Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
ХЬАДИСАШ...
АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:
«Соьга Къуръан доссийна, иштта и саннарг а доссийна». Оцу «и саннарг» бохучехь дуьйцург сийлахь долу суннат (хьадисаш) ду шен дерриге дакъошца: дашца дерг а, белхаца дерг а, мукlарлонца дерг а.
(Муснад Ахьмад, агIо: 1/12)
Repost from N/a
«Къуръан хьехарал а, суннат хьехарал а, АллахIах кхоьруш хилла болу Iеламнехан дийцарш дийцарал а чIогIа а, пайде а хIума ма дац, кхуьуш долчу берашна а, хьалакхуьуш болу кегийрахошна а.»
Шайх Мухьаммад Салихь Мунажжид
Repost from N/a
« Йа АллахӀ ! Доьху Хьоьга, гечде Ахьа, Къинхетам бе Ахьа соьх а, сан дех-ненах а, йиша-вешех а, массо бусулба нахах а.
Йа АллахӀ ! Хьайна диканах а, комаьршонах а ма даха Ахьа тхо.
Йа АллахӀ ! Хьайн йалсамане кхачаде Ахьа тхо, жоьжахатех кӀелхьардаха Ахьа тхо! »
https://t.me/san_tibtar
Сан некъ толаман некъ бу,
Сан гӀулчийн лараш ю уьш,
Аьлла ду дӀа бахначара:
«Сой бен са махканна вац!»
Мел дукха лехь суна, беларах соьх, сан кхайкхамах кхардарах,
Валлалца вац соцура со!
27:26 Дика накъостий харжар...
29:10 «Муъмин стагаца бен доттагӀалла ма леладелахь...»
30:25 Дикачу стагаца хьо вахьа хааран масал ; вон стагаца хьо вахьа хааран масал...
33:33 «Стаг шен доттагӀчун дин тӀаьхь хира ву, тӀаккха шу хьовсийла шеш доттагӀалла хьаьнца лела до» кху хьадисехь луург...
АллахӀ Дала къинхетам бойла дуьненахь, эхартахь Дела дуьхьа болу вежаршах!
ТӀевахар Дела дуьхьа долуш, дӀаса къастар Дела дуьхьа долуш.
ВаллахӀи доккха беркат ма ду, кху дуьненахь, кху гӀийлачу дуьненахь Къонах волуш дика доттагӀ хьуна каравар.
Хьан дика - цуна дика долуш,
Хьан во - цуна сингаттам, гӀайгӀа, бала болуш.
Къонахчунга ахьа хьай гергарло кховдадахь - цунах накъост хуьлу хьуна, цунах доттагӀ хуьлу хьуна, цуна дог хьайгахьа доккху ахь,
Къонах воцучунга ахьа хьай гергарло кховдадахь - цо йамартло йо хьуна, дог доха до хьан, цхьа хазачу дийнахь тешбехка бо хьуна,
Цкъа а писачу стагац гергарло ма леладелахь - хӀунда аьлча цуна ша-ша бен доттагӀ ца хуьлу,
Кхоьрушчунца накъосталла ма леладелахь - цо цхьана дийнахь, хьан ког тасабелачу меттехь Ӏадда вуьтар ву хьо, и ша вера ву, цо дог дохор ду хьан.
Дала барт цхьаъ бойла бусулба неха,
Дала дакъал дойла вайн Нохчийн къам!
Repost from Зератхо
Я Аллахӏ¡
Сан доттагӀаша сагатдечу хӏуманех цхьа кӏеззиг дакъа бен дац - кх суна девзуш, ткъа Хьуна дерриге а девзу.
Суна хеза церан тийналла - ткъа Хьуна церан доӏанаш хеза.
Суна го уьш боьлуш - ткъа Хьуна го церан бӏаьрхиш.
Суна го цара деш долу диканаш - ткъа Хьуна го царах къобалдинарш.
Суна го церан юьхь тӏера хазалла - ткъа Хьуна го церан синан хазалла.
Гечдехьа царна, гӏо дехьа царна нийсачу некъа тӏехь ирсе бехьа уьш дуьненахь а, эхартахь а¡ Доьху хьоьга, Я Аллахӏ¡
Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӀи вабарокатухӀ !
Вай болийна шуна болх, хӀинца тхуна юху а шугара гӀо оьшу, хӀара вай ютуб агӀо яржош 👉 https://youtube.com/@vayn_bolh?si=HdtnBWvjyeYnph9d
Кху чохь вай массери болха хира бу шуна, иншаАллахӀ !
АллахӀ реза хуьлийла шай болх баржа бан пурба деллачун! АллахӀа барам боцуш шух хӀораннах пайда, беркат дойла! АллахӀа кху умматан гӀоьнчий дойла шу!
Хаза, говза, доггаха доӀнаш делаш хӀара болх биначун!
ХӀара цхьа хьадис, кхачаме ма дара :
Ӏилман тӀехь сутар хила,
Ӏилма Ӏаморехь сов вала,
Ӏилман шовкъе хира,
ХӀара цхьа хьадис кхачаме ма дара :
Ӏилма шегахь дерг веза,
И Ӏеламнах беза, церан ларам ба, церан сий да, цаьрца гӀиллакх лело,
Ӏилма лоьхург, Ӏилман тӀе гӀертарг веза кхачаме ма дара хӀара цхьа хьадис,
Кхачаме ма дара хӀара хьадис :
Ӏилман мажлисе кхача адман лаам хила,
Цу Ӏилман мажлиси мах бовза, кхачаме ма дара хӀара цхьа хьадис,
Ӏилман мажлисан мах дукха лакхара бу, денахь ши-кхо сахьта цу тӀехь дайъа,
Ӏилман мажлисан сий дукха лакхара ду, Ӏилма шегахь долучун сий тӀе адам кхийда, цаьрна бухтанаш, гӀийбаташ да!
Ӏилман сий дукха лакхара ду, цунах мах дукха лакхара бу, цхьа кӀеззиг хан ахьа цу тӀехь йайъина аьлла, хьо Ӏилмангахь сов вала, Ӏилма Ӏамош къахьегар сов хила деза, иза деза Ӏибадат ду, ахьа хьай ерриге хан цу Ӏилман дӀа елча а, хьо Ӏилмангахь сов вера ву бохург дац, амма сатийсам бу, хила йиш ю, ткъа ахьа Ӏилман цхьа кӀеззиг хан бен дӀа ца лахь, цхьа а хало ца ловш хьо Ӏилмангахь сов вала гӀерташ валахь, изам хира дац хьуна, уьш хьан гӀенш ду хьуна)
Ӏилма ду иза!
АллахӀан дин ду иза!
Шегахь Ӏилма долучун сий дар, иза цу адман ахьа сий дар дац, иза ахьа Делан динан сий дар ду!
Шегахь Ӏилма долучун ахьа сий ца дар, ларам ца бар, гӀиллакх ца лацар, иза цу адмац хьан гӀиллакх, ларам ца хилар дац, иза ахьа Делан динан сий ца дар, ларам ца бар, гӀиллакх ца лацар ду!
Repost from Ӏилманан Аманат
АллахӀан бен ца хууш, Цу АллахӀан дуьхьа, дӀа йиллина къайле юй хьан?
И хьан Ӏибадат ахьа лардан деза, хьайца эхарте дӀа дахьа..
Repost from Ӏилманан Аманат
Статусе хьаьжчхьани, марха хьена ду, хьаж-цӀа мила вахана, ламаз деш мила ву, иштта кхин дерг а, билгал дера дукх хьуна, ткъа Дела дуьхь дерг мичахь ду?
Дела дуьхьа дита и дерриге, цу Далла гина хьуна и массо хӀума, ахьа сурт ца даьккхича, ахьа статусе ца кхоьссича, АллахӀан гина хьуна ахьа дина Ӏибадат, и Шена гинарг, зене дойъур долуш вац хьуна АллахӀ.
АллахӀа хьуна тӀе хиттийна долу маликаш дӀа яздина хьуна, ахьа динарг, АллахӀа гаъ гина хьуна иза, Цуьна хууш дара хьуна иза. ТӀаккха ахьа са гат дан хӀун ду цигахь? Хьана гайта гӀерташ ву хьо и хьан доӀа а?
Ӏибадат хьанах олу?
Ӏибадат муха хуьлу?
Ӏибадатан марзо хули?
Ӏибадатан бехкамаш муьлхуш бу?
