kunlar

Ma'lumot yuklanmoqda...

Obunachilar o'sish tezligi

Ma'lumot yuklanmoqda...

Repost from SUNNA_HEHAM
АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Уггаре дика доIа - Iарафат дийнахь дина доIа ду». ат-Тирмизий, 3585. IатIáа (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iарафат дийнахь малхбуз хан тIера маьркIижа хан тIе кхаччалц (Далла Iибадат деш) хьо цхьалха виса ницкъ кхачахь, цхьалха вислахь». Хьилятул-авлияъ, 3/314.
Hammasini ko'rsatish...
Hammasini ko'rsatish...
733019239 (19).mp32.66 KB
733019239 (20).mp32.43 KB
Repost from Зератхо
Photo unavailableShow in Telegram
Дика доттагӏ. Муьлхха а цхьа некъ болийча, хӀоранна а уллехь дика накъост а, гӏоьнча а оьшу. Цхьана муьрехь айхьа дӏакхехьа а мега ахь иза, амма адам гӏийла кхоьллина ду, цуьнан ийман хьала а, охьа а долуш хуьлу. Цу хьолехь оьшу хьуна хьуо иракарахӏоттор долу адам. Ткъа иза дика а, тешаме а - ДОТТАГӀ ву. Шена дезарг хьуна а дезаш, хьан хазахетар я халахетар хьоьца доькъур долуш, хьоьгара цхьа ледарло яьлча хьоллехь хьуна хьехар дийр долуш, шен са а, даьхний а кхоор доцуш, муьлххачу хенахь а де-буьйса а ца къестош, ахь «доттагӏ» аьлла кхайкхича орцаха волуш. И санна долу адам шун дахарехь делахь, шуна хоийла шу ирс долуш дуйла, гӏарчӏ алий таслолаш цу адамах, уггар хьалха тешамца а, тӏаккха аьчган зӏенашца дехкалаш шаьшиннан доттагIалла. Аллахӏа вайх хӏора а хуьлийтила дика а, тешаме а доттагӏ. Аллахӏа кху дуьненчохь а, эхартахь а цхьаьнатухийла Аллахӏан дуьхьа доттагIалла лелош берш.
Hammasini ko'rsatish...
Hammasini ko'rsatish...
Шайх Вахьид Балий

🌍Шайх Вахьид Балийн цlарах нохчийн маттахь агlо. ШолгӀа агӀо:

https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy_2

Repost from ИСЛАМ ДИН
Photo unavailableShow in Telegram
«Хьайн кIантана Iамаде, хIокху заманахь Iилма Iамор, туьрца деш долчу гIазотал а деза хилар. Вай чIогIа питанийн заман чохь ду, хьайн тур ахь охьа мича дуьллу ца хууш. Амма, ахь цунна Iамаде, иза чIогIа хилийтаран дуьхьа. Туьрца долчу гIазотехь чIогIа хир ма вац стаг бусалба дин а, ийман а девзича бен. АллахIан дине нах кхойкхуш волчунна аьтто хуьлу цхьана дашца эскар гIатта дан». Шайх Абу Исхьакъ аль-Хьувайний (АллахӀа Ӏалашвойла иза)
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
- хIай Нохчий, охьа йилла топ! Iилманца бе шайн тIом! Iеламнехан, вайн къоме болу кхайкхам!
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
👆👆👆👆👆     👆👆👆👆👆 ТӀедогӀуш гӀурбанан дезденош хиларе терра, цу дезденошкахь нахера дуьйлуш долу гӀалаташ довзуьйтуш яздина Шайх Вахьид Балин «50 хатӀаъ фил-Ӏидайни» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна жайна яздинчу Шайх Вахьид Балица зӀе хотталуш ижазат хир ю. 🖊🖊🖊🖊🖊🖊   🖊🖊🖊🖊🖊 ⏺Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс. ⏺Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра. 🕖Тахана цIера хенаца 12:00 даьлча хир ду дарс. 📝Экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю. Эфирехь ладугӀуш, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо хир яц🚫 🔔Жайна дIадолор ду: 13.06.2024 💬Дарс кху канал чохь хир ду⏬ https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
​​«Наггахь санна, хьо хьайн баланаш дlадаха лууш велахь, (цкъа хьалха) айхьа летош долу къинош дlадаха». t.me/oramera_nohcho
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
Даймохк бохург хIун ду я и кхетам муха кхоллало адаман? – Къаьсттинчу цхьана къоман мотт а, Iадат а лелачу махках олу-кх Даймохк, цу мехкан меттигийн цIерш эзарнаш шерашкахь цу къоман маттахь а йолуш, шираллехь дуьйна – вон а, дика а цхьаьна а ловш, – цхьа къам дехачу махках… Вуьшта, зама керчинчу заманахь, стаг ша ву-кх шен Даймокх, шен къам а… сан Даймохк соьца бу-кх тахана я со – сайн даймохк, сайн сица ас сайца лелош…. – «Со – сайн даймохк бу» – эли ахь. Шордехьа хьайн жоп, ахь бохучух муха кхета веза? – Вайн къам цIерадаьккхича, хIоранца а шен Нохчийчоь хилла, ша дагахь ма-кхаббара. Даймохк а, хьо а вовшийн хаза йиш йоцуш дисича, хьо хьайн даймохк бу-кх, хьайн сица ахь кхобуш болу... Даймахках вала, махках ваккха а ма ца оьшу тахана, мохк хьоьгара дIабаьккхичхьана, хьо долахо а воцуш… Интервью. (Жоьпаш делларг: Бексултанов М.)
Hammasini ko'rsatish...