Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
КХАЙКХАМ
Вайна ма хаара, гӀурбан де, вай шин Ӏиднах цхьа Ӏийда ду, амма марха досту де санна даза деш дац вай иза..
КӀезиг бен дацахьа, хӀораммо шен юртахь лулахо чу кхайкхар хуьлу и, йа урам кеччош шарик оллар хуьлу и, йа салют кхоссар хуьлу и, муьлхачу агӀора, и де вайн деза де дуй хоуьйтуш, довзуьйтуш, билгал деш хила деза вай.
Куьзга бех луш хиларе терра, бех луш ду и дог,
Гай мац луш хиларе терра, мац луш ду и дог,
тӀаккха аша цӀан дойла шайн дегнаш, цу дезачу денахь, Ӏарафат денахь, доӀнаш алсам дарца, тоба дарца,
тӀаккха дуз дойла аша шайн дегнаш, АллахӀе дехарца, Цуьнан бала балха барца..
Ӏарафат де санна деза де дац кху дуьненчохь..☀️
Repost from lадлан Харачо
1️⃣🔠🔠🔠🔠🔠🔠 🔠🔠
☀️Ӏарафат де, дуьненчохь дац хӀара санна деза де!
⏺АллахӀ дуьнен стигал тӀе охьавуссу де.
⏺АллахӀа Шен маликашна хьалха Шен лешха дозалла деш де.
⏺АллахӀа уггаре дукха Шен леш жоьжахатех хьалхабуьту де.
⏺ДоӀанна жоп ло де.
⏺Къиношна гечдо де.
Шена чохь марха кхаьбначунна шина шеран къинош гечдеш де.
⏺Ислам-дин АллахӀа кхочушдина де.
⏺Хьаж даран уггаре беза болх шена чохь кхочушдеш долу де.
⏺Мархийн беттан муьлхха а дийнал деза де.
⏺Лайлатул-къадр буьйсанан дийнал а деза де.
⏺Ӏашураъ дийнал а деза де.
⏺Дуьненчохь массо дийнал а деза де.
☪️ТӀаккха, диц ма делаш шайн доӀанаш АллахӀе далхо, умматан хьал, вайн къоман хьал, вайна тӀера гӀело, сийсазалло, и дерриге дикачу агӀора хийца йиш йолчу АллахӀе хьасталой даггара далхаделаш тахана, герга дара-кх АллахӀа цхьанне мукъане жоп дала, тӀаккха и хьал дикачу агӀо хийцадала!
https://t.me/adlan_haracho
Repost from Дикаден бусалба
Хlай, со хилале суна Ялсамане ехнарг, АЛЛАХ|Е суна гечдар доьхуш вилхинарг, АЛЛАХ|ЕРА салам маршалла хуьлда хьуна!
АЛЛАХ|АН Элчано ﷺ аьлла: "Суна цхьа салават диллинчунна, Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӀера итт гӀалат а дӀадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву."
Сахьихь ал-ЖамиӀ: 6359.
Repost from HADISI.TV
ХӀара вайн беркате, Пайхамаран ﷺ хьадисаш чу хиттош йолу агӀо бусалба нахана дӀайовзитарца дехар дар-кх вай, тахана хӀоранна а аьтто букх дика дерг даржо шен статусе хоттийна а, йа ше цхьа агӀо йалахь цу чу хоттийна а.
Баккъалла а, къемата дийнахьа Пайхамаран ﷺ къамел даржийначарех хир вукх хьо 🫵🏼
♻️https://t.me/hadisi_tv
Шайх абдул-Іазиз ас-Садхьна (Аллах|а Іалашвойла иза) аьлла, lеламнаха боху аьлла:
«Дика даржош волу цхьа стаг, Аллахlана дукхох веза дика волчу эзар стагалла а. Хlунда аьлча, дика даржош волчунца Аллахlа дерриг а уммат лардо, ткъа дика волчо ша цхьаъ ларварах тоам бо».
Хlай Адаман воl! ахь lамаде lилма.
lилма доцург бодане ву, бодане верг дин доцуш ву, дин доцург йалсамане йоцург ву эхартахь.
БӀаьрга лара ца бар бахьан долуш, хуьлуш долу зенаш:
-дог талхар.
-ойла яржар
-ийманан марзо хаьа ца ялар.
-Делах кхераран, Ӏибадатан марзо хаьа ца ялар.
-Ӏилма диц далар.
-иэс талхар.
-хӀума диц далар.
-дог чӀагӀдалар.
-эхарт диц далар.
-дагчохь цхьалла, бода, сингаттам, гӀайгӀа хаьа йалар.
-шайтӀана цхьа неӀ еллар.
БӀаьрг шена хазахетачух буза,
Ткъа хьекъална, шехха кхетариг веза.
Дог шехха хьакхалург дезаш ду,
Ткъа са, шехха терачуьнга гӀерта..
Ахьа ма ала, "Йа АллахӀ, Ӏилма ло ахьа суна"
Ахьа ала, "Йа АллахӀ, пайде долу Ӏилма ло ахьа суна"
Repost from ВАЙН МАЖЛИС
بسم الله الرحمن الرحيم.
Ислам вайн гIап ю, и гIап ларъян вайна герз оьшу, ткъа, уггаре коьрта герз - нийса кхетам бу. Кху хьостан Iалашо и герз гулдар ю, вайн кхетам кхиор болу жайнаш дешарца.
Жайна дешаран некъ:
Билгалдина жайна, хIора дийнахьа 15 мин. Доьшура ду иншаАллахI.
Доьшучу жайнах хаттар кхоллалахь, кху тIе яздер ду : @Vaynmajlis_bot
•Ахьмад.
