Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Шайх Ратиб Набалусис (АллахI Iалашвойла иза) боху:
«ДаӀват дар фарз ду массо бусалбанна тӀехь, шена хуучул барамехь, шена вевзучунна!».
Бакъон дай, шайн бакъо яржорехь гӀел белча, харцонан дай, шайн харцо яржорехь сов бовлу!
ХӀора а, дин даржош, къахьоьгуш верг, жовхӀаран меха ву!
Ӏилман мах ца хааро, Ӏеламнеха сий ца довзаро чӀогӀа зен дина вайна.
Ӏилма Ӏаморан хало кӀеззиг мукъан гинчунна бен Ӏеламнеха сий дойзур дац.
Цундела цо дош атта олу, хаттаран жоп атта ло.
Интернет чуьра хьайн агlонаш тlе айхьа юьллург ларош хилалахь! Вайна ца хаьа, кхин юха схьабоьллур а боцуш, вай бlаьргаш дlа маца къовлур бу! Тlаккха и агlонаш юьсур ю! Вайна царах ял хуьлуш я къа хуьлуш!
Ӏеламнехан ларам бар..
Царна лен ца лерца, царна луьш верг сацорца, уьш хьехочу хенахь шен къамел лараме хилийтарца, уьш юьхь-дуьхьал бацахь а..
Шайх ал-Хьувайнийс (Дала маршалла дойла цунна, Ӏалаш а войла иза) аьлла: «Ӏилма - Пайхамарша бухадитина ирс ду. Цундела, иза Ӏамор а, цуьнца Ӏамал яр а уггаре даккхийчу Ӏибадатех ду»
Нохчийн кица..
Ойла ца йеш долийнарг, гӀайгӀане доьрзу..
Цуьнан маьӀан муха ду аьлча, айхьа долош долу хӀума, йа дӀакхоьхьуш долу хӀума, цуьнан тӀаьхьлонна ойла ца йича, иза байтамалле доьрцу, ткъа и байтамалла, тахана нохчийн маттан хилларг ду..
Байтамал* чӀогӀа дохко валар..
Тахана хӀоранна тӀехь важиб хилла дӀахӀоттийна ду, дин даржор!
lеламнаха ма-аллара, рузбанехь хьехам бан минбар тlе вала йиш йоцчун минбар ма бу интернет.
