uk
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Відкрити в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Показати більше
345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Куц-кеп мел хаза делахь а, дегӀ мел онда делахь а, Къонах къамелац бен ца воьвза!

sticker.webp0.00 KB

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Бот яц вайн. Шена хуучо шен хьостан чу язйича а кхачаме дара.

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
☺️Ассаламу Ӏалайкум. Kate mobile приложени галъяьлла масех де дара вайн. И кхин нис ца елла язйо вай кху чу. Цунах дерг шена хуур долчо язйича доккха гӀуллакх дара. Кхиниг чуяккха кху чуьра церан хьоста а дайна вайн.

sticker.webp0.00 KB

ХӀораммо ойла йойлакх, хӀора а хьожийлакх, ша тховса велча, ша хӀун лар йитина велла, ша шена тӀаьхьа хӀун дика дитина, хӀун цӀе йитина!

Хьо, хьой кхана сама вера волуш хилар дог тешна долуш дӀавуьжу, амма ВаллахӀи, цхьаллиг-цхьана хаа ма ца хаа, шен Ӏожалла мичахь ю! Хьа делла хьуна и дош, хьо кханенга вера ву аьлла? Хьа делла хьуна и пурба, хьоьга кхана тоба дайта? Хьо вахалахь кху дуьненахь, хьой кханенга вера воцуш санна! Ахьа делахь тоба, валар герга долуш санна!

sticker.webp0.00 KB

"Адмийн юьхьиг а, чаккхе а"
"Адмийн юьхьиг а, чаккхе а"

"Адмий юьхьиг а, чаккхе а"
"Адмий юьхьиг а, чаккхе а"

"Адмийн юьхьиг а, чаккхе а"
"Адмийн юьхьиг а, чаккхе а"

sticker.webp0.00 KB

Repost from MOMSAR
Цхьа йиша дӏа яьлла бохуш хезна. Ӏилма ӏамош йара бах и йоӏ. Ӏилма ӏамош ваша, йиша дӏа даьлча чӏогӏа новкъа догӏу. Сингаттаме хуьлу уьш чӏогӏа кӏезга хиларна, церан меттиг дӏа лоцуш кхин берш ца хиларна. Хӏора мутаӏелам чӏогӏа коьрта меттиг дӏа лаьцна ву шен доьзалехь, гергара наханна юккъахь, юртахь, махкахь. Цуьнгара ӏилма даржа доладелла дацахь а, иза ца кхиънехь а, цу мутаӏеламехь йолу дикалла иза адам нисло, дин даьржа, мохк денло, латта нуьре хуьлу бахьанехь ду. Ӏилма долчарна санна цхьанна а ца вевза Аллахӏ, цхьа а ца кхоьру уьш санна Аллахӏах, цундела цара деш долу ӏибадат шаьш муха до, Хьанна до хууш цӏена ду. Цул совнаха ӏилма ӏамадар, Мухьаммад ибн Аби Бакрас ма аллар: "ӏилма ӏамадар даго деш ламаз ду." валлахӏи мел доккха ирс ду Аллахӏ вевзаш, везаш, дог цу ӏилма ӏамадаран ламазехь долуш Аллахӏанна дуьхьала вахар. Вай ойла йан йеза, валлахӏи вай дагахь хӏун ӏамийна, вай мел жайнеш дешна вай хӏун йазъйина, вай хӏу дӏа хьехна иштта коьрта ма дац, массане бу и дериг лела дина иза дӏа тесна... Коьртаниг вайга валар кхаьчча вай хӏун леладеш хир, муха дахар дӏахьуш хир ду. Йа Аллахӏ, къинхетаме, комаьрша Эла, къинхетам бе Ахьа цу йишах Йа Рохьман, йа Рохьийм! Гечде Ахьа цунна йа Гӏоффар, йа Гӏофур! Цу сингаттамах дакъа мел кхаьчначунна хаза собар ло Ахьа, йа Ваххӏаб! йа Аллахӏ каш нуьре де Ахьа цуьнан! Йалсаманан бошамашех цхьа беш йе Ахьа цуьнан кошах! Жоьажахатех ларъйина, Фирдавс ло Ахьа цунна! хӏай къинхетаме, комаьрша Эла, тхуна а собар ло Ахьа хьайн динехь чекх довла! Хаза чаьккхе а, Фирдавс йалсамане а ло Ахьа тхуна!

Маца хаало кхечарн, ахьа шайгахь лар йитний? Маца хаало кхечарн, хьо шайна юккъехь воцуш вуй? Маца хаало кхечарн, хьо дӀаваларац шайна эшам хиллий? Йа дӀадоьдучу дахарехь, деккъа терахь хилла Ӏад Ӏа реза ву хьо? Мичахь ду, хьо хилар хоуьйтуш долу белхаш?

цхьа денош догlу кху дуьненах хьо lехалой, и валар ахь дицдеш.. дуьненах lеха веллачу хенахь иштта цхьа хlума хези, оцу хезначу хабаро хьо кач тlера лаьцна дlас ластош «хьо а ву хьуна вала везаш, диц ма де» олуш санна хета..

АллахӀа ша лехначу, ша сатийсиначу йалсамане кхочуьтийла иза, АллахӀв хуьлитийла цунна ерзар, лаккхара фирдавс йалсамане, АллахӀа декъал йойла иза, АллахӀа цуьнан каш, йалсаманен бешах цхьа беш хилла дӀахӀоттадойла, АллахӀа Шен Ӏазапах ларйойла иза, АллахӀа жоьжахате хьарам йойла цунна, АллахӀа декъал йойла иза!

вай цхьа дика бусалба йиша дlаяьлла аьлла хабар кхечна вайг.. дехар ду шайн дикачу доlанаш юккъехь и хьахъяр, тховса уггаре а чlогlа хьашт ю-кх и вайн доlанашна.. Аллахlа гечдойла хьуна! Аллахlа кьинхетам бойла хьоьх! Баккъалла а, дика бусалба йиша яра хьо! lильма дезаш а яра хьо! Аллахlа эхарт ирсе дойла хьан((

sticker.webp0.00 KB

ТӀаьххьара цхьа хӀума ала лаара, бот чохь шаьш язйиначун дуьхьал жоп ца делча, гӀиллакхех доьхна ма мотталаш, йа шайна дуьхьал доӀ ца до ма мотталаш, жоп делча зе хира долуш далахь, жоп ца луш Ӏаддадуьту, амма и бохург дац, гӀо оьшуш хилча иза дийра дац, ду, вай ницкъа кхочучу барамехь гӀо дийра ду хьанна а, и да хьанал некъаш хилахь, иншаАллахӀ

sticker.webp0.00 KB