Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Repost from Вайн гӀиллакх
ЭхI, велара-кх со ванне а воцуш,
Кху къиношца дуьхьал ца вогIуш…
Йа Рабб, ас хIун де-техьа?
Сан са Iамийна шайтIа даьлла,
Цуьнца тIом латто са кIадделла,
Ма чIогIа даьлла иза цунна тIаьхьа:
Де-буьйса цунна ца къестош,
Ерриге а хIара харцо хестош,
ХIора минотехь къинош марзош,
Сан дахаран гIийла болар сецош,
Лаьтта цо сан дог къинойх дузош.
Ахь ницкъ ца лахь, ду цо сан са къастош
Харцонна юкъахь гIелъеллачу серлонах.
КIезиг адам динах тасаделлачу дийнахь,
Кхин а кIезиг адам цуьнца нисделлачу хенахь
Муха даккха ас иза къинойн хIорданах?
Ткъа иза-м къинойн тIулгIенашца доьду,
Ша и дусаделлачу гатанашца санна.
Ца хууш шен чаккхе, ца хууш ша мичахь оьцу.
ЭхI, валар герга дагIахь сан неIсагIина
Ма йоккха дакъазалла ю-кх суна,
Долуш хи а доцуш бIаьргех,
Я тобанца баккхалуш боцу ког…
Йа Рабби, иштта леш ду-те сан дог?
Кху ирчачу хьолаца яц сан юьхь
Хьуна дуьхьал веъна, цигахь латта.
Адам ишттачу ледарлонашца стенна дуьхьа
Деха теша, хууш хилча хир йоций чаккхе атта?
Шена Ахь кхоош йоцу могашалла,
Рицкъ… – иза дерриге а чоте ца дилла,
Дацара-кх цхьа а адам ца хууш
Дуй массо а хIума барт хоттур долуш.
ЭхI, велара-кх со ванне а воцуш,
Кху къиношца дуьхьал ца вогIуш…
Суна эхь хета, хIай Къинхетамениг,
Ахь беллачу кху сайн кхетамца,
Дохийначу сайн тобанашца,
Кийрарчу ницкъаца ца сацийнарг
Сайн тептарна тIехь хиларна.
Ерриге а хIара джахIлалла евззашехь,
Когаш-м хIетте а лелаш бу цуьнца,
Цхьа къинхетам бан безаш санна шех…
Йа АллахI, велара-кх со геннахь,
ДIо ца бевзачу урамехь,
Генарчу цу Маккахь,
Вевзаш да воцучохь,
Дерриге а сайн дегI цу Хьесап-денна
Сайна атта кечдан атталлина…
Йа Рабби, сица долчу къиношца
Суна-м иэхье хета хIара яздан а,
Я дерриге а маттаца дийца а,
Амма лохьа ницкъ, цIандан
Къинойх бехделла дахар,
Хир доцуш ва эххар…
Йоссаехьа дегайовхо, тешадан
ХIара латтанаш, ва стигланаш,
Воьрзур воций къиношка со леш а…
Лохьа синан ницкъ иза кхочушдан.
Суна муха хетар дацара эхь?
ХIетте а, дика лелош хилча Ахь?
Ца хьоьжуш сан ледарлонашка,
Ца хьоьжуш сан къиношка.
Ткъа тхо-м ца хьоьжу
Кханалерчу кошан цхьалхалле а,
Я таханлерчу къинойн боьхалле а.
«Тхуна-м хIара дуьне бен ца оьшу…»
Хастамениг, нисдехьа бусалбанийн хьал,
ХIиттале уьш хьалха шайна Далла.
Ткъа со? Со цигахь хьаьнца хир-те?
(Ахь-м даккхийчу къинойх со ларви,
Делахь а, кегийрачаьрца айса суо хьулви…)
Йоцучу дикачу Iамалашца декъалвийр-те?..
Ма лаьара-кх дагца а, куьйгашца а
ХIара дуьне тIе ца лаца,
Ткъа со-м парггIат веха,
Кхоьллича санна дуьне леха.
ХIора дийнахь бусалбанаш хIаллакбешшехь,
Ткъа тхо-м дац де а дуьтуш я деш,
Цкъа йиънарг шозлагIа ца юуш,
КIеданиг бен мотт ца бевзаш,
Ду тхо кху хенахь иштта дIадехаш,
Харцо бакъонах къасто тай а ца дисинчу,
ХIара дин кху дегнех херделлачу,
Дуьне бен ца гучу заманахь, Iамалш
Еш къахьоьгуш доцуш, иштта дIаIаш…
Дерриге а латтанаш дегадарх,
Массо а хIордано иза хьулдарх,
Бух боцучу уьш шаьш а чуэгарх,
И лекха ва стигланаш тIеэгарх,
Тховса ца го бутт хьулбина битарх,
Кханалера малх нийса ца гIаттарх,
Цхьа а зил бехке и хир доцуш,
Шайн сий цкъа а ца хилча санна,
Бехаш бу бусалбанаш, бакъдерг ца олуш,
Де-дийне мел долу херлуш шарIана,
Керстанах кхин тарбала меттиг йоцуш,
Шайн Iалашо хIун ю ца хууш…
Ткъа и санна дерш мел дукха а ду?..
Йа Рабб, цара сан кийра Iаткъийна,
Моьттур ду и дерриге а суна кхочу…
Амма, чIогIа гечде Ахь сан къина,
Кху хьолана со тапъаьлла хиларна,
Бехке а ма де Ахь, ас иштта яздарна,
Амма ваккха Ахь со, хьесапе кхайкхича,
Хир долчу цу дийнахь ша хила ма-дезза,
«Сан лай вацара царна даг чохь реза,
Вига иза дикане, Сан лайшна кийчча
Йолчу Сан исбаьхьчу Ялсамане, еза
Йолчу Фирдавс чу, даима вовше безаш
Хир болчу Сан лайшна юккъе!», – аларца.
Суна хаьа, иза со хьакъ воцург ду,
Делахь а, иштта сатийсам соьца хир бу,
Хир бу гуттар а, хедар а боцуш, со валарца а...
Габаев Мурат, «Велара-кх со геннахь…».
https://t.me/vayn_glillakh
«Массо хIума кхочушхилла даьлча, долало эша,
Цундела дикачу дахарх адам Iеха ма лойла.
И белхаш, суна ма-гарра, хийцалуш ду-кх.
Цхьана хено шена там биначунна кхечу хенаша цатам бийр бу.
Яц-кх хIара хIусам, цхьа а дийна вуьтуш
Я цхьана хьолехь шен болх лаьтташ».
©Абу аль-Баккхаъ Рандий
«Массо хIума кхочушхилла даьлча, долало эша,
Цундела дикачу дахарх адам Iеха ма лойла.
И белхаш, суна ма-гарра, хийцалуш ду-кх.
Цхьана хено шена там биначунна кхечу хенаша цатам бийр бу.
Яц-кх хIара хIусам, цхьа а дийна вуьтуш
Я цхьана хьолехь шен болх лаьтташ».
©Абу аль-Баккхаъ Рандий
Къонах кӀант бен кхио ца веза мотта ца деза вайна.
Къонахчуьнан амал йолуш йоӀ кхиор кхин а дика тӀаьхьало йолуш ма ду!
ХӀунда аьлча, цу йоӀа шен тӀаьхье а кхиор ю иштта. Цу тӀаьхьено шен тӀаьхье а кхиор ю иштта. Ткъа доьзал кхиорна тӀехь уггаре коьрта дакъа лоцуш ерг НАНА ю!
ХӀора йоӀ цкъа мацца а нана хила езаш ю АллахӀан лаамца!
https://t.me/vayn_glillakh
«Ирс ма дац Аллахӏаца йолу шен зӀе нисйиначуьнан бен, АллахӀан динца шен дахар нисдиначуьнан бен!»
Хьуна ахьа лелочун стоьмаш эхартахь гура ду хьуна, эхартахь кхоллура бу ахьа и стом, тӀаккха хуура ду хьуна, мерза бу и, йа къаьхьа бу...
Мерза хилийта ахьа лелочу бахьаншех уггаре хьалхарниг, коьртаниг, иза деккъа цӀена АллахӀан дуьхьа хилийтар айхьа деш долу Ӏибадат, цул тӀаьхьа АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма дарра, цо де аьлла омар ма дарра и дар, тӀаккха хьан стом мерза хира бу, ткъа и бохург, хьан верзар Йалсамане хира ю!
Хенаца, йа кхин муьлхха хӀумаца беркат дӀадалар - уггаре хьалха къинойн бала бу, къинош летийча хуьлуш дерг ду, цу къинош бохьуш болу бала а бу!
Хенац беркат хуьлуш дацахь - Къуръан дешар сов даккха, Къуръанац долу гергарло чӀагӀ де!
Салафшах цхьама деш хиллакх: хенац шен беркат ца хилича, хӀора денахь доьшуш долу Къуръанан вирдан, масала хӀора денахь цхьа джуз, йа ши джуз доьшуш цо хиллехь, и барам сов боккхуш хилла цо, доьшуш долу Къуръан алсам доьшуш хилла.
Вай хьекъалац дуьстича, хан ца тоьучо, хӀора денахь пхи джуз доьшуш далахь, диъ джуз тӀе вахьадоккхах, ткъа кхузахь хьала доккху, сов доккху.
Пхи джуз дешча суна хан ца тоьъ оле, йалх джуз доьшакх цо, ткъа вай хӀун до, суна пхи джуз деша хан ца тоьъ але, диъ джуз доьша вай, иза вай кхетам ца хиларах доьзна ду.
И хан хьуна тоа, хьуна цигахь оьшуш дерг сахьташ дукха хилар дац, хьуна цигахь оьшуш дерг беркат хилар ду!
Ткъа и беркат, хьан Къуръанац долу гергарло сов мел долу, хенац хуьлуш долу беркат сов долу,
Ткъа цу Къуръанац долу гергарло лах мел ло, хенац хуьлуш долу беркат лах ло!
https://youtu.be/9c3EmaMINUg?si=azuymksPpnDnWE7-
АллахӀа пурба лойла оц цамгаран сан дегӀах дӀакъаста!
Могшалле омар дойла АллахӀа, хьалха санна шай меттиг дӀалаца, хьалха санна сан дегӀах хьарча..
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Хаттар: Ахь элира-кх, цхьаммо: «Я АллахӀ, сан Шайхин сакхташ сох хьулде Ахь», - аьлла, доӀа динера аьлла. ТӀаккха иштта доӀа шен дений-нанний дан мегий?
Жоп: Мега дера. Мелхо а, хьан уггар хьалхара долу ши Шайх ду-кх и шиъ!
