cookie

Sizning foydalanuvchi tajribangizni yaxshilash uchun cookie-lardan foydalanamiz. Barchasini qabul qiling», bosing, cookie-lardan foydalanilishiga rozilik bildirishingiz talab qilinadi.

avatar

noxchiyn_baytash

https://t.me/oylancha_h Вайца зlене вала луъчунна... ———————- Нохчийчоь, латта хьо серлонан хlордах...

Ko'proq ko'rsatish
Mamlakat belgilanmaganChechenDin & Maʼnaviyat
Reklama postlari
380
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
Ma'lumot yo'q7 kunlar
Ma'lumot yo'q30 kunlar

Ma'lumot yuklanmoqda...

Obunachilar o'sish tezligi

Ma'lumot yuklanmoqda...

Photo unavailableShow in Telegram
Эт1ош когийн айра, Гуш сайн ирсан кхане, Со чекхвийлла, майрра, Хьох дуй бууш, нана.. Шир ца елла хьуна Сан кху кхерчан уьйраш. Нана, дийцахь сунна Хьайн къоьжаллин туьйра.. -------------------------------- Апти Бисултанов
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
сан-м велха хӀун дара ша дита дезарна хӀаваэхь лам техка Нохчийчоь йоцург. Бисултанов А.
Hammasini ko'rsatish...
Repost from noxchiyn_baytash
Photo unavailableShow in Telegram
Зил тоьхна, сан вахар нисдина,  Цхьа аз ду сан лерехь декаш.  Гlум-Азехь денанас бийцинчу  Даймахках ойла ю хьерчаш. «Сан жиманиг, дlо генахь Дегlаста  Ю хьуна, вайга цlа кхойкхуш.  Со кхузахь юьсур ю гlамаршца,  Сан дуьхьа вахалахь, - бохуш.  - Хьан денда дуьххьара суна  Вевзина шовда ду декаш.  Хьан дена дуьххьара гина  Седарчий ду стиглахь лепаш. Со йинчу, кхиъначу юьртан  Урамаш даьгна ду, даьсса.  Жималлех ца lебаш дисна,  Со лелла некъаш ду деха. Яьсса ю юьртахойн пхьоьха,  Со кхиъна ков-керт ду даьсса.  Бабиниг, хьо варе хьоьжуш,  Нохчийчоь лаьтташ ю яьсса...» Гlум-Азехь денанас дийцина  Туьйра ду хlинца а дехаш.  Со, хlетахь сайн бабас lехийна,  Хlинца а ву цунах тешаш.. ✒️Алиев Гlапур
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
Хьан куьйгаш кечбина и ховха кхача Йиша елар-кх чамбаккха хьан хlусаме кхача. Тхо юхадогlура ду хье ца луш...кхана Доlанашца бехалахь хьайн доьзал, Нана! Хьох къастарца хаало хьан марзо,Нана Со кхаьчна хийрачу хlокху махка пана. Вера вац кху махкахь со иштта лаьлла Хийра мохк Даймахках тера бу аьлла Тера бац, бакъ дац иза, со lехавелла Даймахках бlерг кхаьтча со велавелла Ткъа кхузахь-м ца догlу велавала дог Терго йан дезаш бу дlабоккху ког Нохчийчохь вина со, цу махкахь кхиъна Вахар а, кхалхар а цу махкахь лиъна Ваьхна со Даймахке безам а балхош Сан Нана, хьан марзо сайн дагехь ларъеш... Тхо юхадогlура ду хье ца луш...кхана Доlанашца бехалахь хьайн доьзал, Нана! 🖋️ Тутаев Хь. 📃Нене кехат
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
Комаьрша догучу хьан дагна гонах Дикалло яьккхина шен дашо тир. Ас дагахь Iамийна хьан амат къона, Къизачу хене и ца дайта шир. Юсупов И. «Сайн нене» 📜
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
📝Кхоьру со Кхоьру со цхьа доккха гlалат сайха дожарна Кхоьру со тоба дан ца кхуьуш вожарна Коша чохь ши малайк оьгlазе хьажарна... Бина кечам а боцуш со цу чу вижарна... Доцачу дахарехь ваха сий доьжна, Iилларна тилларан боьра чу воьжна Кхоьру со, сайх йаккха эрча цlе йита Деле со веха цхьаа ца вита. Кхоьру со lамалаш къобал ца хиларна Къемата дийнахь уьш яйна хиларна... Кхоьру со дика доцуш со цхьалха висарна, Дахарехь ас текхна хан эрна йисарна 🖋️Тутаев Хь.
Hammasini ko'rsatish...
Repost from N/a
00:29
Video unavailableShow in Telegram
IMG_2420.MOV3.08 MB
Photo unavailableShow in Telegram
Со-м дӀавоьду, шун Ӏодика йойла! Кхерчахь йогу цӀе, цкъа гӀел ма лойла, Кхуьуш, дебаш мерза кхаьбна уьйраш, Ирсе хуьлда шун дахаран туьйра! Уциев А.
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
Нене кехат. Де дика хуьлда хьан,сан хьоме Нана! Маршалла ду хьоьга,к1антера хьан. Вай вовше ганза ю дуккха хан-зама, Дийцахьа,Нана ахь,вайн ц1ера хьал. Могуш д1а лелий хьо?Дада вуй могуш? Гергарнаш муха 1а? Керла х1ун ду? Рицкъано ваьккхина дозанал дехьа Мел ч1ог1а шуна со сагатлуш ву. Тохара санна вайн беш стоьмех юьзний? Жа-бежнийн раг1 лелош х1инца а юй? 1уьйренца шок етташ зарзараш хезий? Вай Гудри буьйсанна керт ларйеш дуй? Суьйренца лулахой бог1ий сакъера? Пхьоьхана д1ах1уьттуш баккхий нах буй? Дийцахьа соьга ахь,Нана,хьал ц1ера Со хоттуш цигахь сан нийсархой буй? Тхо-м кхузахь д1а 1аш ду,рицкъа ца хадахь, Керла кхи х1умма дац,хьалхалер ду. Дерриге дика ду,сагатдар доцург Даим сан ойланехь Нохчийчоь ю! Лиза Дишни.
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram
Каш санна, таьlначу буьйсанна Дог къовла дезар-кха, буй санна. Дlаваха везар-кха генна дlа, Хилла дlо седанан хеннара. Аталуш, чувожа везара, Кху латте болучу безамна!
Hammasini ko'rsatish...
Boshqa reja tanlang

Joriy rejangiz faqat 5 ta kanal uchun analitika imkoniyatini beradi. Ko'proq olish uchun, iltimos, boshqa reja tanlang.