cookie

Sizning foydalanuvchi tajribangizni yaxshilash uchun cookie-lardan foydalanamiz. Barchasini qabul qiling», bosing, cookie-lardan foydalanilishiga rozilik bildirishingiz talab qilinadi.

avatar

ЯЛСАМАНЕ

Ассаламу Iалайкум! ХIара канал динехь нийса дерг а, пайде дерг а довзийта Iалашо йолуш дина ду. @hattaryalsamane_bot

Ko'proq ko'rsatish
Reklama postlari
16 387
Obunachilar
+724 soatlar
+247 kunlar
+1 05630 kunlar
Post vaqtlarining boʻlagichi

Ma'lumot yuklanmoqda...

Find out who reads your channel

This graph will show you who besides your subscribers reads your channel and learn about other sources of traffic.
Views Sources
Nashrni tahlil qilish
PostlarKo'rishlar
Ulashishlar
Ko'rish dinamikasi
01
Мутаlеламгара гlалат гича, цунна хаза хьехар де, нахе а ца дуьйцуш. https://t.me/musayalsamane
1 1728Loading...
02
lильма lамо жайннаш деша дезаш ду. Хlинцалера кегийнаха жайннаш охьа а тосий, хабарш дуьйцучаьрга ладоьгlа. Иштта lильма lемаш дац.
2 54918Loading...
03
Маьждиг бакъхьа агӀо геннахь пена тӀетойжина шенна хиан Ӏаьш волчу воккхачу стага хаттар ди-кх: "Ламаз оьцуш гӀумгӀа муьлха куьйга лаца еза?" - аьлла. "Суна-м ц хаъ" - аьлла жоп дели ас. Цхьаммо эли-кх соьга тӀе веана: "Муса и стаг хьуна оьгӀаз вахан аравели хьуна". Цецваьлла со... "ХӀунда вахна и оьгӀаз?" - аьлла, цо боху: "Массо хӀумана жоп луш волу, ас оццула атта хаттар дича, жоп дала мегаш дацар техьа..!" Ас цхьана бахьненна ца делла моьтна цунна жоп, амма суна цу хена цу хаттаран жоп ца хаар).
3121Loading...
04
5. Ибнуль-Мукъриа боху: "Фадолатан кӀанта аль-Муфаддалс гулдина хьадийсаш тӀаьхь долу жайна да, гӀаш кхузткъе итт мархьалат некъ бира ас (2822 километр цхьа жайна дан!). АсбахӀанера Байтуль-Макъдисе Ӏильма Ӏамо иттуз вахана со (цаьршинна юкъахь 2 эзар километр гергга ю). 6. Ибнуль-Мукъриа боху: "Фадолатан кӀанта аль-Муфаддалс гулдина хьадийсаш тӀаьхь долу жайна да, гӀаш кхузткъе итт мархьалат некъ бира ас (2822 километр цхьа жайна дан!). АсбахӀанера Байтуль-Макъдисе Ӏильма Ӏамо иттуз вахана со (цаьршинна юкъахь 2 эзар километр гергга ю). 7. Давудан кӀанта аль-Къосима ялх эзар Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна! ХӀаъ - 6000! 8. Ибн МандахӀ шен 20 шо долуш Ӏильма Ӏамо араваьлла 65 шо долуш цӀавеъна. 45 шарахь Ӏильма Ӏамийн цӀа‌веана зуда ялийна цо. 1700 Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна цо. Цаьргара хьаэцна Ӏильма дӀаяздина жайннаш чохь долуш 5 эзар тускар вовшах кхетта цуьнан, цхьана тускар чу 10 жайна хоьа, иштта лаьрчи - 500 жайна хуьлу цо ше куьйга яздеш хьаэцна Ӏильма. СубхьаналлохӀ! 9. Ибн МандахӀ шен 20 шо долуш Ӏильма Ӏамо араваьлла 65 шо долуш цӀавеъна. 45 шарахь Ӏильма Ӏамийн цӀа‌веана зуда ялийна цо. 1700 Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна цо. Цаьргара хьаэцна Ӏильма дӀаяздина жайннаш чохь долуш 5 эзар тускар вовшах кхетта цуьнан, цхьана тускар чу 10 жайна хоьа, иштта лаьрчи - 500 жайна хуьлу цо ше куьйга яздеш хьаэцна Ӏильма. СубхьаналлохӀ! 10. Абу СаӀд ас-СамӀани: дуьненна го баькхна цо гӀаш Ӏильма лохуш! 3600 Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна цо. 74 шарахь ваьхна, цкъаъа зуда ялийна хилла вац. 11. Ӏумар ар-Раввасийн да Абуль-Хьасан хьайбан кортош духкуш хилла ву. Цкъа Абу МасӀуд аль-Баджали ДихӀистане веанчхена, цуьнгара баа корта эца вахнера. И гича Абуль-Хьасанс элар цуьнг: "Хьо Ӏильман охӀланах волчух тера хета суна, хьо сай туькан веан латтор там болуш дац суна, воло маьждиг чу гӀо, ас корта кечбина дӀабохьа хьуна". Абу МасӀуд маьждиг чу вахар, Абуль-Хьасанс цунна тоьлла корта кхарза кхаьрзина цунна чу бахьийтира ше кӀенте Ӏумаре, цу хена жима вара иза. Цо шеца лаьцна гӀиллакх хазделла, ша хӀумакхаьлна ваьлча элира Абу МасӀуда: "Хаза гӀиллакх лелий ахьа соьца, хьуна бекхаманна яла хӀумма яц са, делахь а хӀара хьайн кӀант Ӏумар ахь соьци тхо долче ваийтича, ас кхуьнга Ӏильма-м Ӏамадойтур дара?..", ЧӀогӀа самукъа даьлла реза хилир да. Цуьнци Ӏильма Ӏамо цӀера ваьлла вархӀ шо даьлча цӀавеар Ӏумар ар-Равваси 3600 Ӏеламстагера Ӏильма хьаъ эцна. Ӏильма Ӏамочу заманахь цкъа шийла хан еана пӀелгаш вахьа а ийгира цуьнан. Абу ЖаӀфара боху: "Дуьненна го баькхнера цо хьадис Ӏильма лохуш", цу тӀе къе а хилла иза, хьуна ма гарра. 12. Ӏабдуль-Бакъи кӀанта Мухьаммада боху: "Сай дахарехь цкъаъа сай дегӀа самукъа доккхуш, я сай сина самукъа доккхуш минот яйъина яц ас!" Даиманна Ӏильма Ӏамош хилла цо. Ӏильма Ӏамо воьдуш волш Римлянш хьа лаьц латтийна и цхьан шарахь эх шарахь, пхе баттахь гӀортах, куьйгшах, когшах тоьхна буржалш тоьхна латтийна. Цигахь чувоьлна волуш кхи шена Ӏамо хӀума ца хилча, церан мотт Ӏамийна цо. 13. Махьмуд аз-Замахшарийчуьн Ӏильма Ӏамочхен дукх шелвел ког вахьабоьжна хилла. Даиманна шеций карахь тоьшаллийн кехат лелош хилла цо: ше и ког шегар цхьа хӀума даьл наха баьккхан боций, Ӏильма Ӏамош шелвелла вахьбоьжна буй тоьшаллийна дуккху наха тӀаьхь тоьхна мухӀар (печать) долуш. 14. Абу СаӀд ас-СамӀаний дуьххьар дас дарсе вуьгуш кхо шо ах шо хилла цуьнан. Ӏильма Ӏамо кхузза цӀераваьлла и: дуьххьара араваьлла 10 шарахь Ӏийна, шозлагӀ араваьлла 7 шарахь Ӏийна, кхозлагӀа араваьлла 4 шарахь Ӏийна. Оцу ханчохь дерриг дуьненна го баьккхина цо, 7000 Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна цо. Цуьна санна дукха Шейхаш цхьаьнне хилла а бац. 15. Ибну ан-Нажжар: 27 шарахь Ӏильма Ӏамийна, 3 эзар Ӏеламстагера. 16. Ахьмад аль-Ӏийадийчо боху: "ХӀокху Ӏильмане кхочур ма вац шен туька дӀа тесна, шен беш йитина, шен вежри битина, шен гергара адам делча цуьнан тезета ца воьдуш (ерриг хан Ӏильманна дӀаеллиг бен)".
2 04517Loading...
05
17. Аль-Фурот кӀант Асад: цхьана дийнахь шена гондхьа гулделла адам, цара ше до сий гича аьлла цо: "ХӀай нах! ВаллахӀи! Я сан да, я сан деда цкъаъа даржехь хилла вац шуьна! Тахана са нахан юкъахь долу сий цкъа са дайшшан гина дац шуьна! Тахана суна гуш долу сурт ас Ӏильма Ӏамор бахьан долуш ду шуьна! Шай синошна ницкъ белаш, шай догӀмаш кӀад делаш Ӏильма Ӏаморан новкъахь! Цу новкъахь собаре хилалуш! Дуьненна а Эхартан дикане кхочур ду шу!" 18. Ахьмад бин Хьанбала боху: "Ша дарсе хьалххе ваха дукха сих лой, нанас куьг доци олар соьга: "Собар дехь Ӏуьйре хиллалц, (Ӏуьйра) ламазан хан хиллалц"". 19. ИсмаӀилан кӀанӀа Мухьаммада боху: "Ахьмад бин Хьанбал кара мачаш эцна, чехка боларца тхуна тӀехволуш вар, са дас цуьн коч хьаъ лаьц элир цуьнга: "ХӀай Абу ӀабдуллахӀ, хьуна аьхь ца хета?. ХӀокху бершци хьо мел лела воллу ведда (Ӏильма Ӏамош)?" "Валлалц" - аьлла жоп делир Ахьмада. 20. Ӏабду‌сан кӀант Мухьаммад 30 шарахь буьйсана дӀавижан вац Ӏильма Ӏамош! 21. Абу Хьатиман кӀанта дуьйцу: "Тхо Мисрехь долуш, вархӀ батчохь чорпа йиъна яцар оха (цхьаъа коча яъхӀум, чу кхаллар Ӏуттуш юуш йолу берам тайпа хӀум), дийнахь Шейхашкар дарсаш хьаоьцуш, буьйсанна хьаязъеш, Ӏамош. Цхьана дийнахь новкъахь гина хазбел чӀара эццер оха, кхи и чӀара баа меттиг ца болуш гӀуо хуьлуш бара и, и кхарза хан ца хилла ша ма-барра буьйда биир оха и", цултӀаьхьа элир цо: "ДегӀо са а доӀуш хуьлуш дац Ӏильма!". 22. Абу СаӀд ас-СамӀаний Ӏильма Ӏамош кхаьчна йолу меттигши цӀерш еша собар тоьи хьовси вай) Абивард, АргӀийан, Астаробаз, Асадабаз, Исфаройин, Ашфуркъон, АсбахӀан, Амулу ТӀабаристан, Амулу Хуваразм, аль-Анбар, Авана БазагӀис, Башинан, Балис, Балуз, Бухара, Базаш, Базихун, аль-Баррониййа, Барзухон, Баружирд, БистӀом, аль-Басра, БагӀдад, БагӀшур, Бальх, Банжа Дийа, Бушанж, Байтуль-Макъдис, Байсан, БайхӀакъ, Буштанкъон Тирмиз, Тикрит, Таллу Абу Хьафс, Таллу Ӏакъракъуф, Таллу ЙаӀфар, Тус Жабир, Жарбазан, Журжан, Журваан, Жалудатайн, Журкъон, Жузжан, Жуздан, Жавсакъон, Жайй ХьиттӀин, аль-Хьафар, Хьалаб, Хьульван, Хьамат, Хьимс Хобарон, Хохаср, Холабарзан, Харжан, Харжирд, Хуварур-ройй, Хуваразм, Хужан Дараййа, ДамигӀон, Дабир, Дарзижан, ДаргӀам, ад-Дазакъуль-Ӏульйа, Димашкъ, Димима, Давнакъ, Дайр аль-Хьафир, Диванжа Ар-Рофикъа, Рованир, ар-Рабаза, Рабайнахьн, Роккъату БагӀдад, Роккъатуль-Джазира, Рунан, Рузбар, ар-Ройй, Зубала, Замахшар, Замлакан, Зандахан, Зандарзан, Сарийа, Сава, Сарахс, Сакажкас, Симнан, Синжар, Синжабаст, ас-Сину, Шуланжирд, Шавкан, СогӀарж, Солихьан, Сарсар, Сарифин, СанӀау Димашкъ, Сур, ТӀобарон, ТӀосабанда, ТӀолакъон, ТӀобаристан, ТӀомиса, ТӀурин, ТӀусан, ТӀихӀрон, Ӏаскъолан, аль-Ӏакър, Ӏакка, Ӏукбаро, Фаза, Фурова, Фархурзиза, Фальхор Фамус-силхь, Фундин, Файд, Къашан, Къармисин, Къасамил, КъустӀоната, Къасрон, Къасру Кинкивар, Къиннасрин, Къумис, Къайсариййа, Кар, КазиййаркахӀ, аль-Караж, Карминийа, аль-Куфа, Марабанан, Малину ХӀарота, Ма вароан-нахӀр, Маждуабаз, Марварруз, аль-Мавсил, МихӀана, Набулус, Намиш, Наса, Насаф, Насробаз, АннуӀманиййа, Нукъон, НахӀаванд, АннахӀрован, Найраб, Найсабур, ВаситӀуль-Ӏирокъ, ВаситӀу ТӀус, Вахшуман, Вазар, Варкан, Вайзабаз, ХӀароту, ХӀамазан. Уггар хьалха сайга ду шуьна са хӀара къамел, цхьаьнне новкъа ма далуш, хӀуьттаренна боха ма мотталаш. Дуьххьар Хасавюртахь доьшуш волуш, шина шарахь еккъа и синтаксис, грамматика, Ӏарбойн мотт кхета кхеташ Ӏамийча "Ма атта хӀума хилла-кх Ӏильма Ӏамор!" аьлла ойла са‌ а хиллера. ГӀалара университет яьккхича, сой Ӏеламстаг хила моццул гена ву кхеттер, делахь а жимма сайна хӀума хаьа моттаделлера. ХӀинца Египте веъча, сой хӀиццехь Ӏильма Ӏамо волалуш вуй кхетта ( МутаӀеламна шена цхьаъ хаьа моттар хьахочу меттехь даиманна дага догӀу суна хьалха сайна нисделла цхьахӀума: БӀе ца кхоччуш стаг вара тхо маьдигчохь. Ламаз дина дойллачул тӀаьхьа, цара хеттарш деш, аса сайна хууш долу хеттарш нисдалар бахьан долуш, хӀоранне цуьнан хаттарна жоп луш хийшана Ӏаш дара тхо.
2 54620Loading...
06
Цхьана шарчохь Ӏеламстаг хила хӀу дан деза дуьйцур ду вай: Цхьа дехар ду: ерриг ешар! АллахӀе доьху ас вай къамел шуьна пайде хилийтар. Къаьсттина цхьа стаг дага лаьцна дуьйцуш дац, дуккха а кегийчу нахехь тахана долу лазарна сагатдина язъеш ю. Дик ду, дуьйлало вай: Шарахь Ӏарбойн мотт Ӏамабо ахь. Массо хӀумнах кхетар бехкам бац хьуна. Синтаксис, грамматика ца кхетчи дац хӀумма, коьртниг - ключевой дешнаш Ӏамийчхьан. ЦултӀаьхьа ютубчура оьрсийн матте перевёденный, йоцирий шин-кхаъ минотехь йолу хеттаршна жоьпаш луш йолу видеошка хьожу хьо. ЦултӀаьхьа айхьчулла лугӀатангахь масех дош сов Ӏамийнчуьнга хоьтту ахь. ХӀу хатта деза бах ахь? Массо хӀума хотта-кх! Цунна ца хууш хӀу ду?. Динах хатта, политикех хатта... муьлхха хӀума хаттахь, жоп доцуш вуьсар вац хьо. ЦултӀаьхьа кхи цхьаьнгге ла ца дугӀу ахь, я хӀумма Ӏама ца до ахь. Хьо нийс кхеташ вац аьлчи, ахь Ӏильма Ӏамо деза бохуш хьайна хьехарш дичи, хьайна ца хезшсан игнорировать до ахь и къамел. Всё! Хьо Ӏеламстаг ву-кх! Хьуна бусалба пачхьалкх муьлхаг ю, муьлхаг яцца хаъ; бусалба мила ву, керст мила ву хаъ; муьлха Ӏеламнахе ладогӀа мегар ду, муьлхачаьрга мегар дац хаъ; итт-пхийтта шерашкахь фикъхӀ Ӏамош, усуль Ӏамош, мустӀалахь Ӏамош... лелашберш эран хан йойъуш Ӏовдал нах буй хаъ. Амма Ӏовжаме дерг хӀу ду аьлча... и хаза сурт хьа коьртчохь бе ца хилар... И шадерриге хьа хаза гӀан ду, са Ваша... Ма белабе хьайх нах.. Айхьа цхьа даккхийри къамелаш дарца хьой бакъ хилар гойту моьтту хьуна, амма айхь хьой сийсаз веш ву ахь. Ӏеламстаг шарчохь, шин шарчохь, итт шарчохь хуьлуш вац хьуна! "Ӏеламстаг" цӀе-м юьйцар яц... тахана Ӏильма Ӏамош болчарах мутаӀелим цӀе шена йогӀуш чӀогӀа кӀезиг ма бу. Ӏильма мел-Ӏамадо хаъ шена хӀумма хууш ца хиллий. Хьалха-м массара кар-кара оьцуш олуш дешнаш ду моттара суна уьш, амма уьш зийначо аьлла дешнаш хилла) ВаллахӀи, шу делийта, я цхьаннех кхаьрдаш я кхин цхьаъ моттийта деш къамел ма дац хӀара. Кийра боттуш болу дуккха хан яр цхьацца хӀуманаш хезш... Ӏильман мах ца хааро, Ӏеламнеха сий ца довзаро чӀогӀа зе дина вайна. Ӏильма Ӏаморан хало, кӀеззиг мукъан гинавоцчунна, ца дойза Ӏеламнеха сий. Цундела цо дош атта олу, хаттаран жоп атта ло. Вай Ӏеламнаха Ӏильма муха Ӏамийна, мел ханчохь Ӏамош хилла масалш гойта ас шуьна, ин ша АллахӀ.. Уьш ерриге еша веша собар тоьи хьовси вай?) 1. Махлади кӀант Бакъиййа шен ткъа шо долуш, Андалусер БагӀдаде гӀаш пхи эзар сов километр некъ бина Имам Ахьмадегара хьадийсаш хьаэца. Ахьмадана маьждигехь дарс хьехар дихкина (запретить) хилла, Бакъийс аьлла цуьнг: "Со хьа цӀа вогӀар вар, дийнахь цхьа хьадис ахь хьехчиъ кхачам бара суна...", "Дик ду" -  аьлла Ахьмад, делахь а цхьа бехкам хӀоттийна цо цунна: ша  воцчунна цхьаьнне Ӏильма хьаэца тӀе ца вахар, гучу ца валархьам". Цу бехкамна реза хилла Бакъий. ХӀора денна сагӀа доьгӀиги духар духий, цуьнан наьӀре воьдуш хилла иза. Ахьмада, сагӀийна хӀума яла вуьгуш санна чу а вуьгий, ши-кхо хьадис дуьйцуш хилла цунна. Иштта  Ахьмадегара кхо бӀе гергга хьадис хьаэцна цо! 2. Шозза Ӏильма Ӏамо цӀера араваьлла Махладан кӀант Бакъий: дуьххьар араваьлча дейтта шарахь Ӏийна, шозлагӀа араваьлча ткъа шарахь Ӏийна. 3. Абу Хьатим ар-Розийс ша Ӏильма Ӏамош бина некъ буьйцуш боху: "Айса гӀаш эзар сов фарсах некъ биначултӀаьхьа кхидӀа дагар дар дитар ас". Цхьа фарсах - 5 километр сов ю. ЦултӀаьхьа боху цо: "Сой Куфатера БагӀдаде мосазза вахна-м суна дага ца догӀу, Меккера Мединате дуккха ихина. Иштта гӀашша вахна МагӀрибер "Сала" олу шахьарера Мисре, Мисрера ар-Рамлате... ар-Рамлатера ТӀабариййате, ТӀабариййатера Димашкъе, Димашкъера Хьимсе, Хьимсера АнтӀокиййате, АнтӀокиййатера ТӀарасусе, юху ТӀарасусера Хьимсе, Хьимсера Байсане, Байсанера ар-Роккъате, ар-Роккъатера БагӀдаде... и ша берриге некъ са ткъа шо кхачале бина бу ас". АллахӀу Акбар..
2 37426Loading...
07
Дикка хан хьалха яздина хилла долу дешнаш, карла даха дезаш хьал тlехоьтна:
2 3649Loading...
08
Первая аудиолекция: YouTube: https://youtu.be/q9fSQWlVUPM?si=m7YEpnwZirA5rdqc Telegram: https://t.me/musayalsamane/1793
3 0837Loading...
09
Media files
3 0020Loading...
10
"Рийадус-солихьин" записаш https://t.me/riyad_aljanna
3 2906Loading...
11
Media files
1 3770Loading...
12
Йа Аллах1, орцаха вала Хьо Рафахьера бусулба нахана. Х1окху сохьта онда геноцид ю цигахь д1а йоьдуш, шайн до1нашкахь хьеха белаш уьш шортта. К1иллойн т1ом бу жуьгтиш беш берг, юхьа дуьхьал лата буьйла белча, шаьш охьа отун дера, х1инца адамаш дагош, даккхий герзанаш генара т1е детташ бу бусалба нахан.
4 54318Loading...
13
Кху канал чура хӀара, кхунна тӀаьхьа йогӀург ешийша!⏬⏬⏬
4 6750Loading...
14
Совгlаташ-м тlекхеташ ду, ладугlуш берш а тlекхеташ хиларе сатуьйсу)
7 4372Loading...
15
🤎в размеры денежных призов для победителей первых пяти мест внесены изменения https://t.me/musayalsamane
13 54430Loading...
16
В размеры денежных призов для победителей первых пяти мест внесены изменения https://t.me/musayalsamane
1700Loading...
17
В размеры денежных призов для победителей первых пяти мест внесены изменения: 1 место - 50.000₽ 2 место - 30.000₽ 3 место - 20.000₽ 4 место - 10.000₽ 5 место -   5.000₽ https://t.me/musayalsamane
1 1513Loading...
18
В размеры денежных призов для победителей первых пяти мест внесены изменения: 1 место - 50.000₽ 2 место - 30.000₽ 3 место - 20.000₽ 4 место - 10.000₽ 5 место -   5.000₽
10Loading...
19
Запись тlехь деана доlанаш⬇ 1️⃣اللَّهُمَّ اكْفِنِي بِحَلَالِكِ عَنْ حَرَامِكَ، وَأَغْنِنِي بِفَضْلِكَ عَمَّنْ سِوَاكَ Алло‌х1умма агlнини‌ бихьала‌лика lан хьаро‌мика, ва бифадлика lамман сива‌к. 2️⃣يَا مُقَلِّبَ الْقُلُوبِ ثَبِّتْ قَلْبِي عَلَى دِينِكَ Йа‌ мукъоллибаль-къулу‌би саббит къолби‌ lала‌ ди‌ник 3️⃣اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ مِنَ الْخَيْرِ كُلِّهِ عَاجِلِهِ وَآجِلِهِ، مَا عَلِمْتُ مِنْهُ وَمَا لَمْ أَعْلَمْ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنَ الشَّرِّ كُلِّهِ، عَاجِلِهِ وَآَجِلِهِ مَا عَلِمْتُ مِنْهُ وَمَا لَمْ أَعْلَمْ، اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ مِنْ خَيْرِ مَا سَأَلَكَ عَبْدُكَ وَنَبِيُّكَ مُحَمَّدٌ صَلَّى اللهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا عَاذَ مِنْهُ عَبْدُكَ وَنَبِيُّكَ ، اللهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ الْجَنَّةَ وَمَا قَرَّبَ إِلَيْهَا مِنْ قَوْلٍ أَوْ عَمَلٍ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنَ النَّارِ وَمَا قَرَّبَ إِلَيْهَا مِنْ قَوْلٍ أَوْ عَمَلٍ ، وَأَسْأَلُكَ أَنْ تَجْعَلَ كُلَّ قَضَاءٍ تَقْضِيهِ لِي خَيْرًا Алло́хlумма инни́ асъалука миналь-хойри куллихlи́ lа́жилихlи́ ва а́жилихl, ма́ lалимту минхlу ва ма́ лам аlлам, ва аlу́зу бика минаш-шарри куллихlи́ lа́жилихlи́ ва а́жилихl, ма́ lалимту минхlу ва ма́ лам аlлам, Алло́хlумма инни́ асъалука мин хойри ма́ саалака lабдука ва набиййука Мухьаммадун (солля́л-ло́хlу lалайхlи ва саллам) ва аlу́зу бика мин шарри ма́ lа́за минхlу lабдука ва набиййука Мухьаммадун (солля́л-ло́хlу lалайхlи ва саллам), Алло́хlумма инни́ асъалукаль-жанната ва ма́ къорроба илайхlа́ мин къовлин ав lамаль, ва аlу́зу бика минан-на́ри ва ма́ къорроба илайхlа́ мин къовлин ав lамаль, ва асъалука ан тажlала кулла къодо́ин такъды́хlи ли́ хойрон (*Тlаьххьарлера доlанна дешнаш запись тlехь долчунах жимма схьакъаьсташ ду. Шийъа доlа герга ду, делахь а запись тlехь долу дешнашца деана хьадис цхьаболу lеламнаха гlийла ду аьлдера, билггала оцу доlана сецна долу дешнаш яздина вай.
8 46543Loading...
20
"РИЙАДУС-СОЛИХЬИН" 23.2-гIа юкъара дакъа
13 066123Loading...
21
Media files
3 7652Loading...
22
Препирательства между студентами друг с другом, простолюдин со студентами, джахиля со всеми категориями под постами в соцсетях... Завидев группу людей, дискуссирующих между собой, Хасан аль-Басри сказал: «Этим людям наскучило богослужение, и слово стало для них лёгким (они не придают значения сказанным словам), набожность их преуменьшилась, после чего они пустились в разговоры».
7 90115Loading...
23
Media files
7 5290Loading...
24
В список призов для победителей добавлены: - 10 мест на уроки по заучиванию всего Корана (для сестер) - 2 сертификата от «Марказ умм Сухайб» на офлайн-обучение таджвиду для преподавательниц с подготовкой к аттестации (продолжительность обучения - 5 месяцев) Муса | Ялсамане
7 8212Loading...
25
https://t.me/riyad_aljanna
7 1423Loading...
26
Луучуьнан комментари чохь конкурсах дерг хатта, хьахо аьтто бу
6860Loading...
27
🤎луъчуьнан комментари чохь конкурсах дерг хатта, хьахо аьтто бу.
10Loading...
28
Ассаламу lалайкум ва рохьматуллохlи ва барокатухl! «РИЙАДУС-СОЛИХЬИН» записаш шаерриге вовшах тоьхча а, 40 сахьт бен дац. Тахана бен шу дуьйла ца делчий а цаьрга ладогlа, пархат кхуьура ду шу конкурсана кечам бан, ин ша Аллахl. Мало ца еш, шайтlано далош долу бахьнашха lеха а ца луш, ладогlа массара. Призовой хьалхара шина меттигана ахчанна барам хlинцале тlекхетта, кхий а тlекхета мега, иштта йисина йолу меттигашна а. Совгlаташкахь хилла хийцам⬇ 1 место - 40.000₽ 2 место - 25.000₽ https://t.me/musayalsamane
11 46122Loading...
29
Media files
4 12011Loading...
30
Media files
5665Loading...
31
"Рийадус-солихьин" доьшуш лекциш пайде ю бах, ладогlа деза вай)
5 2082Loading...
32
В список призов для победителей нашего конкурса мы добавляем🤎 4 место - 5.000₽ Муса | Ялсамане
10 2422Loading...
33
Media files
10 1310Loading...
34
Media files
12 89038Loading...
35
Media files
9 0570Loading...
36
Подписавшись на какой-либо из моих каналов, появляется окно с «похожими каналами». Составление списка этих каналов никоим образом не зависит от меня, я не имею к ним никакого отношения. Это рекомендация Telegram, которую нельзя отключить. Муса | Ялсамане
10 2051Loading...
37
В список призов для победителей нашего конкурса мы добавляем сертификат на полгода обучения в одной из лучших школ арабского языка «Rihlya» (на сумму ~30000₽) Муса | Ялсамане
10 96713Loading...
38
Тем, кто в позапрошлом году участвовал в нашем конкурсе по лекциям "Рийадус-солихьин", не разрешается принимать повторное участие. Муса | Ялсамане
10 2483Loading...
39
Аудио от Муса | Ялсамане
10 10918Loading...
40
Первая аудиолекция🤎 YouTube: https://youtu.be/q9fSQWlVUPM?si=m7YEpnwZirA5rdqc Telegram: https://t.me/musayalsamane/1793
21 576135Loading...
03:09
Video unavailableShow in Telegram
Мутаlеламгара гlалат гича, цунна хаза хьехар де, нахе а ца дуьйцуш. https://t.me/musayalsamane
Hammasini ko'rsatish...
lильма lамо жайннаш деша дезаш ду. Хlинцалера кегийнаха жайннаш охьа а тосий, хабарш дуьйцучаьрга ладоьгlа. Иштта lильма lемаш дац.
Hammasini ko'rsatish...
Маьждиг бакъхьа агӀо геннахь пена тӀетойжина шенна хиан Ӏаьш волчу воккхачу стага хаттар ди-кх: "Ламаз оьцуш гӀумгӀа муьлха куьйга лаца еза?" - аьлла. "Суна-м ц хаъ" - аьлла жоп дели ас. Цхьаммо эли-кх соьга тӀе веана: "Муса и стаг хьуна оьгӀаз вахан аравели хьуна". Цецваьлла со... "ХӀунда вахна и оьгӀаз?" - аьлла, цо боху: "Массо хӀумана жоп луш волу, ас оццула атта хаттар дича, жоп дала мегаш дацар техьа..!" Ас цхьана бахьненна ца делла моьтна цунна жоп, амма суна цу хена цу хаттаран жоп ца хаар).
Hammasini ko'rsatish...
5. Ибнуль-Мукъриа боху: "Фадолатан кӀанта аль-Муфаддалс гулдина хьадийсаш тӀаьхь долу жайна да, гӀаш кхузткъе итт мархьалат некъ бира ас (2822 километр цхьа жайна дан!). АсбахӀанера Байтуль-Макъдисе Ӏильма Ӏамо иттуз вахана со (цаьршинна юкъахь 2 эзар километр гергга ю). 6. Ибнуль-Мукъриа боху: "Фадолатан кӀанта аль-Муфаддалс гулдина хьадийсаш тӀаьхь долу жайна да, гӀаш кхузткъе итт мархьалат некъ бира ас (2822 километр цхьа жайна дан!). АсбахӀанера Байтуль-Макъдисе Ӏильма Ӏамо иттуз вахана со (цаьршинна юкъахь 2 эзар километр гергга ю). 7. Давудан кӀанта аль-Къосима ялх эзар Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна! ХӀаъ - 6000! 8. Ибн МандахӀ шен 20 шо долуш Ӏильма Ӏамо араваьлла 65 шо долуш цӀавеъна. 45 шарахь Ӏильма Ӏамийн цӀа‌веана зуда ялийна цо. 1700 Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна цо. Цаьргара хьаэцна Ӏильма дӀаяздина жайннаш чохь долуш 5 эзар тускар вовшах кхетта цуьнан, цхьана тускар чу 10 жайна хоьа, иштта лаьрчи - 500 жайна хуьлу цо ше куьйга яздеш хьаэцна Ӏильма. СубхьаналлохӀ! 9. Ибн МандахӀ шен 20 шо долуш Ӏильма Ӏамо араваьлла 65 шо долуш цӀавеъна. 45 шарахь Ӏильма Ӏамийн цӀа‌веана зуда ялийна цо. 1700 Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна цо. Цаьргара хьаэцна Ӏильма дӀаяздина жайннаш чохь долуш 5 эзар тускар вовшах кхетта цуьнан, цхьана тускар чу 10 жайна хоьа, иштта лаьрчи - 500 жайна хуьлу цо ше куьйга яздеш хьаэцна Ӏильма. СубхьаналлохӀ! 10. Абу СаӀд ас-СамӀани: дуьненна го баькхна цо гӀаш Ӏильма лохуш! 3600 Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна цо. 74 шарахь ваьхна, цкъаъа зуда ялийна хилла вац. 11. Ӏумар ар-Раввасийн да Абуль-Хьасан хьайбан кортош духкуш хилла ву. Цкъа Абу МасӀуд аль-Баджали ДихӀистане веанчхена, цуьнгара баа корта эца вахнера. И гича Абуль-Хьасанс элар цуьнг: "Хьо Ӏильман охӀланах волчух тера хета суна, хьо сай туькан веан латтор там болуш дац суна, воло маьждиг чу гӀо, ас корта кечбина дӀабохьа хьуна". Абу МасӀуд маьждиг чу вахар, Абуль-Хьасанс цунна тоьлла корта кхарза кхаьрзина цунна чу бахьийтира ше кӀенте Ӏумаре, цу хена жима вара иза. Цо шеца лаьцна гӀиллакх хазделла, ша хӀумакхаьлна ваьлча элира Абу МасӀуда: "Хаза гӀиллакх лелий ахьа соьца, хьуна бекхаманна яла хӀумма яц са, делахь а хӀара хьайн кӀант Ӏумар ахь соьци тхо долче ваийтича, ас кхуьнга Ӏильма-м Ӏамадойтур дара?..", ЧӀогӀа самукъа даьлла реза хилир да. Цуьнци Ӏильма Ӏамо цӀера ваьлла вархӀ шо даьлча цӀавеар Ӏумар ар-Равваси 3600 Ӏеламстагера Ӏильма хьаъ эцна. Ӏильма Ӏамочу заманахь цкъа шийла хан еана пӀелгаш вахьа а ийгира цуьнан. Абу ЖаӀфара боху: "Дуьненна го баькхнера цо хьадис Ӏильма лохуш", цу тӀе къе а хилла иза, хьуна ма гарра. 12. Ӏабдуль-Бакъи кӀанта Мухьаммада боху: "Сай дахарехь цкъаъа сай дегӀа самукъа доккхуш, я сай сина самукъа доккхуш минот яйъина яц ас!" Даиманна Ӏильма Ӏамош хилла цо. Ӏильма Ӏамо воьдуш волш Римлянш хьа лаьц латтийна и цхьан шарахь эх шарахь, пхе баттахь гӀортах, куьйгшах, когшах тоьхна буржалш тоьхна латтийна. Цигахь чувоьлна волуш кхи шена Ӏамо хӀума ца хилча, церан мотт Ӏамийна цо. 13. Махьмуд аз-Замахшарийчуьн Ӏильма Ӏамочхен дукх шелвел ког вахьабоьжна хилла. Даиманна шеций карахь тоьшаллийн кехат лелош хилла цо: ше и ког шегар цхьа хӀума даьл наха баьккхан боций, Ӏильма Ӏамош шелвелла вахьбоьжна буй тоьшаллийна дуккху наха тӀаьхь тоьхна мухӀар (печать) долуш. 14. Абу СаӀд ас-СамӀаний дуьххьар дас дарсе вуьгуш кхо шо ах шо хилла цуьнан. Ӏильма Ӏамо кхузза цӀераваьлла и: дуьххьара араваьлла 10 шарахь Ӏийна, шозлагӀ араваьлла 7 шарахь Ӏийна, кхозлагӀа араваьлла 4 шарахь Ӏийна. Оцу ханчохь дерриг дуьненна го баьккхина цо, 7000 Ӏеламстагера Ӏильма хьаэцна цо. Цуьна санна дукха Шейхаш цхьаьнне хилла а бац. 15. Ибну ан-Нажжар: 27 шарахь Ӏильма Ӏамийна, 3 эзар Ӏеламстагера. 16. Ахьмад аль-Ӏийадийчо боху: "ХӀокху Ӏильмане кхочур ма вац шен туька дӀа тесна, шен беш йитина, шен вежри битина, шен гергара адам делча цуьнан тезета ца воьдуш (ерриг хан Ӏильманна дӀаеллиг бен)".
Hammasini ko'rsatish...
17. Аль-Фурот кӀант Асад: цхьана дийнахь шена гондхьа гулделла адам, цара ше до сий гича аьлла цо: "ХӀай нах! ВаллахӀи! Я сан да, я сан деда цкъаъа даржехь хилла вац шуьна! Тахана са нахан юкъахь долу сий цкъа са дайшшан гина дац шуьна! Тахана суна гуш долу сурт ас Ӏильма Ӏамор бахьан долуш ду шуьна! Шай синошна ницкъ белаш, шай догӀмаш кӀад делаш Ӏильма Ӏаморан новкъахь! Цу новкъахь собаре хилалуш! Дуьненна а Эхартан дикане кхочур ду шу!" 18. Ахьмад бин Хьанбала боху: "Ша дарсе хьалххе ваха дукха сих лой, нанас куьг доци олар соьга: "Собар дехь Ӏуьйре хиллалц, (Ӏуьйра) ламазан хан хиллалц"". 19. ИсмаӀилан кӀанӀа Мухьаммада боху: "Ахьмад бин Хьанбал кара мачаш эцна, чехка боларца тхуна тӀехволуш вар, са дас цуьн коч хьаъ лаьц элир цуьнга: "ХӀай Абу ӀабдуллахӀ, хьуна аьхь ца хета?. ХӀокху бершци хьо мел лела воллу ведда (Ӏильма Ӏамош)?" "Валлалц" - аьлла жоп делир Ахьмада. 20. Ӏабду‌сан кӀант Мухьаммад 30 шарахь буьйсана дӀавижан вац Ӏильма Ӏамош! 21. Абу Хьатиман кӀанта дуьйцу: "Тхо Мисрехь долуш, вархӀ батчохь чорпа йиъна яцар оха (цхьаъа коча яъхӀум, чу кхаллар Ӏуттуш юуш йолу берам тайпа хӀум), дийнахь Шейхашкар дарсаш хьаоьцуш, буьйсанна хьаязъеш, Ӏамош. Цхьана дийнахь новкъахь гина хазбел чӀара эццер оха, кхи и чӀара баа меттиг ца болуш гӀуо хуьлуш бара и, и кхарза хан ца хилла ша ма-барра буьйда биир оха и", цултӀаьхьа элир цо: "ДегӀо са а доӀуш хуьлуш дац Ӏильма!". 22. Абу СаӀд ас-СамӀаний Ӏильма Ӏамош кхаьчна йолу меттигши цӀерш еша собар тоьи хьовси вай) Абивард, АргӀийан, Астаробаз, Асадабаз, Исфаройин, Ашфуркъон, АсбахӀан, Амулу ТӀабаристан, Амулу Хуваразм, аль-Анбар, Авана БазагӀис, Башинан, Балис, Балуз, Бухара, Базаш, Базихун, аль-Баррониййа, Барзухон, Баружирд, БистӀом, аль-Басра, БагӀдад, БагӀшур, Бальх, Банжа Дийа, Бушанж, Байтуль-Макъдис, Байсан, БайхӀакъ, Буштанкъон Тирмиз, Тикрит, Таллу Абу Хьафс, Таллу Ӏакъракъуф, Таллу ЙаӀфар, Тус Жабир, Жарбазан, Журжан, Журваан, Жалудатайн, Журкъон, Жузжан, Жуздан, Жавсакъон, Жайй ХьиттӀин, аль-Хьафар, Хьалаб, Хьульван, Хьамат, Хьимс Хобарон, Хохаср, Холабарзан, Харжан, Харжирд, Хуварур-ройй, Хуваразм, Хужан Дараййа, ДамигӀон, Дабир, Дарзижан, ДаргӀам, ад-Дазакъуль-Ӏульйа, Димашкъ, Димима, Давнакъ, Дайр аль-Хьафир, Диванжа Ар-Рофикъа, Рованир, ар-Рабаза, Рабайнахьн, Роккъату БагӀдад, Роккъатуль-Джазира, Рунан, Рузбар, ар-Ройй, Зубала, Замахшар, Замлакан, Зандахан, Зандарзан, Сарийа, Сава, Сарахс, Сакажкас, Симнан, Синжар, Синжабаст, ас-Сину, Шуланжирд, Шавкан, СогӀарж, Солихьан, Сарсар, Сарифин, СанӀау Димашкъ, Сур, ТӀобарон, ТӀосабанда, ТӀолакъон, ТӀобаристан, ТӀомиса, ТӀурин, ТӀусан, ТӀихӀрон, Ӏаскъолан, аль-Ӏакър, Ӏакка, Ӏукбаро, Фаза, Фурова, Фархурзиза, Фальхор Фамус-силхь, Фундин, Файд, Къашан, Къармисин, Къасамил, КъустӀоната, Къасрон, Къасру Кинкивар, Къиннасрин, Къумис, Къайсариййа, Кар, КазиййаркахӀ, аль-Караж, Карминийа, аль-Куфа, Марабанан, Малину ХӀарота, Ма вароан-нахӀр, Маждуабаз, Марварруз, аль-Мавсил, МихӀана, Набулус, Намиш, Наса, Насаф, Насробаз, АннуӀманиййа, Нукъон, НахӀаванд, АннахӀрован, Найраб, Найсабур, ВаситӀуль-Ӏирокъ, ВаситӀу ТӀус, Вахшуман, Вазар, Варкан, Вайзабаз, ХӀароту, ХӀамазан. Уггар хьалха сайга ду шуьна са хӀара къамел, цхьаьнне новкъа ма далуш, хӀуьттаренна боха ма мотталаш. Дуьххьар Хасавюртахь доьшуш волуш, шина шарахь еккъа и синтаксис, грамматика, Ӏарбойн мотт кхета кхеташ Ӏамийча "Ма атта хӀума хилла-кх Ӏильма Ӏамор!" аьлла ойла са‌ а хиллера. ГӀалара университет яьккхича, сой Ӏеламстаг хила моццул гена ву кхеттер, делахь а жимма сайна хӀума хаьа моттаделлера. ХӀинца Египте веъча, сой хӀиццехь Ӏильма Ӏамо волалуш вуй кхетта ( МутаӀеламна шена цхьаъ хаьа моттар хьахочу меттехь даиманна дага догӀу суна хьалха сайна нисделла цхьахӀума: БӀе ца кхоччуш стаг вара тхо маьдигчохь. Ламаз дина дойллачул тӀаьхьа, цара хеттарш деш, аса сайна хууш долу хеттарш нисдалар бахьан долуш, хӀоранне цуьнан хаттарна жоп луш хийшана Ӏаш дара тхо.
Hammasini ko'rsatish...
Цхьана шарчохь Ӏеламстаг хила хӀу дан деза дуьйцур ду вай: Цхьа дехар ду: ерриг ешар! АллахӀе доьху ас вай къамел шуьна пайде хилийтар. Къаьсттина цхьа стаг дага лаьцна дуьйцуш дац, дуккха а кегийчу нахехь тахана долу лазарна сагатдина язъеш ю. Дик ду, дуьйлало вай: Шарахь Ӏарбойн мотт Ӏамабо ахь. Массо хӀумнах кхетар бехкам бац хьуна. Синтаксис, грамматика ца кхетчи дац хӀумма, коьртниг - ключевой дешнаш Ӏамийчхьан. ЦултӀаьхьа ютубчура оьрсийн матте перевёденный, йоцирий шин-кхаъ минотехь йолу хеттаршна жоьпаш луш йолу видеошка хьожу хьо. ЦултӀаьхьа айхьчулла лугӀатангахь масех дош сов Ӏамийнчуьнга хоьтту ахь. ХӀу хатта деза бах ахь? Массо хӀума хотта-кх! Цунна ца хууш хӀу ду?. Динах хатта, политикех хатта... муьлхха хӀума хаттахь, жоп доцуш вуьсар вац хьо. ЦултӀаьхьа кхи цхьаьнгге ла ца дугӀу ахь, я хӀумма Ӏама ца до ахь. Хьо нийс кхеташ вац аьлчи, ахь Ӏильма Ӏамо деза бохуш хьайна хьехарш дичи, хьайна ца хезшсан игнорировать до ахь и къамел. Всё! Хьо Ӏеламстаг ву-кх! Хьуна бусалба пачхьалкх муьлхаг ю, муьлхаг яцца хаъ; бусалба мила ву, керст мила ву хаъ; муьлха Ӏеламнахе ладогӀа мегар ду, муьлхачаьрга мегар дац хаъ; итт-пхийтта шерашкахь фикъхӀ Ӏамош, усуль Ӏамош, мустӀалахь Ӏамош... лелашберш эран хан йойъуш Ӏовдал нах буй хаъ. Амма Ӏовжаме дерг хӀу ду аьлча... и хаза сурт хьа коьртчохь бе ца хилар... И шадерриге хьа хаза гӀан ду, са Ваша... Ма белабе хьайх нах.. Айхьа цхьа даккхийри къамелаш дарца хьой бакъ хилар гойту моьтту хьуна, амма айхь хьой сийсаз веш ву ахь. Ӏеламстаг шарчохь, шин шарчохь, итт шарчохь хуьлуш вац хьуна! "Ӏеламстаг" цӀе-м юьйцар яц... тахана Ӏильма Ӏамош болчарах мутаӀелим цӀе шена йогӀуш чӀогӀа кӀезиг ма бу. Ӏильма мел-Ӏамадо хаъ шена хӀумма хууш ца хиллий. Хьалха-м массара кар-кара оьцуш олуш дешнаш ду моттара суна уьш, амма уьш зийначо аьлла дешнаш хилла) ВаллахӀи, шу делийта, я цхьаннех кхаьрдаш я кхин цхьаъ моттийта деш къамел ма дац хӀара. Кийра боттуш болу дуккха хан яр цхьацца хӀуманаш хезш... Ӏильман мах ца хааро, Ӏеламнеха сий ца довзаро чӀогӀа зе дина вайна. Ӏильма Ӏаморан хало, кӀеззиг мукъан гинавоцчунна, ца дойза Ӏеламнеха сий. Цундела цо дош атта олу, хаттаран жоп атта ло. Вай Ӏеламнаха Ӏильма муха Ӏамийна, мел ханчохь Ӏамош хилла масалш гойта ас шуьна, ин ша АллахӀ.. Уьш ерриге еша веша собар тоьи хьовси вай?) 1. Махлади кӀант Бакъиййа шен ткъа шо долуш, Андалусер БагӀдаде гӀаш пхи эзар сов километр некъ бина Имам Ахьмадегара хьадийсаш хьаэца. Ахьмадана маьждигехь дарс хьехар дихкина (запретить) хилла, Бакъийс аьлла цуьнг: "Со хьа цӀа вогӀар вар, дийнахь цхьа хьадис ахь хьехчиъ кхачам бара суна...", "Дик ду" -  аьлла Ахьмад, делахь а цхьа бехкам хӀоттийна цо цунна: ша  воцчунна цхьаьнне Ӏильма хьаэца тӀе ца вахар, гучу ца валархьам". Цу бехкамна реза хилла Бакъий. ХӀора денна сагӀа доьгӀиги духар духий, цуьнан наьӀре воьдуш хилла иза. Ахьмада, сагӀийна хӀума яла вуьгуш санна чу а вуьгий, ши-кхо хьадис дуьйцуш хилла цунна. Иштта  Ахьмадегара кхо бӀе гергга хьадис хьаэцна цо! 2. Шозза Ӏильма Ӏамо цӀера араваьлла Махладан кӀант Бакъий: дуьххьар араваьлча дейтта шарахь Ӏийна, шозлагӀа араваьлча ткъа шарахь Ӏийна. 3. Абу Хьатим ар-Розийс ша Ӏильма Ӏамош бина некъ буьйцуш боху: "Айса гӀаш эзар сов фарсах некъ биначултӀаьхьа кхидӀа дагар дар дитар ас". Цхьа фарсах - 5 километр сов ю. ЦултӀаьхьа боху цо: "Сой Куфатера БагӀдаде мосазза вахна-м суна дага ца догӀу, Меккера Мединате дуккха ихина. Иштта гӀашша вахна МагӀрибер "Сала" олу шахьарера Мисре, Мисрера ар-Рамлате... ар-Рамлатера ТӀабариййате, ТӀабариййатера Димашкъе, Димашкъера Хьимсе, Хьимсера АнтӀокиййате, АнтӀокиййатера ТӀарасусе, юху ТӀарасусера Хьимсе, Хьимсера Байсане, Байсанера ар-Роккъате, ар-Роккъатера БагӀдаде... и ша берриге некъ са ткъа шо кхачале бина бу ас". АллахӀу Акбар..
Hammasini ko'rsatish...
Дикка хан хьалха яздина хилла долу дешнаш, карла даха дезаш хьал тlехоьтна:
Hammasini ko'rsatish...
Photo unavailableShow in Telegram