cookie

Sizning foydalanuvchi tajribangizni yaxshilash uchun cookie-lardan foydalanamiz. Barchasini qabul qiling», bosing, cookie-lardan foydalanilishiga rozilik bildirishingiz talab qilinadi.

avatar

𝐒𝐞𝐫𝐥𝐨

Массо дарба (молха) къаьхьа ду, Къуръан доцург! Вайн инстаграм: https://instagram.com/serlo_nuur?igshid=MzRlODBiNWFlZA==

Ko'proq ko'rsatish
Reklama postlari
229
Obunachilar
-124 soatlar
-67 kunlar
+130 kunlar

Ma'lumot yuklanmoqda...

Obunachilar o'sish tezligi

Ma'lumot yuklanmoqda...

01:12
Video unavailableShow in Telegram
27.74 MB
00:24
Video unavailableShow in Telegram
6.21 MB
00:58
Video unavailableShow in Telegram
لَاإِلَهَ إِلَّا اللهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَئٍ قَدِيرٌ Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахI, лахIул-мулку ва лахIул-хьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́р. Youtube чуьра ссылка
Hammasini ko'rsatish...
24.10 MB
Photo unavailableShow in Telegram
1️⃣🔠🔠🔠🔠🔠🔠 🔠🔠 ☀️Ӏарафат де, дуьненчохь дац хӀара санна деза де! ⏺АллахӀ дуьнен стигал тӀе охьавуссу де. ⏺АллахӀа Шен маликашна хьалха Шен лешха дозалла деш де. ⏺АллахӀа уггаре дукха Шен леш жоьжахатех хьалхабуьту де. ⏺ДоӀанна жоп ло де. ⏺Къиношна гечдо де. Шена чохь марха кхаьбначунна шина шеран къинош гечдеш де. ⏺Ислам-дин АллахӀа кхочушдина де. ⏺Хьаж даран уггаре беза болх шена чохь кхочушдеш долу де. ⏺Мархийн беттан муьлхха а дийнал деза де. ⏺Лайлатул-къадр буьйсанан дийнал а деза де. ⏺Ӏашураъ дийнал а деза де. ⏺Дуьненчохь массо дийнал а деза де. ☪️ТӀаккха, диц ма делаш шайн доӀанаш АллахӀе далхо, умматан хьал, вайн къоман хьал, вайна тӀера гӀело, сийсазалло, и дерриге дикачу агӀора хийца йиш йолчу АллахӀе хьасталой даггара далхаделаш тахана, герга дара-кх АллахӀа цхьанне мукъане жоп дала, тӀаккха и хьал дикачу агӀо хийцадала! https://t.me/adlan_haracho
Hammasini ko'rsatish...
ХӀай, имандиллинарш! Цхьа нах кхечу нахах ма кхаьрдийла, хӀунда аьлча уьш гӀолехь хила мега царал а. Цхьа а зударий ма кхаьрдийла кхечу зударех, хӀунда аьлча уьш гӀолехь хила мега царах а. Вовшашна Ӏиттаршца халахетарш ма делаш. Сийсазден харц цӀерш а ма тахкалаш вовшашна. Ма вон ду-кх [стаг] вон ву алар, [цо] иман диллиначул тӀаьхьа. Ткъа тоба цадинарш зуламхой хир бу. [Сурат: ал-Хьужурат, 11 аят] https://t.me/serlo_nur
Hammasini ko'rsatish...
219-гIа хаттар: Эшаршка ладогIа мегаш дуй? Жоп: Мегаш дац. Эшаршка ладогIар хьарам ду. 220-гIа хаттар: Далил хIун ду эшаршка ладогIар хьарам хиларан? Жоп: Эшаршка ладогIар хьарам хиларан Къуръан чуьра далил - АллахIа боху Шен сийлахьчу Къуръан чохь: «Нахах цхьаверг ву, шегахь Iилма доцуш, даьсса хабарш (эшарш) оьцуш верг, АллахIан некъах нах тилорхьама, сийсазбой схьалоцу цо и (АллахIан некъ). Оцу наханна - сийсаздолу Iазап (хир) ду». Пайхамаран асхьаб волчу IабдуллахI ибн МасIу́да (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ВаллахIи, цу а́ятехь юьйцург эшар ма ю». Эшаршка ладогIар хьарам хиларан хьадисера далил - Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Сан умматехь цхьа нах хир ма бу, зина а, дари а, къаьркъа а, эшарш а хьаналъеш». Цу а́ятах а, хьадисах а вайна билгалдолу, эшаршка ладогIа мегар ца хилар, цаьрга ладогIар хьарам хилар. [БЕРАШНА ГУЛДИНА «АЛЛАХIАХ ТЕШАР ДУЬЙЦУ» 220 ХАТТАРНА-ЖОП, агlо: 66-67] t.me/serlo_nur
Hammasini ko'rsatish...
🎧 Эшаршка ладегIар Хаттар: Со дешархо ву, эшаршка ладогlарх лаций дийцахьа суна. Цхьана а агlора эшар магийна юй, масала, Муцураеван эшарш? Жоп: Эшаршна я иллешна юкъахь ширк, пуьташ, харцо, lехор, доцург дийцар, эхь дацарш, эвхьазлонаш елахь - цаьрга ладегlар хьарам а, ца магийна а ду. Хlунда аьлча, и бахьанаш дегнаш цомгаш дечу, уьш дакъочу, Аллахl хьехорах а, ламаз дарах а генадохучу бахьанех долун дела. Дукхах болчу lелимнаха Лекхачу Аллахlан хlокху дешнийн: «Нахана юкъахь ву мукъа хабарш оьцуш верг» («Лукъман»: 6) иштта кхетам белла: «мукъа хабарш» - эшарш а, иллеш а ду, аьлла. lабдуллахl ибн Масlуда (Аллахl реза хуьлда цунна) дуй бууш хилла: «мукъа хабарш» - эшарш а, иллеш а ду, олий. Нагахь санна оцу эшаршца а, иллешца а мукъам тобан а, хазбан а гlирсаш белахь: пондар (lад хьокху, дечиган, кехатан), вота - кхин а чlогlа хьарам хиларе доьрзу и. Цхьаболчу lеламнаха дийцина: гlирсашца эшар лакхар я илли алар - цхьа барт болуш хиллачу сацамца (иджмаlаца) хьарам ду. Хlора стагана тlехь декхар ду цуьнах ларвалар. Вайн элчанера (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бух цlена болчу хьадисехь дийцина ду: «Билггала сан умматехь нах хир бу, зина а, дари а, чагlар а, мерзаш а хьанал деш». Сан лараме ваша! Хьехар ду хьуна, вешина санна: Къуръане ладогlа - цуьнгахь дуккха а пайданаш карор бу хьуна. Дог дендо цо. Къиношна гечдойту цо. Хьан хlусам шайтlанех а, жинех а дlацlанйо цо. Цул совнаха, хьо а ларво цо церан вонах. Ткъа эшарша я иллеша зен бен ца до. Цара дог дакъадо. Цаьрга ладоьгlча, къинош гулдо, хlусам чу шайтlанаш а, жинаш а гулдо. И бахьанехь къематан дийнахь, лерга чу лалийна даш дуттуш, lазап лур ду. Тlехула тlе, эрна хан йойъуш, исрап а ду и. Ткъа исрап дийриш шайтlанийн вежарий бу аьлла Лекха волчу Аллахlа. Аллахlа кхетам лойла вайна нийса дерг ган а, цунна тlаьхьа даза а. Турпалан кlант Фарукъ t.me/serlo_nur

00:17
Video unavailableShow in Telegram
5.87 MB
ХӀай, имандиллинарш! Нагахь песикъ-стага шайна тӀе цхьа хаам бахьахь, таллалаш [цу хаамах дерг] - цахаарца [бехк боцчу] нахана бохам цабархьама. [Нагахь аша и ца дахь] дохко девр ду шу шаьш диначунна. [Сурат: ал-Хьужурат, 6 аят. https://t.me/serlo_nur
Hammasini ko'rsatish...