cookie

Sizning foydalanuvchi tajribangizni yaxshilash uchun cookie-lardan foydalanamiz. Barchasini qabul qiling», bosing, cookie-lardan foydalanilishiga rozilik bildirishingiz talab qilinadi.

avatar

Суннатан ОхIла

Хаттаран агIо: @hattaranago Къуръанан маьIна: https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah Абу IабдуллахI: http://t.me/umarabdulkhaliym1444

Ko'proq ko'rsatish
Reklama postlari
2 460
Obunachilar
-724 soatlar
-367 kunlar
+1030 kunlar

Ma'lumot yuklanmoqda...

Obunachilar o'sish tezligi

Ma'lumot yuklanmoqda...

#Хаттар121 Ассаламу Iалайкум. Тахан чIогIа держин ду зудчун еттар. Аьллаг цадина оли синякш йохш тухи охь юьллу. Хаттар дара, муьлах хьолехь мегш ду зудчун етта? Дала, Пайхамара Делер салават маршо хуьлд цун ху бах цу хьокъехь? АллахIа диканц бекхам бойл хьуна. • ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI Зуда майрчо аьллаг деш яцахь, майрчунна муьтIахь яцахь, хаза дуьцуш кхето езаш ю. Мел хаза дийцча а кхеташ яцахь, меттахь цух дIавала веза, цунга виста цахуьлуш, цунца вижа цавуьжуш, ша чIогIа реза воци хоуьтуш. ХIетте а кхеташ яцахь, чов цаеш тоха мегаш ду. Зудчун еттар цхьанне хьолехь мегаш дац. Мегаш дерг тохар ду, иза Iамош хила дезаш ду, таIзар деш, хIуьтрен, гамон хила дезаш дац. Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Шайн муьтIахь цахиларна шу кхоьруш болчарна (зударшна) хьехар де аша, дIатаса уьш меттахь, тоха аш царна, ткъа нагахьсан уьш шуна муьтIахь хилахь тIех ма дийла царна тIехь, баккъалла и АллахI лекха а, воккха а ву.» [сурат ан-нисаъ, 34-гIа аят] Хаза аларна, дIатасарна, тохарна юкъахь "кхетар йолуш яц хIара" аьлла хетар долуш хан хила езаш ю. Масалан, цхьан хIуманехь зуда лалугIуш яцахь, хаза, кIеда, дуьцуш кхето еза, цкъа, шозза, кхузза, доьаза. Нагахьсан "делахь, мел дукх дийцчи кхетар йолуш яц хIара" аьлла ойла ялахь, цу хьолехь аятехь дийцинчу шологIчу хIумане дехьа вала веза, иза дIатасар ду. Хаза, кIеда, кхетош дийцча кхеташ яцахь, цултIехьа дIатаса еза. Цунга виста цахиларца, цунца меттахь цавижарца, цунна луург цадарца. ТIаккха а "хIетте кхетар йолуш яц хIара" аьлла ойла сацахь, кхологIчу хIумане дехьа волу, иза тохар ду. Хаза дийцчи, дIатесна йитичи кхеташ яцахь, чов цаеш, беран санна, Iама еш тоха мегаш ду. Цу хьолехь тохарехь лардан дезаш бехкамаш ду: Хьалхара бехкам - стаг тешна хила везаш ву, ша тохаро пайда бийрг хиларехь. Нагахьсан ша тохахь кхин а гена дера ду аьлла хетахь, йа зуда кхин а дуьхьул ера ю аьлла хетахь, цу хьолехь тоха мегар дац. ШафиIийн а, Маликийн а мазхIабехь дийцина ду иза. ХIунда аьлча, цу тохаран маьIна, и Iамаяр ду, цунна хьехам хилитар ду, таIзар дар а, кхера яр а дац. ШологIа бехкам - чов цаяр ду. Меже Iаржа еш, йа сян еш, йа каг еш, йа кхийолу чов еш тоха мегаш дац. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ишттачу хьолехь тохар дуьцучу, цIена бух болчу хьадийсехь "чов цаеш" аьлла хьахийна. КхологIа бехкам - юьхь тIе, йа кхийолу лазян, йоха ян кхерам болчу метте цатохар ду. Хьаким ибн Муlавис, шен дас (Аллахl реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) хаьттира аьлла: «Хlай АллахIан элча! тхайн зударийн хlун хьаккъаш ду тхуна тlехь?». Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «Царна хlума яон декхарийлахь ду шу – нагахь шаьш юуш елахь, царна тlедоха а декхарийлахь ду шу – нагахь шаьш тlеюхуш елахь. Иштта, шун бакъо яц - царна яххьашна тlе тохан а, я уьш сийсазбан а (царга вон мотт ле бан а), я хlусамера уьш арабахан а.» (Ибн Хьиббана а, Хьакима бакъ хьадийс ду аьлла иза). Ткъа дика хууш верг АллахI ву. https://t.me/sunnatanokhla1441
Hammasini ko'rsatish...
МАРХИЙН САХЬНАШ (закатул-фитIр) Мархийн сахьа далар - аьтто болчу, шена а, шен доьзулна а Iийдан буьйсанна а, дийнахь а юъчух а, молчух а кхачо йолчу бусулба адманна тIехь ду, воккхачунна а, жимачунна а, стаганна а, зудчунна а, маьршачунна а, лайна а. IабдуллахI ибну Iумарах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, цуо элира аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) нахана фард дира мархийн сахьа даккхар, хурманах сахьа, муькхах сахьа, хIора маьршачунна а, лайна а, боршачунна а, стечунна а бусулба нахах». [ал-муваттIаъ] Ибну Къудамас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ибнул-Мунзирс аьлла: «Тхуна мел бевзучу Iелимнехан барт хилла, мархийн сахьа фард хиларна тIехь»». [ал-мугIний] Мархийн сахьан барам - кегий а, даккхий а доцуш, гIехь долчу куьгийн йиъ кана хьайн махкахь наха юучу яъхIумнах кхача бу. Иза кхо кийла ца кхоччуш нисло. Делахь а эвхьуза дерг, кхо кийла ниссор ду, совделларг сагIа хир ду. Масала: дуга, кишмиш, кIалд йа нехча. Коьртаниг, хьан махкахь наха кхача лоручу яъхIумнах хилар ду. Иштта, оцу яъхIуманна мехехь сахьийн ахча дала а мегар ду. Иза мегаш хилар вай #Хаттар48 жоьпехь дийцира. Ткъа сахьанна бух а, гIолехь дерг а яъхIума ялар ду. Мархийн сахьа хIорамма шена а, ша напха латточарна а тIера лур ду. Шена, шен хIусамнанна, иштта, шен доьзулна, шен дена-нанна а тIера, шен аьтто балахь. Нагахьсан доьзул хьола дай балахь, церан шай дехни далахь, дена тIехь дац царна тIера сахьа далар. Амма нагахьсан доьзул кхиъна-бевла балахь, дас шен доьзулна тIера сахьа ша лур ду бахахь, бакъо ю цуьнан, нагахьсан доьзул реза балахь. Ткъа кийрахь долчу беранна тIера сахь далар суннат ду, амма важиб дац. Мархийн сахьан хан - мархийн бутт чекх болучу суьйрина маьркIижа хан хилча йолалуш ю. Иштта, Iийда ламаз далле дIа делча дика а, деза а ду. Амма Iийда хилале ши-кхо де хьалха дала а мегар ду, Iийда ламазалла тIехьа дала а мегар ду. Цхьаболчу Iелимнаха Iийдалла цхьа-ши де тIехьа дала а мегар ду аьлла. Ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) тхоьга омур дира, нах ламазе ара бовлале мархийн сахь дIало аьлла». [Абу Давудс дийцна иза] Иза гуттар дика а, гIолехь а, деза а дерг ду. Имам Маликс НафиIах дуьйцу (АллахIа къинхетам бойла цушиннех), цуо элира аьлла: «Ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) мархийн сахь шегахь схьагулдеш волчунга дIадахьийтара, Iийда хилале ши-кхо де хьалха». [ал-муваттIаъ] Ибну Журайжас дуьйцу, ша IатIоэга (АллахIа къинхетам бойла цушиннех) хеттира аьлла: «Сахьнаш Iийда ламазалла тIехьа делча во хIумма дуй?», IатIоас элира: «ХIумма дац!». Иштта, ЗухIайрас Абу Исхьакъах дийцна Абу Майрасас Iийда ламаз динчул тIехьа лора сахьанаш аьлла. Мухьаммад Ибн Сиринах а деъна, Iийдалла тIехьа сахьанаш дала мегаш хилар. МаIмарас Имам ЗухIрех дийцна, сахьанаш Iийдалла цхьа ши де хьалха а, йа цхьа ши де тIехьа а дала мегар ду аьлла (АллахIа къинхетам бойла царах). И дерриге цIена бух болуш, ибну иби Шайбатас а, и воцучо а дийцна ду. Уьш берриге уммато къобул бина, умматана коьрта Iелимнах бу. ГIолехь дерг мархийн бетта тIехьарчу суьйринна маьркIижа хан хилча, Iийда ламаз далле дIадалар далахь а, ткъа цулла хьалха делларг а, иштта, цулла тIехьа делларг а къобул хир ду Даламукълахь. Мархийн сахьа шех кхечунна дIакхачо тешаме бусулба стаг векил ван а мегаш ду. IабдуллахIас (АллахIа къинхетам бойла цунах) ша шен дега, Имам Ахьмаде хаттира аьлла: «ХIун аьлла хета хьуна, шена сахьа далар важиб долчо ша дIалур ду и, йа кхечунга дIало аьлла дIакховдор ду цуо и?», тIаккха сан дас (Имам Ахьмада) элира: «Нагахьсан векил вийриг тешаме валахь, цунга дIадаларх (цамегаш) хIумма дац». [масаил IабдуллахI]
Hammasini ko'rsatish...
#Хаттар9 Ассаламу Iалайкум ваша. Са накъост ву эхиртах шек вуьлш, теш лаар шен далахь шег тIе цадитло и бохш. Ас такфир дина цун, шек вац ас и ша кест ву аьлч, т.е сун дуьхьул хьо вукх иза я хумма цабах цо. Кхеч вашо нийс цадина ас бах. Ху да дезш ду ишт хьолехь? ДIатас вези и? АллахI рез хилла хьун.
Hammasini ko'rsatish...
Мусафиран агIон тIе дехьа вала ⬇️ https://t.me/kanal_musaafira
Hammasini ko'rsatish...
Мусафиран агIон тIе дехьа вала ⬇️ https://t.me/kanal_musaafira
Hammasini ko'rsatish...
𝙈𝙐𝙎𝘼𝙁𝙄𝙍 / 𝘼𝙗𝙪 𝙃𝙖𝙢𝙯𝙖

✍🏼 Ответы на вопросы по мере возможностей, знания, обсуждение книг, идеи, советы, наставления, наставления и т.д. 📬 Бот обратной связи: t.me/anonimnyye_voprosy_bot?start=crkOy4

Мусафиран агIо ⬇️ https://t.me/kanal_musaafira
Hammasini ko'rsatish...
𝙈𝙐𝙎𝘼𝙁𝙄𝙍 / 𝘼𝙗𝙪 𝙃𝙖𝙢𝙯𝙖

✍🏼 Ответы на вопросы по мере возможностей, знания, обсуждение книг, идеи, советы, наставления, наставления и т.д. 📬 Бот обратной связи: t.me/anonimnyye_voprosy_bot?start=crkOy4

Repost from N/a
السلام عليكم ورحمة الله وبركاته. 🔊 Мои Дорогие Братья и Сестры, наш с Вами канал был в очередной раз заблокирован, альхамдулиЛлях. И мы с братьями посоветовавшись решили запустить новый, иначе как же я без Вас)) баракаЛлаху фикум. Пусть Аллах сделает нас всех полезными для Своей религии и для мусульман. 📨 С Вас максимальный репост. ДжазакумуЛлаху хайран джазилян. https://t.me/kanal_musaafira
Hammasini ko'rsatish...
ХIара вай ссылка дIаса яхьийта къестина динац бала болчарна: https://t.me/sunnatanokhla1441
Hammasini ko'rsatish...
Суннатан ОхIла

Хаттаран агIо: @hattaranago Къуръанан маьIна:

https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah

Абу IабдуллахI: http://t.me/umarabdulkhaliym1444

Кху деношкахь вайнахан юкъахь держинчу лазарах лецна яззош текст ю са. Еха ю и лазаре хьежжина. Ткъа аш со и яззийна волушехь, керла декъашхой кхайкха кху чу вайн хьошалха) царна цух пайда хиларе сатуьйсу вай.
Hammasini ko'rsatish...